ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрера арабаха мегачу нохчийн мухIажирашна гIо дан гIерта „Виндекс“


„Виндекс“ юкъараллин цхьаьнакхетараллан векал Фалбуш Ева яра суьре кечйинарг.
„Виндекс“ юкъараллин цхьаьнакхетараллан векал Фалбуш Ева яра суьре кечйинарг.

„Нохчашна хIинца а тховкIело оьший? ХIун деш бу уьш хIинца а кхузахь?“ – иштта тиллинера Австрехь нохчашна Оьрсийчу депортацеш яр дийцаре дечу суьйренна. Брегенц гIалахь нохчийн а, кхечу къаьмнийн а мухIажаршца болх бечу „Виндекс“ юкъараллин цхьаьнакхетараллан векло Фалбуш Евас вовшахтоьхнера иза.

Дорнбирнерчу културан кхерчахь гулбеллера меттигера юкъараллин жигархой а, регионал тIегIанера политикаш а, журналисташ а.

Евзаш йолу австрихойн журналист а, яздархо а Шолль Сюзанне яра цхьаьнакхетаре кхайкхина. Иза дуккхаъчу шерашкахь Оьрсийчохь болх бина ю. Нохчийчохь а хилла Шолль хийлаза. Цигахь Хьалха-МартантIахь цкъа лаца а лаьцнера иза. Нохчийчурчу хьолах лаьцна а, нохчийн зударех лаьцна а масех киншка а язйина цо.

Шолльс дийцира, тIаьхьарчу беттанашкахь шена бевзачу нохчех масийтана Австрера Оьрсийчу депортаци йина аьлла. И нах дика интеграци а йина, шера немцойн мотт а хууш, низамаш лардеш а болуш нах бара элира цо. Ткъа уьш махкара арабахар пачхьалкхан хьукматийн гIалат хилла ца Iаш, цу нахана дуьхьал деш зулам ду, элира Шолльс.

Масалина цо валийра суьйре дIахьочу Форарлберг лаьттахь пхиъ шарахь ваьхна волу Сугаипов Юнади. Каратехь шозза Австрин чемпион ваьлла волу и жимстаг махкал араваьккхира Iедало Дечкен-баттахь.

Цхьаьнакхетарехь дакъалаца кхайкхина вара Страсбургехь вехаш волу адамийн бакъонашларъярхо Ибрагимов Сайд-Эмин. Оьрсийчоьнан куьйгалло Нохчийчохь дина тIеман зуламаш талларан гIуллакх схьаделлийта документаш ХIаагехь Дуьненаюкъарчу кхеле дIакховдийра Ибрагимовс. Цо гулбеллачаьрга дийцира, Европехь нохчашна тховкIело оьшуш хиларан бахьанех.

Дуккхаъчу шерашкахь Европарламентана хьалха а, Европин Кхеташонна хьалха а дуьхьалонан акцеш дIакхоьхьучу Ибрагимовс билгалдаьккхира, нохчийн мухIажаршна депортаци ечу Малхбузерчу пачхьалкхаша низамаш хьоьшу, аьлла: „Кхузара цхьацца политикаш а, журналисташ а вовшахкхеттера нохчийн мухIажарийн хьал дийца.

Царна депортаци ян мегар ду, царна Оьрсийчохь цхьа а зе-зулам хир дац аьлла арабохуш бу нохчий цхьаццайолчу пачхьалкхаша. Иза харц хиларх тешна ву со. Европин Кхеташонехь а, Европарламентехь а цунах дерг дийца Iалашо ю сан. Цундела кхузара хьал муха ду хьожуш, толлуш ву со“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG