ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вайфондан" куьйгалхочун гергарнаш лачкъийна бигина Нохчийчохь


Садулаев Мансур
Садулаев Мансур

Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино дIахьедо, шайн куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш Нохчийчохь лечкъийна хиларх. "Вайфондан" информацица, Нохчийчохь лецна Садулаевн уллора гергарнаш: Хасанов Хьасан, Хасанов Хьусейн, Хасиев ИбрахIим. Организацин фейсбукехь бина цунах лаьцна хаам. Карарчу хенахь хууш дац уьш латтош болчу меттигах.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан политикана критика ечарех ву Садулаев Мансур. Цо урхалла дечу "Вайфонд" ассоциацино гIо до Европан мехкашкахь бехачу нохчийн мухIажаршна.

  • Хьалхо яздора Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос хаамбарх. Цо дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.
  • Германехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Мализаев Минкаила а видео дIаязйина, Нохчийчохь бисина шен гергара нах лачкъийна бигина, царна тIехь гIело латтайо, уьш хьийзош бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG