Кхаа спортхочун зеделларг, доцца карладаьккхича, иштта ду.
27 шо долу боксёр Бетербиев Артур Хасу-Юьртара ву. 11 шо хьалха дуьненаюкъарчу кегийрхойн чемпионатехь йоьзан приз яьккхира цо, ткъа хΙинцачул 5 шо хьалха Оьрсийчоьнан чемпион велира. 2009-чу шарахь Бетербиев, деши а доккхуш, туьйлира Италехь дΙаяьхьначу дуьненан чемпионатехь. Иза Москохарчу спортхойн университетан студент ву карарчу хенахь.
ХΙинжа-ГΙалахь вина ву 25 шо долу паргΙатчу кепехь охьатохархлатархо Отарсултанов Жамал. Кхушара Оьрсийчоьнан а, кхузза Европан а чемпион велира иза.
Цо Лондонехь толам баккхаре сатуьйсу иза вевзачара а, Ιамош болучара а. Бух боцуш а бац и сатийсам – Жамала ши бутт хьалха Петарбухарчу Оьрсийчоьнан чемпионатехь, шена тΙех хало а ца еш, эшийра шозза дуьненан чемпион ваьлла волу Лебедев Виктор.
Болгарин коьрта шахьарахь Софияхь йозалла ойъуш бутт хьалха дуьненан чемпион велира хΙинца Лондонехь ша юха а гайта аьтто кхаьчна волу Аухадов Апти.
Шен дас Хьамзата ТΙехьа-Мартанарчу залехь кхиийна ву и спортхо. 390 кийла ду шен дегΙан йозалла 85 кийла бен а йоцчу Аптин штанга айаран шина а кепан лакхара жамΙ.
Нохчийн мехкаршка къайллаха хаам бойла ду: зударий балонза, доьзалш болон дезаш а ву Лондонерчу олимпиаде воьдуш волу кхуьй а жима стаг!
Кеп-кепарчу шерашкахь спортехь лаккхара толамаш бахарца гоьбевллачу нохчашка Олимпан ирхеш яха кху деношкахь новкъаволучу Артуре а, Жамале а, Аптига а хьехаме дош ала таро елира Маршо Радионо.
Советан пачхьалкхан а, Европан а, дуьненан а чемпион, 24 шо хьалха Олимпан дети а даьккхина волу охьатохархлатархо Вараев Ιадлан, нохчийн спортан хьашташ кхочушдеш, Дане кхаьчначохь схьакарийра тхуна телефонехула. Цо иштта хьехам бира Олимпан ловзаршка боьлхучу вайн махкахошна.
Вараев Ιадлан: «Далла хьалхахь а, адамна хьалхахь а нийса некъ бу. Цундела шен халкъ айдан, кху дуьненна нохчийн кΙентий муха бу дΙагайта йиш йолуш ду шу. Шайн яхь дΙа а ца луш, социйла долу хΙума Дала вайна делла а дац-шуна, адаме массо а хΙума далур ду. Цундела, шайга далур дуйла хаа а хууш, хΙуманна а шек а доцуш хила! Дала тΙаьхье беркате йойла! Дала толадойла шу!»
Йозаллаш айарехь 1991-чу шарахь нохчашлахь дуьххьара дуьненан чемпион велира Самадов ИбрахΙим. Цо иштта дош элира Лондонехь Оьрсийчоьнан а, шайн даймехкан а сий айда воьдучу кхаа нохчочуьнга.
Самадов ИбрахΙим: «ДΙавахча а, схьавахча а, хьайн къоман векал ву хьо. Ахь мел дечуьнга а, хьан леларе а хьаьжжина, шайн гар хир ду дуьненарчу нехан. Стага хьалха ша массо а агΙор вахчавора, кхиавора, тахана, суна гуш долчу суьртаца, корта а, ойла а, дегΙ а кхиор нехан мелла а дΙатеттина ду, кхечу цхьамма дийр ду моьттуш.
Беш болу болх, нагахь санна ша-шех дозалла деш стаг велахь, цунна бовза безаш бу. ТΙаккха оцу балха тΙехь кхиамаш а хир бу, аьлла, хета суна. Цара хьегна къа Дала эрна ма хуьлийтийла! Уьш чΙогΙа къахьегна бахана а бу. Церан дала аьтто бойла! Ойланца сих а ца луш, боха а ца бухуш, шайн ницкъ ма-кхоччу са а тухуш, чекхбовлийла уьш!»
Боксехь вехха, юх-юха Оьрсийчоьнан а, Европан а чемпион вуьйлуш, дуьненаюкъара толамаш бохуш схьавеъна яхначу заманашкахь Джабраилов Хьамзат. Нохчаша олуш ма-хиллара, Олимпан ловзаршкахь «гΙарчΙ-аьлла» чекхдовла деза, бохура цо Артуре а, Жамале а, Аптига а.
Джабраилов Хьамзат: «Муха хила дезий? Цхьаьллиг цхьаъ цуьнан амал, цуьнан лелар ледара хила ца деза. Ас цаьрга хΙун эр дара? ГΙарчΙ-алий, муьлхха а мах лой, толам баккха. Амма цигахь тола а тоьлу, эшан а оьшу. Тоьлча дика-м ду, ткъа Дала яздинчунна хΙун дийр ду?! Дан хΙума дац. Ца тулуш а хуьлу наггахь, доха ма доха-кх!»
Къоман сий айдарехь, мехкан спорт чΙагΙъярехь Дала аьтто кхачабойла вайн Лондоне боьлхучу къонахийн, бохуш дара Советан пачхьалкхехь а, Европехь а паргΙатчу кепехь охьатохархлатарехь маситтаза чемпион вийлинчу а, тΙаьххьарчу шерашкахь шен къоман бакъонаш къийсарехь гоьваьлла а волчу Бадалов Русланан къамел.
Бадалов Руслан: «Цигахь дакъалацар а доккха хΙума ду, вайна деккъа дакъалацар деза ца хетахь а. Вайн, нохчийн, спортхой боьлла гуттар а лакхенга кхийда Европехь а, Олимпан ловзаршкахь а. Иштта дог-ойла хилар дика ду. Оццул жимачу къоман цхьа спортхо цигахь дакъалоцуш хиларх а догΙу дозалла дан.
Церан оцу тΙехь Дала аьтто бойла, тΙаьхье беркате йойла! ТΙебогΙуш мархийн бутт а бу, царна марха кхабарца халонаш хилахь а, Дала оцу тΙехь церан аьтто а бийр бу. Дала аьтто боккхийла церан!»
Лондонерчу Олимпиаде боьлхучу нохчийн кΙенташкахьа ву церан хΙора а махкахо. Иштта цаьрга шен некъан дош элира Теркйистехь массарна а санна вевзачу Ломаз-Юьртарчу Ιелимчас Лечиев ШахΙид-Хьаьжас а.
Цуьнан къамел дара тΙебогΙучу мархийн баттаца доьзна. Мехкан сий айдан боьлхучу къонахошна тΙехь дуй те, марханаш а кхобуш, толамаш баха гΙертар. Мегаш ду те царна марханаш шаьш къовсамашкара девлича, доькхуш, кхаба, хаьттира цуьнга Маршо Радионо.
Лечиев ШахΙид-Хьаьжа: « ЦΙабаьхкича кхобур долуш, тΙахьататта йиш йолуш ду-кх. Дала мукъалахь, арабаьккхинарг мехкан дуьхьа некъ а бу, могашалла ларъян а, шега хьажа а Ιалашо а йолуш. Цундела иза араваьлла, цΙераваьлла стаг ларало. Цунна шен цΙаваллалц, мусафир (кхочуш, доькхуш) ламаз дан аьтто беш хΙукматаш ду. Некъахой бу-кх уьш, шайн махках а бевлла, дΙабахана бац уьш?»
ТΙедогΙучу кΙиранах, пΙераскан дийнахь, дΙадуьйлало дуьненаюкъара аьхкенан олимпан ловзарш. Кхаа кΙиранах цигахь шайн-шайн къаьмнийн цΙе язъеш къовсалур ву тоьлла волу маситта эзар спортхо.
Иза могашаллин ловзар хилла ца Ιаш, мехкийн хатΙ, къаьмнийн амалш дΙагойту, цига кхачарх хьанна а дозалла дан бакъо луш майда ю. Оцу майданара, нохчийн къоман цΙе ца йожош, толамца цΙехьадоьрзийла шу, ала лаьа Маршо Радион нохчийн редакцина а Бетербиев Артуре а, Отарсултанов Жамале, Аухадов Аптига а. Дала некъ тобойла шун!