Иза чIогIа беламе хийтира суна, ФСБ-н агент хIун деш лелар ву Венерчу туьканахула, цуьнан болх цIахь лулахоша баьккхина хIора ког дIаязбеш лелар хилча аьлла. Арахь болх бийраш кхин шпионаш ма бу элира ас. Амма со галваьлла хиллера.
2012-чу шарахь Махбузене веддачу ФСБ-н лаккхарчу даржехь хиллачу полковниках лаьцна филм яьккхина Германерчу режиссеро Кох Эгмонта. Цу филмехь эпсаро дуьйцу, Къилбаседа Кавказехь оппозицина дуьхьал болх беш ша волуш шен куьйгакIеллахь 50 белхахо а, 400 шпион а вара бохуш. Филмех Игорь аьлла яьккхина цо шен цIе. Иза ямарт хилла аьлла лохуш ву ФСБ-но.
Оцу Игора дийцарехь, церан департамент чоьхьарчу талламан сервисан дакъа хиллехь а, дакъалоуш хилла махкал арахьарчу операцешкахь.
Ичкерин парламентан депутат хилла Исханов Хьусайн Венехь вехаш ву. Австрехь буй Оьрсийчоьнан ФСБ-но леррина цига хьажийна нохчийн агенташ аьлла, шега хаьттича цо иштта жоп делира.
Исханов Хьусайн: «Цхьаммо а эр дац ша агент ву аьлла. Амма цу стеган лелар тидаме эцча, ойла цунна тIаьхьа кхуьу. Кхузахь вайн ойла талла схьаоьхуьйтуш нах бу. Иза хила дезаш а ду. Вай а дийр дара и тайпа хIума, вайн аьтто хилча. Иштта болх беш болу нах болуш бу.
Тахана цIарца хIара ву, важа ву аьлла билггал олийла дац сан. Амма уьш хилар гуш ду. Нохчий сийсаз беш а, нохчийн вочу агIор цIераш йохуьйтуш а нах хила тарло кегийрхошна юкъахь. Кхузахь вониг лелош верг нохчийн цIе йожош болх беш хилча, мухха делахь а, Оьрсийчоьнна болх беш ву-кх иза».
Вайн шпионаш къайла гIура болуш бац.
Саиева Аминат Нохчийн республикан векал яра Литвахь 1994-чу шарахь даймахкахь хьалхара тIом болалуш. Цу хенахь дуьйна цу махкахь ехаш ю иза, ша юьхьарлаьцна гIуллакх охьа ца дуьллуш.
Саиевас дуьйцу шена бевзаш бу Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисана болх беш болу нохчий бохуш.
Саиева Аминат: «Кху Литвахь со Iаш йолу 22 шо ду. Сол хьалха тIамах къаьхкина баьхкина кхузахь нохчий бацара. Суна дукха нохчий гина кхузахь. Тамашийна нах бара, вайн маршонца а, вай дозуш доцуш хиларца а бала болуш дукха нах бацара царна юкъахь.
Вайн пачхьалкхан гIуллакх чекхдаккха гIерташ, нах а гулбеш, царца болх бора ас. Схьаолуш хIума а доцуш, суна дуьхьал болх беш масийтта стаг вара царна юкъахь. Сох лаьцна эладиттанаш кхоллара, питанаш а даржадора, харцонаш а лелайора цара.
Кегийрхошна юкъахь а бара цу тайпа нах. Цхьаберш, суна хетарехь, леррина бахкийтина бара кхузара вайн гIуллакх талхо. ХIунда аьлча, Литва даима а вайна тIехIоьттина ма ярий, вайн пачхьалхкана гIо а деш».
Махкал арахьарчу Ичкерин Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад дуккха а шераш ду Лондонехь вехаш волу. Хьуна бевзий Британехь болу Оьрсийчоьнан нохчийн шпионаш аьлла хаьттира ас цуьнга.
Закаев Ахьмад: «Билггала бакъ долуш, кхузахь иштта нах болуш бу. Амма уьш кхузахь дукхахболчу нахана бевза. Цхьаболчарна шаьш девзий а хаьа. Цхьаберш моттаргIанаш а лелош, шаьш муьлш ду ца хаьа моьттуш лелаш бу. Амма шаьш буй хууш берш и гIуллакх цхьацца забаре даккха гIерташ, оцу тIехь забарш еш лелаш нах бу».
И болх беш болу нах шайн юкъараллаш а кхоьллина бехаш бу. Кхечарна уьш гуш бу. ТIаккха шпионаш хуьлий уьш?
ШолагIа тIом болалуш Басаев Шемила шен цхьацца коста оьций бохуьйтуш хилла шена тешаме бу аьлла хета нах. Амма юхабирзича цу наха, массара а аьлча санна, дуьйцуш хилла тIемалошна луьш бара цхьана нах, ша хазанеха санна дов эккхийтина дуьхьало йира царна олий.
Демадала сан шпионийн аьлла, Басаевс бохуш дийцара, ма къайла а гIура дара шу муьлуш ду бохург аьлла.
Исханов Хьусайне хаьттира ас, муха мах хадор бара ахь нохчийн шпионийн балхана, говза нах хетий хьуна уьш аьлла.
Исханов Хьусайн: «Вайн адамийн а, вайн къоман а хьекъалан бараме хьажжина лелош ду вайца лелош дерг. Вай Iовдал мел хуьлу Iовдал нах юкъабохкуьйтур бу вайна. Вайн хьекъал алсам мел долу а жимма хьекъал дерш бахкийта гIоьртар бу уьш. Амма тахана сурт дукха ледара ду вай, цундела цхьана дахаран хьелийн тIегIантIехь лелош ду вайца къайлахчу сервисашца кхузахь дерг».
Изза хаттар делира ас Саиева Аминате а. Нохчий Iехалур бац нохчийн шпионашка аьлла, елаелира иза.
Саиева Аминат: «Суна хетарехь, нохчашна юкъахь шпион хила чIогIа хала ду. Вай дерриш а кхин доккха къам а дац. Арахь болчу нахана вовше чIогIа дика бевза. Жимма гIалат далахь, цхьанха цхьа дош алахь, дерриг п лелош дерг гуш хуьлу. И болх беш болу нах шайн юкъараллаш а кхоьллина бехаш бу. Кхечарна уьш гуш бу. ТIаккха шпионаш хуьлий уьш»?
Закаев Ахьмада делла жоп а дара цу кеппара.
Закаев Ахьмад: «Вайн шпионаш къайла гIура болуш бац. Сиха гучубевр бара аьлла хета суна вайн шпионаш. Цхьа къайлаха лелалур болу нах цкъачунна бац аьлла хета суна вайна юкъахь. Вайн тIамарца а, вайн цIийца а догIуш хIума дац-кх иза».
Са кIезиг долчу наха лелон хIуманаш лело дезаш а хуьлу цера, турпалалла а хуьлу цара бечу балхахь. Делахь а шалхонашца а, ямартлоца а лелош долу хIума алсам хуьлу церан балхахь. Ткъа иза вайн нахана лело хала ду бохуш вара Закаев.