Дудаев Джохаран гергара стаг дIавигина Нохчийчохь, Wildberries-н офисехь герзаш диттинчарлахь кадыровхой бевзина, Абхазин пачхьалкх аьлла шаьш дIакхайкхийначу махкара музейхь Басаев Шемилан суьртан гайтам дIакъевлина – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 82-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Дудаев Джохаран гергарниг лачкъийна Нохчийчохь
Соьлжа-ГIалахь кадыровхоша лачкъийна вигина Нохчийн Ичкерия республикин хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран шичакIант – Идигов Лом-Iела.
Иза дIавигарх лаьцна дIахьедина дозанал арахьарчу оппозицин нохчийн 1АДАТ телеграм-каналан авторша. Церан хаамашца, Москвахь бизнес лелош хилла Идигов гезгамашин-беттан I7-чохь Нохчийчу шен цIа веана хиллера, цигара дIавигина ву иза кадыровхоша.
ШолгIа кIира а ду Соьлжа-ГIалара полицин декъехь иза латтон, цхьана а кепара бехкаш ца дохкуш. 1АДАТ-а чIагIдо, Идигов зуламе гIуллакхаш лелош вацара, амма Дудаев Джохаран сурт хIоттадора цо шен инстаграме бохуш. Идигов лачкъорах хаам тIечIагIбина тхан редакцин хьасто а. Цо билгалдоккху, Идигов даим а Нохчийчохь вехаш хилар. Iедалхоша тергамза буьту цуьнан гергара нах, цунах лаьцна цхьа а кост ца кхачош, йа иза чохь латторан бахьанех а ца дуьйцуш, билгалдоккху редакцица къамел динчо.
Дудаев Джохар нохчийн пачхьалкхан гӀуллакххо, республика Оьрсийчоьнах дIакъаста луучийн хьалханча а вара, ишта дIакхайкхийначу Нохчийн Ичкерия Республикан хьалхара президент хилла а ву. Дудаев вийна 1996-чу шеран охан-беттан 22-чохь Соьлжа-ГIалина 30 чакхарма генарчу Гехи-Чохь. Оьрсийчоьнан эскархошна хаавеллера иза волу меттиг цуьнан спутникан телефонехула кхаьчначу сигналца. Кеманца ракеташ тоьхна, вийра иза.
Мусаева Заремин могушаллин хьал кхераме ду
Нохчийн политикан тутмакхан Мусаева Заремин могушалла кхерамечу хьолана герга йу, дIахьедина адвокато Савин Александра. Шена тоьхна пхи шо хан токхуш йу оппозиционерийн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана, бакъоларйархоша политикан буха тIехь айдина ду боху и гIуллакх.
Диабет лазар токхучу Мусаева Заремера хьал кхин тIе а эшна догIу колонихь, билгалдаьккхира Савина "Iазапашна дуьхьал Команда" бакъоларйархойн тобанца хиллачу къамелехь.
"Карарчу хенахь цуьнан цӀийца хила беза шекаран барам лакхара бу, цуьнан инсулинан доза хаддаза алсамдоккхуш ду, амма цунах гӀоле ца хуьлу", - бохура адвокато.
Цуьнгарчу хаамашца, иза дарбанан цIийне охьа а йиллий, цуьнан могушалле лоьраш хьовсийтар доьхуш бу махкара федералан таIзарш кхочушдаран хьукматан лоьраш а цхьаьна. Жоп кхачаза ду, цундела Нохчийчуьра могушалла Iалашйаран министралле бевлла адвокаташ.
Политикан тутмакхан могушаллин хьолах лаьцна хиъна Савинна шинаридийнахь республикан Лакхарчу кхелан дIайахьа леринчу, амма аьтто ца баьллачу кхеташонехь. Цигахь аппеляцин къепехь луьстуш хила дезаш дара Мусаева хенал а хьалха маьршайаккхар доьхуш чуделла кехат.
Эххар а кхеташо баттана дIатеттина, хIунда а аьлча, волайнхочуьнга цунах лаьцна хаийтина цахиларна. Вуьйцург ву кадыровхоша лачкъийначу нохчийн оппозицин вежарийн ЯнгулбаевгIеран нанас тӀелатар дина боху полисхо.
Дагадоуьйту, 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Полисхо сийсазварна а, и лазорна бехкейина, чохь даккха 25 де-буьйсий туьйхира кхело йуьхьанца цунна. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира зуда.
ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийначу шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь.
Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
2025-чу шеран зазадокху-баттахь маьршайаккха йезаш йу Мусаева Зарема
Кадыровхой хилла Wildberries-хь герзаш деттачарлахь
Москвара Wildberrie-н офисехь герзаш диттинчарлахь бевзина кадыровхой. Лаьцначарлахь - мел лахара а, Нохчийчуьра кхоъ ницкъахой хилларш а, карарчу хенахь белхаш бийраш а бу. Вуьйцург ву ЧичаевгIеран ши ваша Iумар, Iели а, ишта Исмаилов Рамзан а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин дакъошкахь а, Росгвардихь а гIуллакх дина ву Чичаев Iела, иза бехке лору ишта "дуккхаъчу зуламашна", дIахьедира блогеро Абдурахманов Тумсос.
Нохчийн 1АДАТ оппозицин боламехь чIагIдо, Чичаев Iелас дакъалаьцна шен махкахошна тIехь къизаллаш лелош, билгалдаьккхина 2015-чу шарахь Янгулбаев ИбрехIим Нохчийчоьнан урхалхочун резиденци валийначу хенахь, цо ток йеттийтина цунна бохуш.
Жигархочо ша дийцира, хIетахь Кадыров Рамзана а, карарчу хенахь махкахь премьер-министр волчу Даудов Мохьмада а гIело латтийра шегахь бохуш.
ШолгIа лаьцнарг ву - ММА-н латархо, тхэквондон дуьненан чемпион, кадыровхо Чичаев Iумар. Цунна дIасавалар доьхкуш хIоттийначу кхелан кхеташонехь гучуделира, Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин "Ахмат-1" ОМОН-н цхьахдолчу декъан командиран гIовс иза хилар. Лаьцна кхоалгIаниг ву Исмаилов Рамзан.
Оппозицин нохчийн NIYSO боламан информацица, Хьалха-Мартанан кIоштахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин зуламаш дина нах лоьхучу декъан хилла куьйгалхо ву иза.
Дагадоуйту, Оьрсийчуьра уггар а йоккхачу маркетплейсан офисехь герзаш диттира гезгамашин-беттан 18-чохь, и компани кхоьллинчех волу Бакальчук Владислав шен хадархошца чу ваха гIоьртича. ГIалгIайчуьра ши вахархо вийра, офисехь ха деш хилла 41 шо долу Алмазов Адам а, 28 шо долу Эльмурзиев Ислам-Бек а. Церан декъий цIа дохьуш догIучу кемана дуьхьал баькхина масех эзарнашкахь меттигера нах бара.
Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама бехкевира Wildberries-н офисехь герзаш деттарна ГIалгIайчоьнан цIарах пачхьалкхан думехь депутат волу Барахоев Бекхан. Цо "шен нах хIиттийнера" боху маркетплейсан офис Iалашйан. Делимхановс шена дохку бехкаш т1е ца дитина Барахоевс.
Хьалхо шайна йинарг "кIело йу" элира Бакальчук Владислава а. Цунна тIехIоьттира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан товбеца-беттахь, рекламан Russ операторца дIакхета лаам хиларна гIаьттинчу девнехь. Бакъду, гезгамашин-баттахь герзаш деттар хиллачул тIаьхьа, маркетплейсан гонах лаьттачу хьолах дош аьлла вац иза.
ТIаме боьлхучарна лун ахча тIетоьхна Кадыровс
Нохчийчохь Украинана дуьхьал тӀаме контрактаца боьлхучу эскархошна луш долчу ахчанийн барам лакхабаьккхина доьазза. ХIинца республикера контрактхошна цхьана хенахь кхочур ду 400 эзар сом. Гуьмсера "спецназан университетехула" чекхбевллачу кхечу регионашкара гулбинчу йолахойх хьакхалуш дац и.
Ахчанаш тIетохар доьзна ду мехкан бахархой шайн лаамехь тIамтIе баха лууш бу аьлла, Кадыров дIагайта лаам болуш хиларца, бохура нохчийн оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара:
" Кадыровн керлачу низамехь тидам бан йиш ю цхьана шина мехалчу хIуманан. Хьалхарниг – ахчанаш 100 эзарна тӀера 400 эзарна тӀекхаччалц - доьазза алсамдоккхуш хилар, ткъа шолгӀа - вуно мехала хIума ду – и тIаме воьдург Нохчийчуьра хила веза бохург. Кхузахь, суна хетарехь, Кадыровна лаьа, цкъа делахь, шен вербовка йаран кепаш хийца, шолгӀа делахь, нохчаша тӀамна гӀортор ца йо, цига баха лууш бац уьш бохуш, бечу хаамашца къийсам латтор. Ткъа хӀинца, Оьрсийчоьнан санкцийн блокада хиларна а, Нохчийчуьра экономикаца кхин тIе а проблемаш хиларна а, адамаш къоьллехь ду. Суна хетарехь, Кадыровна хета, ша цу кепара нах ахчанца тӀеберзор бу аьлла".
Бертаза меттигера бахархой тIамтIе хьийсош хиларх хьалхо дуьйцура "СК SOS" тобанан бакъонашларйархоша а. ТIаме хьийсийначарлахь бара Кадыровна луьйш болчийн гергара нах а, боьршачу нахаца уьйраш йу аьлла хета кегийрхой а.
Кадыров Рамзана кест-кеста дIакхайкхадо махкара керла тобанаш тIамтIе новкъайаьхна шаьш олий. Стохка кхайкхам бира цо, регионера доъалгIа дакъа Украинерчу тIаме дIахьажо деза аьлла
Ткъа тIом бан баха цалуурш «йухагIертарш» а, «ледара божарий» а, «тешам боцу нах» а бу элира цо.
Тхан редакцин хаамашца, Нохчийчуьра тIамехь эгна 300 сов стаг – и зераш диллинчу хьосташкара схьаэцна ду, билггал долу терахь кхин а дикка лакхара хила йиш йолуш ду.
Басаев Шемалан сурт дӀадаьккхина Абхазин музейра
Ша республика йу аьлла дIакхайкхийначу Абхазин пачхьалкхан музейно Ичкерин буьйранчан Басаев Шемалан "Абхазин Турпалхо" аьлла сурт долу дакъа дIакъевлина, хаам бо РБК гIирсо. Оцу кепара сацам тIеэцна хилла Сухумера Оьрсийчоьнан векалтан белхахоша кхайкхам бинчул тIаьхьа.
Музейхь Басаев Шемалан сурт хIоттийна хиларх хьалхо хаам бира Hard Blog телеграм-канало. Цуьнан долахочо дагадаийтира, Абхазера Пачхьалкхан музей Оьрсийчоьнан ахчанах меттахIоттийна хилар, цунах лаьцна йаздина ду гIишлонна тIе тоьхначу у тIехь а.
Басаевн сурт долу чоь дIакъовларх лаьцна хаам зорбанашкахь баьржинчул тIаьхьа музейн администрацино дIахьедира, Ичкерин тIемалойн буьйранчан сурт 2012-чу шарера схьа йолчу экспозици йукъа дахийтина аьлла, хаамбо пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло.
Ишта музейхь тIетуьйхира кхело цхьа сацам бина, йа "Абхазин Турпалхо" аьллачу цIарах Басаев ваьккхина х1ума ца дахь, сурт шаьш дIадоккхур дац аьлла.
1992-чу шарахь Басаев Шемала тIом бина Абхазин агIор гуьржийн эскаршна дуьхьал. Цхьана хеначохь къобалйазчу республикин тIеман министран гIовс а лаьттира иза, "Абхазин Турпалхочун" седа а белира цунна.
Оьрсийчохь цхьа могIа тIелетарш дира Ичкерин лидеро, шайлахь Буденновскехь, Москвахь, Бесланехь закъалтхой лецар а долуш.