Цкъа хьалха Делимханов Адам цхьана къайленечу „Братский круг“ цIе йолчу мафин тобанца воьзна хиларна бехке веш ву Цхьаьнатоьхначу Штаташа аьлла хаам баьржича, массо а цецваьллера, и хIун тоба ю теша, юьйцу а хезна йоцу, аьлла. ДIаладоьгIча, Iамеркахоша
The Brothers’ Circle я „Братский круг“ шех олуш ерг оьрсийн маттахь „Братва“ аьлла цIе яьржина йолу кегийчу а, баккхийчу а зуламхойн, жоьлгий цхьаьнакхетаралла хилла.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин сайта тIехь бинчу хаамаца, Делимханов Адамна дуьхьал Вашингтоно санкцеш юккъеяхар иза цу „Братван“ куьйгалхошна санехь болх беш хилар бахьана долуш ду. „Тахана финансийн министралло билгалвоккху Делимханов Адам Султанович, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат волу, иза „ Brothers’ Circle“ цхьаьнакхетараллин уггаре а мехалчарех декъашхочун Рахимов ГIафурана санехь я цуьнан дехарца лелаш хиларна“, - аьлла яздина ду цу министраллин сайта тIехь.
Ткъа ша и Рахимов ГIафур 2012-чу шарахь дуьйна Iамеркерчу Iедалхойн „Iаьржачу могIаршлахь“ ларалуш хилла, цуьнан мафица йолу зIенаш бахьана долуш.
Иштта финасийн министраллин интернет-агIонна тIехь билгалдоккхуш ду, „Братва“ цIе йолу тоба тайп-тайпанчу къаьмнийн векалех лаьтташ хилар а, Евразерачу пачхьалкхашкарчу мафин тобанийн куьйгалхой цу юккъехь хилар а, ткъа иштта мацах Советийн республикаш хиллачу мехкашкахь цуьнан базанаш хилла ца Iаш, иштта Европехь а, Гергарчу Малхбалехь а, Африкехь а, Латина-Iамеркехь а иза жигара хилар.
Хьукматхоша чIагIдарехь, Делимханов Адамна дуьхьал санкеш яхарца хIинца „Братва“ мафин 23 декъашхочунна а, цу тобанца йоьзначу ялх цхьаьнакхетараллийна а дуьхьал гIуданаш даьхна Цхьаьнатоьхначу Штаташа.
Делимхановна дуьхьал санкцеш йохучу дийнахь Вашингтоно иштта цхьа могIа кхечу доллучу дуьнентIехь а гIараяьллачу мафин тобанийн декъашхошна дуьхьал а яьхна иштта бехкамий гIулчаш. Масала, Италерачу „Каморра“ мафин ворхI декъашочунна хIинцачул тIаьхьа, Делимхановн санна, дихкина хир ду Цхьаьнатоьхначу Штаташка вахар-вар, ткъа церан чоташна тIера ахчанаш, нагахь санна церан уьш цигахь делахь, гIорор ду, церан схьаэца йиш йоцуш.
Иштта ю Японерчу „Якудзина“ декъашхошна а, кхин а масех кхечу кегийрохчу зуламхойн тобанийн декъашхошна дуьхал яхна гIулчаш а. Цундела, мафиозин романтиках йолу кинош хазахеташ болчара я Марио Пьюзон киншкаш, ала тарло, Делимханов ледарчу компанехь ца нисвелла аьлла.
Амма кинойн я киншкийн хаздина дийцарш а дитина, бакъдолу дахар схьаэцча, Оьрсийчоьнан уггаре а таронечу нахах цхьаъ ларалуш волчу Делимхановна жима хIума дац санкцийн могIаршлахь нисвалар. 20II -чу шарахь „Финанс“ журнало хIоттийначу оьрсийн миллиардерийн чотехь 3I3-чу меттехь хилла волчу Делимхановн таро цу хенахь 300 миллион доллар я 9 миллиард сов сом леринера.
Цундела, цецволийла хир дацара, цуо шен рицкъанех цхьа дакъа, дукхаъчу оьрсийн лакхарчу хьукматхоша а, политикаша а деш ма-хиллара, Цхьанатоьхначу Штаташкарчу банкашкахь я бизнесан активашкахь латтош хилча. Иза иштта ду я дац бохург талла аьтто бац, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочуо Кадыров Рамзанс Iамеркахоша Делимхановн дуьхьал йинчу санкцешна оьгIазе комментарий яро гойту, и хIума царна мелла а лазаме хиллийла.
Делимхановн цIе Iамеркахоша гIуда динчарна юккъехь ю боху коста даржа а кхиале шен „Инстаграмерчу“ агIонна тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочуо яздинера, шен гергара накъост цхьа а бух боцуш бехке веш ву аьлла. „Делимханов гIарваьлла оьрсийн политик ву, Ахьмад-Хьажа Кадыровн командехь а волуш, дуьненаюкъарчу терроризмаца а, ваххабизмаца а къийсам латтош волу.
И хир ду Цхьанатоьхначу Штатийн куьйгалхошна ца дезаделларг“, - аьлла яздинера цуо. Цул совнаха, вуно кIоргера дуьненаюкъара политика шена йовзар гойтуш цуо кхин дIа йолчу шен комментарехь билгалдаьккхира, „нагахь санна низам а, дуьненаюкъара нормаш а йохочарна дуьхьал санкцеш йохуш елахь, тIаккха уьш уггаре а хьалха Либи а, Иракъ а, ОвхIан-мохк а бохийначарна дуьхьал яха еза, къорза революцеш ечарна дуьхьал яха а еза.
Иштта кхеле бала беза цу пачхьалкхашкахь бIеннаш эзарнаш нах байарна бехке берш а, Белградна тIе бомбеш йиттинарш а, тIалибашца тIом бо аьлла ОвхIанехь цкъа хьалха тIом а баьккхина, ткъа хIинца цаьрца дагадовларш дIахьош берш а“, - аьлла. Цул совнаха, Украинехь трагеди кхолларна а бехке йира Кадыровс Цхьанатоьхна Штаташ. Ткъа и дерриге а дагардинчул тIаьхьа шен къамел цуо дерзийра: „Ма-дарра аьлча, цу санкцех долчу хабарийн цхьа а мах бац-кх. Царех я шело а ца йогIу, я йовхо а. Оьрсийчоь – иза сийлахь йоккха пачхьалкхе ю, и тайпа хIумнаш дехкийн цIиз-бизал башха тергал дан а ца дезаш йолу“ бохучу дешнашца.
Шена бен-башха а дац Iамеркхоша санкцеш яр бохучуна деха къамел лерина волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочуо иштта карладаьккхира, кхо шо хьалха Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь шен говран бакъонаш хьешна хилар. ХIетахь Кадыровн цIенчу хIух болу дин говрашхахкархойн къовсамна юккъе ца битинера Iамеркан Пачхьалкхан департаменто, цу динан да адамийн бакъонашларйархоша нахана таIзарш дарна а, нах байарна а бехке веш ву аьлла.
Нах байарна бехке веш, ала дашна, Делимханов Адам а вара цхьана хенахь. Даима а цIенчу дашух йинчу тапчийца лелаш ву бохуш вуьйцуш волу иза 2009-чу шарахь Дубайхь цхьа кхин Оьрсийчоьнан турпалхо - Ямадаев Сулим верна бехке а вина, дуьненаюкъарчу лехамашка виллинера Интерполо. Бакъду, 2011-чу шарахь ЯмадаевгIеран доьзало шайн цуьнца цхьа а дов дац аьллачул тIаьхьа иза цу лехамашкара дIаваьккхира.