Бакъоларйаран Amnesty International йукъаралло кхайкхамбина Европера пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухIажарш Оьрсийчоьне дIа ма ло аьлла. Францин, Германин, Польшин, Румынин, Хорватин Iедалхоша хIинцале а арабаьхна шайн мехкашкара тховкIело йоьху нах, билгалдоккху цара шайн рапортехь. Оцу нахах дукхахболчарна цIе кхоьллира "кхераме экстремист" аьлла, динан, йа къоман билгалонца, дуьйцура бакъоларйархоша.
Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашца долу хьал чIогIа ледара ду Нохчийчохь – оцу йукъанна европахойн пачхьалкхашкахь республикин бахархойх даим а ца кхета хьаькамаш. Масална рапортехь дуьйцу Мурадов Даудан кхолламах лаьцна. 2022-чу шеран чиллан-баттахь къона нохчо Францино Оьрсийчу дIахьажийра, Оьрсийчохь цунна кхерам лаьтташ хиларан билгалонаш йоллушехь. ТIаьхьо кхелхира иза къастазчу бахьанашца.
Хорватин миграцин органаша лахьан-беттан йуьххьехь масех иттаннашкахь лийцира Нохчийчуьра бахархой – цара латкъамаш динера "Европера нохчийн Ассамблейга" тховкIело ца оьшу аьлла, бертаза шайга куьйгаш йаздайтарх. Хорватин депортацин центре кхаьчначу 15-ннах тахана а цигахь вуьссуш цхьаъ ву: дукхахберш реза ца хилира Хорватихь мухIажаран статус йеха, царна депортаци йира Босни а, Герцеговине а, Туркойчу а, дийцира "Европера нохчийн Ассамблейн" бакъоларйаран декъан куьйгалхочо Дадуев Iийсас.
Кавказ.Реалии редакцино дийцаредира Дадуевца, Amnesty International организацин рапорта йукъарчу Европера нохчийн мухIажарийн хьолах динчу жамIех, даймахкахь леца тарлучу нехан дахар стен аттачу доккхур дара а.
– Amnesty International йукъаралло дукха хан йоццуш кхайкхамбина, Къилбаседа Кавказера мухIажарш Оьрсийчоьне дIа ма ло аьлла. Олийла дуй, Къилбаседа Кавказан кхечу бахархошка ладоьгIча, оцу проблемех нохчий кест-кеста Iиттало?
– Таханалерачу дийнахь, Европе леста нохчий, тIехь Iазапаш хьегийтина, бехк боцуш лецнарш хилла ца Iа. Мобилизацих кхоьруш даймахкара уьду кегийрхой а бу царлахь.
Оцу хаттарна дуьххьалдIа жоп лахь, хIаъ: нохчийн алсам проблемаш хуьлу дIабаларца, кхечу кавказхошка ладоьгIча. Сан къамел хуьлучу кхиндолчу халкъийн векалшкара суна цкъа а хезна дац оцу тайпа аьрзнаш.
Махкара рожо бохьуш бу и кхерам. Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь, адамийн бакъонаш эшош хиларх хууш, цара [Европан пачхьалкхийн Iедалхоша] хIетте а арабоху шайн мехкашкара [тховкIело йоьхурш].
Суна хетарехь, цунна а дуккха а бахьанаш ду. Масала, экономикан: массо а кийча бац Оьрсийчоьнца зIе хадон.
Вовшех тийсадалараш а, эшамаш бар а массо а халкъийн ду. Ткъа пропагандо боху, нохчашна и норма йу
– Стенца доьзна ду хIара –Нохчийчоьнан бахархойн "къаьстина хьал"?
– Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь лелийначу пропагандица доьзна ду хIара. Оьрсийчоьнан пропагандо дузура тхо, диалоге бовла ца мегачу, къематечу зуламхошца. Тхо цхьа акхарой йолуш санна гойтура. ХIаъ, хуьлура, цкъацкъа нохчашца нислора, бакъонан системехула нийсо ца карийна, тхешан бакъонаш караэца хьийзаш, тхаьш адамаш хилар оха дIагайтича. Нохчийн Европехь низамаш хьешаро, летарша а Iаткъам бира кхин тIе а тхоьга болу хьежамаш хийцарна. Амма вовшахтийсадаларш а, низамаш дохор а массо а халкъашлахь долуш хIума ма дуй. Ткъа пропагандо боху, цхьа нохчаша даим а лелориг ду и.
Цунна тIетайра меттигера бахархой а цхьаьна. Масала, оьрсийн маттахь йолчу Германира OstWest телеканало: нагахь санна, нохчочо динчу зуламах лаьцна йаздеш делахь, цара билгалдоккхур ду хьуна муьлхачу къомах иза ву. Цхьанхьа а аьлла дац, Оьрсийчуьра ву иза, йа Оьрсийчоьнан вахархо ву. Иштта вочу хIуманашца цара кхин дIа а латтайо тхан харц репутаци (2023-чу шарахь телеканалан сайтехь берриг а цхьа хаам бара "нохчо" дош йукъахь долуш йазбина. -Редакцин билгалдаккхар).
– Шеран йуьххьехь Венехь митинг хIоттийнера Австрера депортацин набахтехь нохчо вийначул тIаьхьа. Цунах лаьцна хьуна хууш хIуммаъ а дуй?
– Австрера тхешан векалца зIене ваьллера со дукха хан йоццуш, экспертизин жамIашка ладоьгIуш бу уьш. Тхуна хуург ду, шога къизаллаш лелийна аьлла, набахтехь нисвелла вацара иза. И веран бахьанаш а, хьенан бехк бу а тхуна цкъачунна хууш дац.
– 2022-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна Цюрихера депортацин набахтехь латтийна Батаев Iела Швейцарера араваккха гIортарх лаьцна а дйца луур дара. Нохчийчохь "маьрша" ду а бохуш, Оьрсийчу иза дIахьажон гIиртинера. Цунах лаьцна хIун аьлла хета хьуна?
ТховкIело йоьхучу нохчашка олу, Оьрсийчоьнан цхьана кхечу регионехь даха а йиш йолуш дара шу
– Батаевн хьокъехь аьлла ца Iаш, дуккхаъчу кхечу нохчашка а баьхна ду и дешнаш. Цуьнан гIуллакх гIарадаьлла дара. Масала, Хангошвилина (Хангошивли Зеламха, Нохчийчуьра гIаттамхойн декъашхо хилла ву иза. 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь вийра иза.- Редакцин билгалдаккхар) а ца йелира Германин политикан тховкIело.
ТховкIело лоьхучу нохчашка олу, Оьрсийчоьнан цхьана кхечу регионехь даха а йиш йолуш дара шу. Оцу тайпа жоп ца хеза йа афганхошна а, йа шемахойн мухIажаршна а.
Мича логикана уьш тIетуьйжу, сан олийла дац. Бакъду, Европарламенто оьрсийн пачхьалкх терроран спонсор йу аьлла, бина сацам гина тхуна. Цу тIехь цара йуьйцу, Нохчийчоьнна чуйогIу Оьрсийчуьра структураш, уьш а йу иштта террорхойн. Амма хIетте а хIинца а адамаш цига дIахьежадо цара, адамийн бакъонаш йиллина хьоьшуш йоллушехь. Кхеташ дац, муха болх беш йу иммиграцин хьукмат а, парламент а.
– Европан пачхьалкхашкахь легалехь статус оьцуш кIезиг проблемаш йолу нохчий бан а буй? Оцу кепара проблемаш хIуьтту нах стенга боьлху?
– ЧIогIа дика тIеоьцу Европехь Iилма долу нах. Хууш ду, мехкаша терго йо шайн экономикан тIаьхьенан, мухIажаршна хIун кхерамша лаьтта ца хьуьйсу уьш. Царна Европехь тховкIело ца лахь, дукхахберш Гуьржийчу, Туркойчу, йа Азербайджане дIахьовду.
Оцу стеган тароне, иштта финансийн таронашка а хьаьжжина нисло эмиграци. МухIажарийн изза проблемаш нисло Гуьржийчохь а: кехаташ ца ло, тIебехкина боллу билламаш оцу адамо кхочушбинехь а. Къийса декхарийла хьулу нах, легализацин некъаш леха, йукъ-кара бакъо йоццушехь болх бан а. Европехь а санна, оцу тайпа хIуманаш нислойла ду Гуьржийчохь а, Туркойчохь а.
– Европан кеп-кепарчу мехкашкахь тховкIело йоьхучу нахах хIун дуьхьалонаш Iиттало дукха хьолахь?
– Хьоле хьаьжжина. Масала, оцу стеган могушаллица дика хьал дацахь, Франци ваха хьоьхур дацара аса цунна, хIунда аьлча, мухIажарн гIуллакх луьстучу йукъанна цунна хIоттош дац социалан ахча, цунна лоьрийн дарба а ца кхачадо. Дарба оьшур долчарна гIолехь ду Германи бахча, йа Скандинавин мехкашка – цигахь кхача атта дацахь а, тховкIело йаккха а халох делахь а.
Тахана мухIажаршна керла пачхьалкхаш хилла Босни а, Герцеговинех а, Хорватих а. МухIажарша Беларусехула, Польшехула дехкина некъаш, тахана къевлина ду, Беларусин президенто баьккхинчу гибридан тIамна тIехула.
Къоман билгалонца харцонах Iиттало мухIажарш Хорватихь а. Хила тарло и, Хорвати дукха хан йоццуш Шенгенан мехкашна йукъайахарца доьзна (2023-чу шеран дечкен-беттан 1-чохь Хорвати дIакхетта Шенгенан зонех. – Редакцин билгалдаккхар). МухIажарш дехьабийларца йаккхий дуьхьалонаш нисйелира шеран йуьххьехь, амма хенаца хьал дIанисделира: пачхьалкхо жимма а "схьайиллира неIарш" тховкIело лоьхучарна.
– ТховкIело йоьхучу нехан дахар аттачу даккха, бакъоларйархоша а, Iедалхоша а хIун гIулчаш йаха йезара аьлла хета хьуна?
– ТIом бирзинчул тIаьхьа кIезиг хIума хийцаделла. ХIокху 24 шарахь лаьттина проблемаш хIинца а йолуш йу. Оцу йукъанна, тхан махкахь тIом боьдучу заманчохь, дуккха а нах бойуш бу бохуш, дуьйцушшехь, хIетте а тхан мухIажарш тIе ца лоьцура. Тхуна гуш ду, Европехь 10-15 шерашкахь баьхначу дуккхаъчу нохчашна дуьхьало йан хьийза махкалла ца луш, йа шина пачхьалкхан махкалла хилийта дуьхьал.
Муьлхачу гIулчаша гIо дийр дара? ГIо хила тарло, нагахь санна, Amnesty International организацина тIаьххье нохчийн мухIажаршкахьа кхинйолу организацеш а гIовттахь.
- 2022-чу шеран гурахь дуьйна Цюрихера депортацин набахтехь латтийра Нохчийчуьра мухIажар Батаев Iела. Швейцарин Iедалхой ша Оьрсийчу дIахьажо дагахь хиларна, мацалла кхайкхон декхаре хилира иза. Стохка гIадужу-баттахь Швейцарин Iедалхоша дуьхьало йира Батаевна политикан мухIажаран статус йала, Нохчийчохь "кхерамзалла" йу аьлла: регионехь нехан бакъаонаш эшош йац бохура. 2023-чу шеран гIуран-беттан 20-чохь, бакъоларйархойн а, хаамийн гIирсийн а гIоьнца, Батаев маьршаваьккхира депортацин набахтера.
- 2024-чу шеран дечкен-беттан йуьххьехь митинг дIайаьхьира Венехь Нохчийчуьра бахархоша депортацин набахтена хьалха. Австрера набахтешкахь латточу мухIажарийн бакъонаш хьоьшуш хиларна лерина йара и. Бахьана хIоьттинера цхьахйолчу меттигерчу набахтехь Нохчийчуьра вахархо кхелхина аьлла хезча.
- 2021-чу шеран аьхка Нохчийчохь кхел йира Францино дIавеллачу нохчочунна Гадаев Мохьмадна. Колонихь даккха цхьа шой, ахшой туьйхира цунна, бакъо йоцуш герз латтийна цо дIадиллина аьлла.
Нохчийн ницкъахоша ницкъбарна Гадаев дуьхьал хилира, цуьнан интересаш Iалашйан бакъоларйархоша кхайкхина адвокат лаца.
- Нохчийчуьра вахархо О.Зеламха лецира Польшин дозанхоша марсхьокху-баттахь, депортацин набахте хьажийра иза. Даймахкахь цунна веран кхерам бу, тешна йу цуьнан хIусамнана.
- Беларусхойн Брестан кIоштахь Польшица долчу дозанехула чекхвалар уггар а гоьбаллачух некъ бара Европе кхаьчна, тховкIело йеха луучарна. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а бахархошца цара бинчу некъах а, курхалчийн схемех уьш Iиттабаларх а.
- Бакъоларйархоша а Кавказ.Реалии сайтан хаьсташа а масийттазза дийцира, Украинана дуьхьал тIаме хьийсорах ницкъаллин структурийн белхахоша лечкъийна мехкан бахархой. Царех цхьаболчарна ультиматум хIоттайора: Iазапаш хьоьгуьйтур ду, йа набахте хьажор ву олий. Салтий бо иштта нохчийн оппозицин жигархойн гергарчех а.