25 Шо Кхаьчна Горбачев Михаил Iедале Веана Хилла

Оьрсийчоь -- Советан пачхьалкхан лидер хилла Горбаёв Михаил ву Москох къамел деш, 05Заз2010

25 шо хьалхаСоветан пачхьалкхехь куьйгалле веара Горбачев Михаил. Дукха хан ялале махкахь хийцамаш болийра цо, тахана а хаалуш болу. Амма, цхьанне а, шена Горбачевна а цхьана, ца хаара мел баккхийн хийцамаш хир бу цо дIадолийнарг бахьана долуш


Цхьа х1ума лортIехь доций гуш дара цу деношкахь. Iаьржа басахь йолу Iедалан лимузинаш яра буьйсанна юккъахь Кремлера аралелхаш. Классикан мукъамаш х1иттийнера могIарерчу программи меттана телевизионехь. Къан велла волу Советан пачхьалкхан лидер нахана юкъаваьлла ганза а яра, цхьа бут хан.

Амма 10-чу Мартехь (Зазадоккхучу баттахь) 1985-чу шарахь, 73-шо долу Черненко Константин велча, хаъа луш дара Iедалехь хийцамаш хила мегаш буйла.

ЦIкъа далахь, диъ сахьт далале цхьанакхийтира Компартин ЦК-н декъашхой, кела лидер харжа. ТIкъа оццу дийнахь арадевллачу газеташ хьалхарчу агонна тIе туьйхира керла хаьржийна волчу лидеран сурт. ТIкъа Черненко валарна кадам бар дара шолгIачу агIонна техь. Советан пачхьалкхан элита лууш яра сихха и агIо дIа а чIаьгIан керла дахар д1адоло.

25 шо хьалха 11-чу мартехь Горбачев Михаил хIоьттира Советан пачхьалкхан лидер. Цуьнан дара 54 шо. Оццула жимастаг хилла вацара Советан пачхьалкхан коьртехь и пачхьалкх кхоьллинчхьана.

Ша дарж дIа лацарца, Горбачев къелхьара яккха гIоьртира, массо а агIора Малхбузенна тIаьхьа юсуш йолу, Советан Iедалан кеп.Цо хийцира иза йевзур йоцуш. Т1аьххьара и пачхьалкх йоьхна дIа а яхара, кху дуьнентIехь хилла болу шийла тIом дIа а берзош.

79 шо долчу Горбачев Михаила кху деношкахь «Маршо» радионна ша йеллачу интервьюхь элира, ша йолийна йолу реформаш чекхяха аьтто ца баьллехь а, ша дохко ваьлла вац, и хийцамаш болорна аьлла:
«Дукха халонаш яра. Дукха балх бара. Иза бора оха дийнахь а, бусий а, бусий а, дийнахь а. Ткъа адамаш реза дацара. Амма аса хаьттира сайга :«ХIунда хила безаш бу и нах, хьуна баркалла бохуш аьлла?». И хаттар кхеча агIора хIотто дезаш ду. «Кхин боккха аьтто хир барий-те дахарехь, оццула йоккхачу пачхьалкхехь хийцамаш бар а бен?» аьлла. «Кхин хIун ирс доьхура дара, и доцург?»

Советан пачхьалкхан президентан дарж дитира Горбачевс 1991-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна, нахана юкъа къеззиг волуш, хан йоккхуш ву иза. Амма 1996-чу шарахь Ельцин Борисана критика а йеш, Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъа лецира Горбачев Михаила. Делахь а и харжамаш дIабирзира, цуьнан баш кхиам боцуш. Горбачевна шайн кхаьжнаш дIаделира 1 процент харжамхоша. ЦултIаьхьа веанчу Путинна а, Медведевна а мелла а ша реза хилар гайтара Горбачевс.

Амма тIаьхьарчу хенахь иза критика ян волавелла Оьрсийчоьнан куьйгалхошна. Цо бехке бо уьш демократийн кепаш йитарна, демократин новкъара дIабовларна.

Иштта 5-чу Мартехь (Зазадоккхучу баттахь) Горбачев Михаила бехке йира Путин Владимира куьйгалла деш йолу министрийн кабинет, Оьрсийчоьнан модернизаци йон программа лакхара чу кхочуш ян гIортарна, цу юкъахь дакъа лоцуш халкъ а доцуш. Цо иштта ондда критика йира «Цхьаъаллин Оьрсийчоь» олучу партина а, иза ша цхьаъ ю махкахь Iедал кара эцна, цхьана хена Советан пачхьалкхехь хилла йолу Коммунистийн Парти санна аьлла.

Горбачев Iедале варо гойтуш дара, цу пачхьалкхехь Iедал хьалха хиллачу нахера, тIе йогIучу тIаьхьанга каьчний. Брежнев коьртехь волчухенахь Советан пачхьалкхе гIаьххьа токхо йеъара. Советан пачхьалкх ондда пачхьалкх а хилла дIахIоьттира цо куьйгалла дечу хенахь. 1980-г1а шераш дIадуьйлалуш цуьнан экономика кхиар сецира. Адамаш деха хан яц яла йолайелира, т1къа адамаш Iедалех ца тешаш хилар дукха кхераме барамаш болу дIахIоьттира.


Медведев Вадим Горбачевн гIоьнча хилла ву шен хенахь.1980-чу шераш юккъе девллачу хенахь шаьш кхийтира куьйгаллехь къона нах хила безий бохаш дуьйца цо.

«Со хилла ца 1аш, дуккха а кхиберш а бара кхеташ хийцамаш оьший. Цундела кхеташ дара церан сатийсамаш боьзна буй кхин, къона куьйгалхо харжарца».

Шен накъостий Iедале балийра Горбачевс. Иштта цо хийцира Малхбузехь мистер хIа-хIа аьлла цIе а тиллина вевзаш волу арахьарачу гIуллакхийн министар Громыко Андрей, цуьнан метта Шеврднадзе Эдуард а хIоттош. Цо иштта коьрта идеолог хIоттийна Политбюро юкъа валийра Канадехь Советан пачхьалкхан векал хилла волу Яковлев Александар.

Горбачев реформаш йолийра сих а ца луш. 1985-чу шарахь «ускорение" аьлла политика кхайхкийра цо. Цуьнан Iалашояра индустрехь а, юртабахамехь а деш долу сурсаташ алсам дахар. Цо иштта къийсам дIакхайкхийра маларш тIех дукха меларца а.

Медведев Вадима «Маршо» радион ша йеллачу интервьюхь дийцира цIкъа дуьххьара Горбачевна моттара совтен Iедало лелийначу кепаца экономика ден ян аьтто бера бу. Амма дукха хан ялале гучуделира цуьнах гIуллкх хуьлаш ца хилар а, кхин некъаш лаха дезаш хилар а. Горбачевс пайда ийцира Февралехь (Чиллан-баттахь) –мартехь (зазадоккху-баттахь) хилла болчу 27-чу Компартин гуламах. Цигахь цо дIакхайкхийра «перестройка» олуш йолу политика.

1997-чу шарахь Горбачевс бакъо йелира махкахь Малхбузерачу пачхьалкхашкахь лелош йолчу экономикан юкъаметтигийн механизмаш юкъаяха. Цо бакъо йелира нахана шайн гIуллакх лело. Юкъайевлира копперативаш а, жимийн фирманаш а.

Горбачевс хьалхататтар дира цхьадолчу Iедалан даржашка болчу харжамашкахь масийтта кандидат хила веза аьлла. Цензура гIел а йина, цо маршо йелира зорбанан гIирсашна. ДIахийцира, политика бахьана долуш, чубоьхкина болу нах. Цо реабилитаци йира Сталинан режимо хьизийна болчу нахана. Горбачевс бакъо йелира хьалха йихкина хиллачу книжканашна зорбатоха.

Медведевс иштта дуьйца шайн хIунда дийзира цу кепара радикалан политикан г1улчаш яха бохучух лаьцна.

«Цулт1ахьа тхо кхийтира экономикан хийцамаш балур боций, политикан а, идеологин а хийцамаш а ца беш, вуьштта аьлча, дерриг а тхан юкъараллах лаьцна дерг а ца хуьйцуш».

1988-чу шарахь аьхка Горбачевс дIайолира уггара, ша юхьара лаьцна йолчу реформех, радикалан реформа. Иза йоьзна яра йерриг а пачхьалкхан аппарат хийцарца. Цо керла низамаш доха орган кхоьллира - Халкъан Депутатийн Кхеташо.
15-чу Мартехь (Зазадаккхаран-баттахь) 1990-чу шарахь иза дуьххьара а, тIаьххьара хаьржира Советан пачхьалкхан президент.

Шеварднадзеца цхьана Горбачевс керла политика дIайолийра Малхбузенца. 1амерки президентаца Рейган Рональдаца цо барт тIеийцира, зарратан герзана 1уналла дарца боьзна болу. Советан Iедало латтош хилла режимаш Малхбалерачу Европехь иэга йолайелча, Горбачевс сатуьйхира, юкъа а ца гIерташ. Иза IадIийра Берлинера Пен бохош а. И бахьана долуш цунна делира Нобелан цIарах долу Машаран совг1ат.

Амма Горбачевс меттахбаьхна болу ницIкъаш шайн дахарца баха буьйлабелира. Эххаре а иза д1адирзира Советан пачхьалкх йоха а юхуш.


Иза юйхира 1991-чу шарахь Августехь Марсхьокху-баттахь), Горбачев вохо гIоьртинчулла тIаьхьа. Медведевс дийцарехть иза хир дуй хууш вацара цхь а, 25 шо хьалха Горбачев Михаил Советан пачхьалкхан куьйггалле вогIуш.

«Цхьанне а, шена Горбачевна а тIаьхьа, ца хаъара мел баккхийн хийцамаш хир бу шаьш дIадолийнарг бахьана долуш. Иза гучуделира таьхьуо, барт бинарг баккъалла а кхочуш дан тхо дуьйладелча».

(ХIара материал эфирехь хилла 03 11 2010)