ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс баьхнарг кхочуш хилла?


Украина -- Мосийчук Игор чевнаш хилла, ву Киевехь эккхийтар а дина. 25ГIад2017
Украина -- Мосийчук Игор чевнаш хилла, ву Киевехь эккхийтар а дина. 25ГIад2017

Мосийчук: "Рамзан, ахь хьайн жIаьлеш хьажийна тхан махка. Оха кхузахь бойур бу уьш, тIаккха хьуна тIаьхьадогIур ду тхо. Хьуна тIаьхьадогIур ду тхо Соьлж-ГIала".

ХIара майра къамел деш верг ву Радикалан партин цIарх Украинин Лаккхарчу Радан депутат волу Мосийчук Игорь. Шен лерринчу видеона тIехь къамел дерзош Кадыровн суртана топ туху Мосийчука.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга цу тайпа кIоршаме къамел дан ваьхьна вацара цхьа а политик. Ур-аттал Кадыровна кхерамаш туьйсучу цуьнан махкахоша а литтара шаьш деш дуьйцург, дукха тIех ца бовла гIерташ.

Цундела Мосийчука лелочух цецбевлла бара цо яьккхинчу видеона кIеллахь комментареш юьтуш болу нах. Кхана Iуьйранна Соьлж-ГIалахь Нохчийчуьра хьовха, берриг а кху дуьнентIера бахархой кIинтIера бохуш, ша галваьллера бохуш, дехарш деш гур ву вайна иза бохучух тешна бара царах дукхахберш.

Изза ойла йолуш вара Кадыров Рамзан а. Мосийчука дийцинчух лаьцна "Россия1" телеканалана интервью луш, шена хетарг иштта элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кадыров: "Суна хетарехь, мелла ву иза. Хьакхо мелла, хьакха санна лелаш ю хьакха. Метта вогIур ву, кIинтера довлар доьхур ду цо. Я бехказвала гIертар ву иза, я оха догIуш долу таIзар дийр ду цунна. Тхо гал ца довлу, оха дукха нийса туху герз, иза мича тоха деза а, маца тоха деза а хууш".

Мосийчукца дерг къасто шайн сихха карх ца далахь иза Украинехь "шаьш" вуьйр ву элира Кадыровс.

Кадыров: "Шайна а кIордийначух тера ду иза царна, цундела иза дIаваккха лууш бу уьш, иза Кадыровс, я кхечу, я кхолагIчо дина ала. Цундела цара иза дукха хан ялале вуьйр ву".

Амма оьгIазвахар дукха чIогIа хиларна, ца Iийр Кадыров шен ойла ца йовзуьйтуш.

Кадыров: "Башхалла а дац иза миччахь велахь а - Европехь а, Iамеркехь а. Цу тайпа шайтIанашна таIзар дан тхан зеделларг долуш ду".

Карарчу хенахь Мосийчук Игорь дарбанан хIусамехь Iуьллуш ву. Еаринбуса "Эспрессо" телеканалан гIишлон чуьра араволуш, эккхийтар а дина, чевнаш хилла ву иза. Украинин зорбанан гIирсаша дийцарехь, бомба хилла гена йоцуш дIахIоттийначу мотоциклна тIе йиллина.

Полицино бинчу хаамца, и эккхийтар бахьана долуш эшам хилла ву виъ стаг. Царах цхьаъ велла. Цу нехан цIераш юьйцуш яц.

Мосийчук Украинин Лаккхарчу Радан депутат ву 2014-чу шарахь дуьйна. «Азов» батальонан декъашхо а волуш, цо дакъалецира Донбассехь хиллачу тIемашкахь. 2015-чу шарахь, Лаккхарчу Радо пурба а делла, депутат Мосийчук лецира, коррупци лелорна бехке а вина. Амма тIаьхьо иза дIахийцира.

Ткъа хIинца, бомба а эккхийтина, иза Iуьллуш волуш зорбанан гIирсаша яздо, цунна тIелатар де аьлла омра динарг Кадыров хила мега бохуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо цкъачунна цу хьокъехь цхьа а комментари йина яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG