ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху кIирнахь Къилбаседа Кавказаца боьзна хилла бIаьрла хиламаш


Къилбаседа Кавказан карта
Къилбаседа Кавказан карта

Хара кIира долалуш Москох инаугураци хилира Путин Владимиран. Кхун хиламехь вайна хаа лууш дерг ду, муха тIеIаткъам бийра бу вайнехан дахарна Путин кхоазлагIа а Кремле юхаверзаро, бохург. Вуьшта аьлча, хийцалур-м яц те керлачу президентан Къилбаседа Кавказехь, ша аьлча, Нохчийчохь дIахьуш йолу политика.


Хууш ма-хиллара, Путин Владимир, шеко а йоцуш, тIехIоьттина ву Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цо тидам а ца беш дуьту цу республикехь адамийн бакъонаш къоршаме йохош ю бохучу наха дохуш долу орца.

Цундела кхеташ дара Кадыровн а, цуьнан накъостийн а даггара хазахетар Путин Владимир юха а 6 шаранна Оьрсийчоьнан президентан гIаьнта охьахиича. Кадыров Рамзан сатесна ву кхин дIа а республикана оьшуш долу рицкъ Москохара догIург хиларх, аьлла, хеташ ю, Кавказера хьал шен тидамехь латтош йолу, Британера аналист Фуллер Элизабет.

Фуллер Элизабет: Шена Москохара дотациш хиларга сатийсина ца Iаш, Рамзанан сатуьйсийла ю шен Iедалан ницкъ Нохчийчоьнан дозаналла а арабаларе. Массаьрна а хууш ду, цуьнан ницкъ лелаш хилар кхин йолчу Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь, царна иза лаахь а, ца лаахь а.

Кху тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан зорбан гIирсашкахь хьехош дара 2009-чу шарахь Медведевс, Къилбаседа Кавказан федералан го а къоьллина, Къилба федералан го бекъар юхадаккха мегаш ду, бохуш.

Амма нагахь Къилбаседа Кавказан федералан го ша-мабарра бисахь а, Кадыров Рамзана дIалаца мегаш ю Медведевс хIоттийна волчу Хлопонин Александран меттиг.

Кху къирнах Дагестанера «Черновик» газета кхоьллина волу Камалов Хьажмурд вер талла, аьлла, кхайкхам бира Оьрсийчоьнан Iедалшка Iамерки пачхьалкхан департаменто.

Камалов Хьажмурд вийра 2011-чу шарахь ГIуран-беттан 15-чу дийнахь буса шийттолгIачух ах долуш ХIинжа-гIалахь. Редакцина генадоццуш цунна Гаджиев Мохьмадан урамехь зуламхоша 14-зза герз тоьхнера цунна. Еза чоьвнаш йина волу Камалов велира дарбанцIийне дIавуьгуш. Талламхошна хетарехь, журналист вер доьзна дара цо бечу балхаца.

Амма Оьрсийчоьнан Iедалша, цхьа а тидам а боцуш, битира Iамеркан пачхьалкхан департаментан кхайкхам. Делахь а, Дагестанера Iедалш дагахь ду цу республикехь байинчу журналисташна леррина хIоллам хIотто.

Цуьнах лаьцна кху къирнах дIахьедар дира цу республикерачу Iедалша. И хIоллам хIоттор болуш бу ХIинжа-гIаларчу зорбан цIанна хьалха. Цу хьокъехь омра делла Дагестанан куьйгалхочо Магомедов Мохьмадсалама.

Официала болчу хаамашца кху тIаьхьарчу 10 шарахь мел-лаххара а 19 журналист а, юкъараллан жигархо а вийна Дагестанехь.

Даханчу Еарийн дийнахь Оьрсийчоьнан террорана дуьхьал йолчу комитетан векло дIахьедар дира Абхазин территори тIехь зуламхоша гулдина герз карийна шайна, аьлла.

Цо дийцарехь, ерриг а карийнарг ю 10 къайле. Цигахь дIаехкина хиллачу бомбанашна детонаторш елларш Гуьржийчоьнан леррина сервисаш хила мега, элира Оьрсийчоьнан векло.

Оьрсийчурча лерринчу сервисийн векалш чIагIдарехь, 2012-чу а, 2014-чу а шерашкахь тIемалой дагахь хилла и герз Сочи дIакхачо, цигахь Олимпийн ловзарш дIадоьлхуш терроран тIелетарш дан.

Оьрсийчоьнан чекисташ чIагIдарехь, герз а, фугасаш а, бомбанаш а Сочи дIакхачор вовшахтухуш верг хилла Имарат Кавказан куьйгалхо Умаров Докка.

Амма эксперташна хетарехь, и дIахьедар пропагандан чулацам болуш ду. Цхьа а далош тошаллаш а доцуш, цу тайпа дIахьедарш деш хилча, уьш даьсса дешнаш а хуьлий, дуьсу, аьлла, хеташ ву, масала, «Аргументы и факты» газетана интервью елла волу Альфа олучу Оьрсийчурча тобанан ветеранийн вовшахтохараллан куьйгалхо ФСБ-н полковник Гончаров Сергей.

Цо билгалдаккхарехь, кху тIаьхьарчу хенахь Москох а, Тбилиси а сих-сиха хуьлу теракташ кечеш хилла, бохуш, вовше бехкаш дохкуш.

Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь 15 шо кхаьчна Нохчийчура хьалхара тIом дIабирзича Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъахь машаран барт бина. Цу бертах лаьцна дуьйцуш ву историн Iилманча Абумуслимов Сайд-Хьасан.

Абумуслимов Сайд-Хьасан: Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь бинчу барт тIехь билгалдаьккхина ду Нохчийчоь дуьненаюкъара субъект ю, аьлла. И бохург хIун ду? Вай Оьрсийчоьнна юкъахь ца хилар а, вайн шалха статус ца хилар а ду иза.

Официала кепара иза дIакхайкхийна дацахь а, оцу тIехь долчуьнан маьIна дича, юха тIейогIу гIулч яккха аьтто а хуьлуйтуш, кечам беш санна хIума дар-кх иза. Амма юха а ала лаьа суна, оцу тIехь вайн йозуш йоцучу пачхьалкхан статус хилар шеконе дуьллуш дац. И дерриг а дIадаьккхина дара.

Дийцинарг вара историн Iилманча Абумуслимов Сайд-Хьасан.
Иштта бара кху чекхдолучу кIирнах хилла Къилбаседа Кавказах хьакхалуш болу цхьаболу бIаьрла хиламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG