Ведан кIоштарчу МахкатIехь лаьтташ ю ширачу заманахь хиллачерах тарйина вайнехан тIеман бIов. Иза йоьгIна 4 шо хьалха, нохчийн вевзаш волу яздархо Нунуев Сайд-Хьамзат хьалха а ваьлла. Оцу гIишлонна цо тиллина Горчханов Тамерланан цIе.
Горчханов Тамерлан ГIалгIайчоьнан могашаллин министр вара 1994-чу шарахь ГIура-баттахь Оьрсийоьнан тIеман ницкъаш тIом эцна Нохчийчу богIуш.
ГIура-беттан 11-чу дийнахь Соьлж-ГIала дIалаца Iалашо йолуш йогIу тIеман ковра сацийра цо, шен машен некъа тIехь пурх а тесна. Машен чура ара а ваьлла, къамел дира Горчхановс, оьрсийн эпсаршка а, салтташка а адамалла а, хьекъал хилар а гайтий маьрша бахархошца тIом бан ма гIахьара бохуш.
Амма цунна делла жоп дацара цхьа а адамалла долуш. Горчханов машен а хьашна, дIайолаелира тIеман ковр, ткъа салташа къиза йиттинчу тIаьхьа велира иза.
Соьлж-ГIалахь оцу деношкахь хиллера Горчханов Тимирланан гергарнаш а. Цуьнан йоIа Горчханова Тамарина иштта дагадогIу хилларг.
Горчханова: «Тхо цу дийнахь Соьлж-ГIалахь дара. Сарахь хиира тхуна хилларг, телехьожийлехь иза аьлча. Бохам Iуьйранна хиллера. Оццу дийнахь дIавоьллина хиллера иза. Цу заманахь мобилан телефонаш яцара. Аушев Русланан гергарчу нахаца зIене девлча, хилларг хиира".
Оццу дийнахь Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша бомбанаш йиттира гIалгIайн ярташка, Барсуки эвлара 4 стаг а вуьйш. Тахана интернетехь дуккха а видео тоьшаллаш ду Нохчийчохь хьалхара тIом болалуш Оьрсийчоьнан эскаршна духьал бевлла хиларан эзарнаш гIалгIай.
Тахана МахкатIера бIов симбол а хилла дIахIоьттина нохчийн а, гIалгIайн вежараллан боху "Нохчийн историн юкъаралла" юкъаралхойн тобан куьйгалхочо, «Кунаки» клубан президенто Успанов Юнис.
Успанов: "Соьга хаьттича, Дала сий дойла Тамерлана а, бакъдерг аьлча, цо динарг доккха гIуллакх ду. Дуьххьара дIа вайн гIалгIайн вежаршна вайн нохчийн гIиллакхаш гайтар ду иза. Вайна иза вицвелла ца хилар а, вай цуьнан сий даррий, вай цуьнан ларам барий ду иза.
МахкатIерчу нохчийн яздархочо Нунуев Сайд-Хьамзата и бIов йилларх льацна а дийцира Успановс.
Успанов: "МахкатIехь цуьнан шен музей ю. ТIаккха, шен аьтто баьлча кхи а комплекс ян волавеллера иза, бIов а еш, библиотека а, музей а еш. Цуьнан латта дара цигахь. Тамерлан массерна а дагахь ма вуй вайна. Нохчашна цо динарг диц ца дайта, цо (Нунуевс) дагалаьцнера иза, иштта накъосташка а аьллера цо и бIов цуьнан цIарах юьллур ю ша аьлла".
Тамерланан бIовн лакхалла ю 22 метр. Бух бу цуьнан 7 метр шуьйра. БIовн 7-чу гIаттатIехь бIаьрг туху майда ю. Йисина 6 гIат дIалаьцна хир ю вайнехан историн тайп-тайпачу хенашна хьажийна экспозици аьлла дагалаьцнера иза йиллинчу наха.
Товбеца-беттан 1-чу дийнахь МахкатIехь схьайоьллуш ю Горчханов Тамерланан цIарах мемориалан комплекс. Успанов Юни.
Успанов: Iедал мероприяти яц иза. Кху деношкахь Iедалан белхахой а кхойкхур бу ас, (кхойкхур ву) массо а Кавказерчу регионера, вистхила лууш верг. Кху Россияхь тIом ца балийта, дагахь латто и къонахий. Цундела иштта вовшахкхеташ ду-кх... Адамаш ду-кх цхьаьнакхеташ дерш".