ТIемалой хила мега бохучу нехан гергарнаш цIабирзина ТIехьа-МартантIехь, амма цкъачунна арабовла ца хIуьтту уьш, хаам бо "Кавказский Узел" сайто, меттигерчу бахархошна тIе а тевжаш.
Лулахоша дийцарехь, махкахбевлла лелла и нах хене бовла аьттонаш боцуш бисина бу. Царна луш дац пенсеш а, пособеш а. Аьтто бац церан болх карон а.
Хууш ма хиллара, 2016-чу шарахь ГIура-беттан 17-чу дийнахь полисхошна масийтта тIелатар динера тIемалой бу бохучу наха Соьлж-ГIалахь. Цул тIаьхьа никъаллин структураш дIаяьхьира шуьйра тIеман операци. Цара вийра 7 стаг, 4 лаьцнера.
Оцу деношкахь махкахваьлларг вара 72 стаг, яздо "Кавказский Узел" сайто.