Туркойн Лидер Секс-скандалана Юкъа Нисвелла

Туркойчоь -- Халкъан-Республикан Партин Лидер Байкал Дениз

Туркойн да лоруш волчу Ататюрка шен хенахь кхоьллинчу партин архаш дIахеца дагахь вац, секс-дов а иккхина, Халкъа-Республикан партин лидеран даржера дIаваьлла волу туркойн политик Байкал Дениз.
Даханчу кIирнах Туркойчоьнан коьрта оппозицин лоруш йолчу Халкъа-Республикан партин куьйгалхочуьнан дарж дитира цуьнан лидеро Байкал Дениза. Цуьнан бахьана дара интернетехь, цо дакъа а лоцуш яьккхина ю аьлла йолу, эвхьаза секс-видео гучуялар. ЦIкъа дуьххьара цу гIулчо гIо дан мега аьлла хеталора цу партина, дикачу агIора хийцалуш реформаш дIаяхьа. Амма цунна шеко кхоллайелла Байкал а, цуьнан бертахой а, партин структураш шайн карахь йита гIерташ хилар гучудаьлча. Байкал дагахь ву, я шен юххера накъост цу партин коьрте хIотто, я ша цу дарже юха ван. Халкъа-Республикан партин гулам хир бу 22-23-чий Майхь. Цу форумехь екъа яла мегаш ю иза аьлла хета аналисташна.

Секс-девнаш хуьлийла дац политикан модернизаци ян оьшуш болу некъ. Амма дуккха а шерашкахь Халкъа-Республикан партин лидер хилла волу Байкал Дениз, цу девна юкъа а озийна, бех винчулла тIаьхьа, цу кепара хьал хIоьттира цу партина хьалха, ледара а, леш йолу и вовшахкхетар, цIеххьана чу са а дена, керлачу, реформаш ян аьтто болчу замане йолуш ю-кха аьлла хеттачу хенахь. Шен секретараца маьнги тIехь Байкала IуьнцIулгаш бохуш яьккхина йолу видео интернетехь гучуяьлча Халкъа-Республикан партин гIаьнтада волчура дIавала дийзира цуьнан. Цулла хьалха Байкала наггахь бен юкъах а ца волуш, цу партийна куьйгалла деш даьккхира тIкъех шо. 71 долуш волу Байкал Дениз дагахь вацара, хазанеха санна чIогIа шен кара эцна йолу, цхьана хенахь тукройн да лоруш волчу Атататюрка кхоьллина йолчу партин архаш, цу кепара чам боцуш шен дIахеца дезар ду аьлла.

Партехь хийцамаш бан лууш болу жигархой дегайовхо йолуш бара Байкал дIаваларо аьтто бан мегара партийн куьйгалле мелла а шега аьллачуьнга ладугIуш волу стаг харжа аьлла. ТIаккха аьтто бала мегар аьлла хетар цаьрна, карарчу хенахь махкахь демократи яржош а, Еворобертана мохк юкъа бахийта гIерташ а болу коьрта ницIкъ болчу ТуркойчохьIедалехь йолчу Дендаран а, Кхиран а партица кховса дала гIорта.

Амма, тахана модернизаци ян лууш болчу нахана гучудаьлла, шайн дегайовхо охьатаIош хилар, хIинццалц Тукойчоьнан политехь буьйцуш хезна а боцучу «Байкализм» олучу ницIкъо.

И термин юкъаяьккхинарш бу партехь хийцамаш бан лууш болу жигархой. Цу кепара цара цIе йоккхуш дерг ду дукхахена дуьйна Халкъа-Республикан партехь болчу наха лелош дерг. Уьш дуьхьала бу хийцамашна. Цера дагахь дерг ду Байкалана тIехьа боьвлла ца лелахь а, цо лелийна долу некъаш лелор.

БайкаМ Бедри реформийн агIонча а, Халкъа-Республикан партин жигархо а, вевзаш волу суьрташдахкархо а ву. «Байкализм» олу идея иштта юьйца цо.

«Иза цхьа тобано беш болчу балхах тера ду, парти йоьхна дIа ца ялийта некъ лахарх тера ду иза. Иха экономикан, я политикан идеологи яц. Иза мелла а шайн керахь парти лато гIортаран некъах тера ду».

Байкала лелийна дерг дукха онда IатIкъам бан таро йолуш хIума ду. Цундела цуьнан го катоьхна некъаш лоьхаш бу юха а партин лидер дIа муха хIоттор вара-те иза бохуш. Цхьаболчу Халкъа-Республикан партин къона декъашхоша мацалла хьегар а долийнера Байкал Денизе партин лидеран дарже юха вола бохаш.
Тукойчоьнан Халкъа-Республикан партин гулам хир болуш ю 22-23-чий Майхь. Цигахь хоржур волуш ву керла гIаьнта. И дарж дIалац лууш ву ша аьлла дIахьедар дира кху деношкахь Киликдароглу Кемала. Цу гIулкхо оьгIаз бахийтинера Байкале юха вола бохуш кхайхкамаш беш юолу Халкъа-Республикан партин Коьртачу сацамаш кхочушбаран кхеташонан декъашхой.

ЦIкъачунна хууш дац мелла аьтто болуш ву Киликдароглу толам баккха. Хьалха лоруш дара, муьлххачу а куьйгалле ван лууш волчу стагана, тIехIотта везаш ву Байкал аьлла. Амма аналисташна хетарехь, цу партехь хаа а луш хийцамаш хир бу олийла дац, мел-лаххара а гергарчу масийтта шарахь, хIунда аьлча цуьнан хилла волчу лидеран IиндагI ду цу партина тIекхоьвдина дуьсуш.

Озел Соли Истанбулера аналист ву. Цо иштта дуьйцу цу хьолах лаьцна.

«Карарчу хенахь гуш ду, цуьнах реформистийн парти хир йолчу новкъа гIуллакх доьдаш ца хилар. Схьагарехь гуламехь хир дерг шен куьйгакъеллахь латто гIертар ву иза. Цигахь баккъалла а гIарваьлла хIара ву аьлла стаг вац, цуьнан метта дIахIотто мегар волу. Иза цо лелийначу некъан жамI ду. Цо шен долахь йолу хIума йинера партех, тIкъа гуламехь кхаж таса кечлуш болу нах и санна нах бу. Цхьа а чоьхьара демократи яц цигахь».

Актар Сенгиз Истанбулерачу университетан профессор ву. Цунна хетарехь, Халкъа-Республикан партино гергарчу масех шарахь чоьхьара революци ян йеза, нагахь цунна хийцаяла лаахь.

"Уггара хьалха шен менталитет хийца йеза цо. Иза парти дукха йоьзна ю хоржуш боцуш Iедалехь лаьтташ болчу нахана, ша аьлча Эскаран буьйранчашна. Цу агIора хьажча уьш баккъалла а чекхбовла безаш бу менталитет хийцарца йоьзна йолчу революцех. Цундела уьш хийца бала оьшур ду дуккха а шераш».


2003-чу шарахь партийн куьйгалле ваха гIортинчу Байкам Бедрис кхайкхам бинера, партина куьйгалла дар декъа а деза, зударшна а, 35 шо кхачанза болчу кегийрахошна меттигаш йита а йеза аьлла.

«Вай лелочу кепехь Халкъа-Республикан партехь коьртачу декъана Iедал карахь ду президентан а, цунна гонах волчу цуьнан накъостийн а. Цара бо сацаммила депутат хир ву, мила хир ву муниципалитеташкахь куьгалхо иштта дIа хкин а».

Байкам Бедри а, Халкъа-Республикан партин куьйгалхой а тайп-тайпана гуш бу шайн партин кеп. Амма цу гIулкхо кхин а чолхечу даккха мегаш ду Туркойчура кхузаманахьлера политикан хьал. ЭрдохIан Реджепа куьйгалла дечу партино хьалхатеттина йолчу конституцина хицамаш барца доьзна долчу низмийн пакетана дуьхьала латта гIерташ ю Халкъа-Республикан парти. Нагахь и низмаш тIеэца аьтто балахь, цара бакъо лур ю кхелан системина тIехь политикан Iуналла дан, аьлла хета Халкъа-Республикан партин декъашхошна.ТIкъа цу гIулкхо аьтто бийра бу, эскархошна тIехь кхел ян, могIарерачу кхелашкахь. И тайпаниг хир ду бохучух тешаш вацара хIинццалц Туркойн-махкахь цхьа а.

И низмаш тIеэца Парламентехь оьшуш долу кхаьжнаш гулдан аьтто а ца баьлла, ЭрдогхIана референдум кхайкхийна. Иза дIахьура йолуш ю I2-чу Сентябрехь. Шен агIора Халкъа-Республикан партино латIкъам бина Конституцин Кхеле. Нагахь санна цу кхело и латIкъам бакъ бахь, ЭрдохIанан дезар ду хенал хьалха парламентан харжамаш дIабахьа. Цу тайпа хIоьттинчу хьолехь, парти шен карахь латто луур ду Байкал Денизана, аьлла хета аналисташна. Ширан гварди партин куьйгаллехь йиса а мега, амма ЭрдохIанан Iедалца партино дIахьуш болу къийсам чIагIлуш а болуш, и нах дукха къеззиг аьттонаш боллуш хила мега, шайн могIаршкахь хуьлуш болчу хийцамашна дуьхьала латта.