ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу совдегаро хIоллам хIоттийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина


Зазадоккху-беттан 29-чу дийнахь Дагестанехь ХIинжа-гIалин йистехь Iуьллучу Керла Хушет эвлахь обелиск схьайиллира Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллачу Кадыров Ахьмад-хьажина, яздо Кавказ.Реалии сайто.

Цу церемонехь дакъалоцуш вара Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Сайтиев Бувайсар а, ткъа иштта Дагестанан а, Нохчийчоьнан а Iедалийн векалш а.

Обелиск схьаеллале хIун юкъаметтигаш хилла Кадыров Ахьмад-хьаьжин а, Керла Хушет эвлан а бохучун тIаьхьакхиа хьаьжира ХIинжа-гIаларчу администрацехь Кавказ.Реалиин корреспондент.

Гучудаьлларг ду Керлачу Хушетера обелиск ши шо хьалха йина хилар. Амма иза официалан кепара схьайиллина ца хилла.

Обелиск ян дагадеанарг ву Цумадан кIоштара совдегар Асхабов Сайгид. Кадыровн мемориалана уллехула чекхболуш бу аьчка некъ, циггахь лаьтташ ю Асхабовн долахь йолу месаш тойойту салон (аьчка бутка). Ткъа иза (аьчка бутка) ю аьчкан некъан гонах долчу федералан бахам лоручу латтанна тIехь йина.

Дагестанера бахархой кхеташ бац бизнесхочо обелиск хIотто хаьржинарг Кадыров Ахьмад-хьаьжа хIунда ву, Дагестанера турпалхойх цхьаъ ца хоржуш, масала, имам Шемил, я шолагIчу Дуьненан тIамехь хьуьнарш гайтина Абакаров Кади, яздо Кавказ.Реалии сайто.

И хаттар делира журналисто шега Асхабовга.

Обелиск хIотто Кадыров Ахьмад-хьаьжа харжаран бахьана дуьйцуш, бизнесхочо боху, шен «нохчий вежаршца йолу юкъаметтигаш дика ю". Нохчийн къоман хиллачу лидерна мемориал а хIоттийна Кадыров Рамзанна гайта лууш вара ша боху цо Дагестанехь нах хилар, цуьнан да а, нохчий а лоруш болу.

«Вай Шемилан тIаьхьенех ма ду, мел дукха адам деана ХIинжа-гIала хIара мемориал бахьана долуш», - боху Асхабовс.

Шена вевзаш вацара Кадыров Ахьмад-хьаьжа, амма шена дика дагадогIу 90-гIа шераш, "иза а, Дагестанера муфтий Абубакаров Сайидмухьаммад-хьаьжа а ваххабизмаца а, экстремизмаца а къийсам латтош хилла", - боху обелискан дас.

-Ткъа хIун бахьана ду, ахь обелиск билггал кхузахь хIотторан? - хоьтту журналисто.

- Цкъа делахь, со а ву Хушетера. ШолагIа делахь, кхузахь сан салон ю, ткъа обелиск лаьттачу территорина Iуналла дан деза. КхолагIа делахь, кхузахь некъаш галморзаха довлуш ду. Вуно дукха транспорт ю кхузехула чекхйолуш, шайна юкъахь Нохчийчуьра машенаш а йолуш.

Обелиск йина ши шо а ду, амма иза хилар хIинцца бен ца хиина нахана. Цунна дала жоп а ду бизнесхочуьнан Асхабовн. Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Нохчийн парламентан де даздеш Кадыровга цхьаммо дийцина хилла Керла Хушетехь мемориал хиларх лаьцна, - боху цо.

Кадыровн дена хIоллам хIоттош ша мел ахча дайина ца хаьа цунна. "Ша дагар а ца дина иза", - чIагIдо бизнесхочо.

Цо дийцарехь, цкъа дуьххьара мемориал кхолла волавелла хилла иза ша. Цул тIаьхьа цу гIуллакхехь дакъалаца волавелла Дагестанан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан, ткъа цу тIаьхьа меттигера бахархоша гIо дина цунна.

Къаьсттина шена гIо динарг яра ХIинжа-гIалан "Горзеленхоз", боху Асхабовс. Цигарчу белхахоша гIо дина месаш тоечу салонан долахочун обелискана гонаха дитташ дуьйш.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикан президент вара 2003-чу а, 2004-чу а шерашкахь. Иза вийра 2004-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь, эккхийтар а дина. ХIинжа-гIалахь а, Гунибан кIоштарчу Чох эвлахь а урамаш ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе лелош, дагадоуьйту Кавказ.Реалии сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG