Ишттаниг хилла дацара лаххара а тIаьхьарчу 200 шарахь. Кавказан тIом болабелчхьана, миччахь а хилла, Оьрсийчоьнан эскарш лаьташ хуьлура Нохчийчоьнан территори тIехь.
Амма 1992-чу шарахь, Мангал-беттан 7-чу дийнахь, республика самаелира махкахь цхьа а оьрсийн салти а, эпсар а воцуш. Ша йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийначу Нохчийчура тIеххьара араяьлларг яра Соьлж-ГIалан гарнизон.
Цу деношкахь Оьрсийчуьрчу политикаша а, журналисташа а яздора Оьрсийчоьно шен исторехь дуьххьара «шен эскарш шен территори тIера арадаьхна, меттигерчу Iедалша Iаткъам а бина» бохуш.
1992-чу шеран бIаьста а, аьхкан юххьехь а Къилбаседа Кавказан тIеман гонан буьйранчаш латкъамаш беш бара Москох, Соьлж-ГIаларчу Iедалша, бакъо а йоцуш, талламаш беш бу шайн эпсарш бехачу хIусамашкахь, царна магош дац тIеман дакъойн кертара арабовла бохуш.
Цундела, иза тидаме а эцна, Оьрсийчоьнан тIеман министралло сацам бира Соьлж-ГIалан гарнизон Нохчийчура араяккха.
И хаам беш тIеман министро Грачев Павела кхерам тесира ша эскарш хьовсор ду оьрсашна вас йинчу муьлххачу а меттиге аьлла.
Грачевс аьлларг цатайначу нохчийн армин а, кхерамазаллин структурийн а куьйгалхоша а сацам бира, «республикера сихонца арадаха дезаш ду кхечу пачхьалкхийн деррига а эскарш» аьлла.
Кхин а цхьа де даьлча нохчийн президенто Дудаев ЖовхIара хаам бира Оьрсийчоьнан эскарш арадахарца йоьзна операци вуно дика дIайирзина аьлла. Соьлж-ГIалахь тIеман техника гучуялахь цу гIуллакхо кхерор бу маьрша бахархой аьлла, эскархой махкара дIабигира автобусашца, тIеман техника республикехь а юьтуш.
Оьрсийчоьнан эскархоша шьаш дIабоьлхуш дерриг а дира тIеман техника а, хIоъ-молха а, тIеман гIирс а хIаллакбан. Цара гIум тосуш хIаллакйира гIагIадиллина техникан мотораш. Ягийра, схьа а йохуш, БТР-йн а, машенийн а чIургаш, этира тIеман техникан куьзганаш а, кораш а.
Оьрсийчоьнан буьйранчаш омра а делла, хIаллакдинера машенийн даьтта, дагийнера кхачанан сурсаташ, эскархойн барзакъ. Цул сов, казармашкахь дохийнера маьнганаш а, чиркхаш а, кхин дерг а.
ТIеман дакъойн керташкахь дисина герз, Нохчийчоьнан Iедалшна ма моьтту, дукха а ца хиллера. Иза доьхкина бохуш эладиттинаш дара цу хенахь Нохичйчохь лелаш.
Цхьаболчарна дагадогIуш хир ду бахархоша тIелетарш а деш, герз латтон меттигашкара иза лечкъош деана денош. И адам карзахдалар юхатоха Дудаевс хьажийра нохчийн гвардин тобанаш.
«Коммерсант» газето цу деношкахь бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан тIеман дакъош арадахаран операцина куьйгалла деш хиллачу президенто Дудаевс элира, Оьрсийчоьнан арми республикехь ларъян гIерташ 28 стаг вийна а, лазийна а ву нохчашна юкъахь аьлла.
25 шо хьалха Оьрсийчоьнан эскаран дерриг дакъош арадевлира Нохчийчура. Цу хенахь моттара уьш кхин цкъа а юхадогIур дац. Амма ши шо ах шо даьлча Нохчийчоьнан аренаш охкуш яра тIамца цуьнан территори тIе йоьвлла танканаш.