Махкахь дехаш долчу къаьмнийн хьашташ тергал ца дар бахьана долуш юьйхира Советан пачхьалкх. Изза кхерам лаьтта Оьрсийчоьнна тIехь а.
26-чу Августехь 1958-чу шарахь нохчий шайн даймехка цIаберзарна дуьхьала гIаттам айъира Соьлжа-галахь бехаш болчу оьрсаша. Москох дахьуш йолчу къаьмнашца йоьзначу политикина дуьхьала казахаш гевттира Алма-Атахь 1986-чу шарахь.
Кхин а кхо шо даьлча 1989 шарахь, эскарша, цIий а Iанош, дIасалаьллира Тбилисехь гулделла хилла адам. Цул тIаьхьа Бакох урамашка хьовсийра танкаш. Цу ша долчо, эххаре а, йохийра Советан пачхьалкх. Цу кеппара, махкахь дехаш долчу къаьмнийн хьашташ тергал ца дар бахьана долуш, пачхьалкх йохарна кхерам лаьтта тахана Оьрсийчоьнна тIехь а аьлла хета цхьаболчу эксперташна.
1958-чу шарахь Соьлжа-гIалахь хиллачу бунтах лаьцна иттаннаш шерашкахь дуьйцуш хIумма а дацара, иза ца хилча санна. Амма хилларг къаьмнашна юкъахь иккхина дов дара. Дар-дацарехь вийна волу Степашин цIе йолу цхьа жимастаг, нохчаша вийна аьлла арабевллачу оьрсаша, цхьа а еш дуьхьало а йоцуш, дIалийцира Коммунистийн партин обкоман а, милицин а, КГБ-н а гIишлош. Цара сихха хаьлхатеттира политикан тIедилларш.
Царах коьртанаш дара Нохч-ГIалгIайн автономин республикан метта «Грозни область» аьлла цIе тиллар а, цу областехь 10 процент бен нохчашна баха бакъо ца ялар а, кхечу меттигашкара оьрсий цига болх бан балор а. Эскарш а далийна, бунт айъинарш дIасалахка аьтто белира. Амма дIалаьцнаг, малар мелла воьжна висина маситта стаг бен, кхин цхьа а вацара.
Цул тIаьхьа, дукха хан ялале хиллачу КПСС-н пленумехь цу гIаттамах лаьцна дийцинарг стенограмма а ца еш дитира, иза бицбан Iалашонца.
Цу бахьанца делахь а, къаьманашна юкъара проблемаш Советан пачхьалкхехь дIаюйлаелира 1986-чу шарахь Алма-Атахь, аьлла хеташ ву Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан гуманитаран университетан информацин а талламан а центран директор Власов Алексей. Кху деношкахь цу лаккхарчу ишколехь хиллачу Бакох танкаш хьажорна хьажийна йолчу конференцехь дакъа лоцуш цо билгалдаьккхира Декабр-баттахь 1986-чу шарахь Алма-Атахь хиллачо ятIар эккхийтира советан пачхьалкхан чIагIаллина, ткъа 1990 шарахь Январь-баттахь Бакох хилларг тIаьххьара тIадам бара Советан пачхьалкх йохаяхаран, аьлла.
Дагадаийта деза, Ломан Карабах бахьана долуш дов иккхина болчу азербайджанхошна а, эрмалошна а юкъахь телхина йолу юкъаметтигаш къепедацаршка йирзина хилар 1990 шарахь. Бакох низам дIахIоттон цига танкаш хьажо сацам бира цу хенахь куьйгаллехь хиллачу Горбачев Михаила.
Иза цIеххьана хилла хиларх лаьцна дуьйцу цу деношкахь Бакох хиллачу журналисто Насибов Эльхана: «Тамашийна дерг хIун дара аьлча, танкаш а ялийна, гIалин чохь адамашна тIе герз детташ дара. Ткъа кхин а цхьа сахьт даьлча советан телевизионан хьалхарчу канало дIахьедар дира «Iедалша Бакох эскарш хьажо сацам бина» аьлла. Вуьштта аьлча, цара цкъа дуьххьара эскарш дахкийтира гIала, герз а детташ, массо а хIума доха а деш, ткъа кхин цхьа сахьт даьлча дIахьедар дира, шаьш иза дан дохку аьлла. Нагахь цара цхьа ах сахьт хьалха мукъане а и хаам бинехьара, оццу дукха адам ца хила а там бара цигахь. ХIинца а хета нахана, цигахь цхьа питана а дара, хаъа а хууш, иза леррина дина а дара, аьлла».
Горбачевс кхайхкийна йолу я «перестройка» а, я къаьмнийн юкъаметтигашца йоьзна йолу политика а яцара кхетташ концепци йолуш аьлла хета, вай лакхахь хьахийна волчу, Iилманчина Власов Алексейна. И бахьана долуш, Советан пачхьалкхехь маситта тIеман конфликт хилира къаьмнашна юкъахь. Бакох салташа адамаш дайъаро гойтуш дара, маьрша махкахь йолу Iедалан система хийца аьтто хирг ца хилар а, иттаннаш къаьмнаш деха Советан пачхьалкх кхин дIа латтон аьтто хир боций а.
Къаьмнашца йоьзна йолу политика кхечу агIора лело йезаш яра. Алма-Атахь казахаш майдане арабовларо гайтира, къаьмнийн республикашкахь меттах бовлуш кхин керла ницкъаш хилар а, цу республикашкахь керла боламаш гучубевлла хилар а, царца, кIад а ца луш, болх бан безаш хилар а. Нагахь и хаам шен хеннахь Iедало нийса тIеэцнехь, цул тIаьхьа хилла болу ирча бохамаш ца хила а магара Тбилисехь а, Вильнюсехь а, Бакох а иштта дIа кхи а аьлла тешна ву Власов Алексей.
Советан пачхьалкх йохар цу бахьанашца доьзна ду аьлла хеташ ву Бакох Советан эскаро адамаш дойуш цигахь хилла волу журналист Насибов Эльхан. Нагахь цу кеппара политика лелаяхь, изза чакхе хиларна кхерам бу кхечу пачхьалкхийн а аьлла хета цунна:
«Халкъан тешам байра Советан Iедалх а, Азербайджанан Iедалх а, коммунистех а. Халкъана гира Iедал шеца бала боцуш хилар, мелхо иза проблема хилар, халкъана хьалха хIоьттина йолу. Цу гIуллакхо йохийра Советан пачхьалкх. Тахана а цу тайппа процессаш дIайоьлхуш ю кхечу меттигашкахь а, Оьрсийчохь а. Нагахь санна Iедалш цу хIуманах ца кхетахь, иза юха а хила мегаш ду. 20-чу Январехь Бакох хиллачуьнан жамIаш цу тайпа чулацам болуш хила мега».
Советан пачхьалкхо дина долу доккха гIалат дара, кхиберш кхерор Iалашонца, динна халкъана таIзар дан гIортар, аьлла хеташ ву вай лакъохьа хьахийна йолчу Оьрсийчоьнан Гуманитаран университетехь хиллачу конференцехь дакъха лаьцна волу Азербайджанан Оьрсийчохь волу векал Бюль-Бюль Оглы Полад. Шена билгалдаккха лаьа, «таханлерчу Азербайджанан куьйгаллина ца хета таханлера Оьрсийчоь а, цу хенахь хилла йолу Советан пачхьалкх а цхьа амал йолуш ю аьлла. Иза Советан эскар дара, цу юкъахь дуккха а къаьмнийн векалш а бара» бохуш вара иза.
Амма тахана Кавказехь лаьтташ долчу хьоло гойтуш ду, цу хаттарехь таханлерчу Оьрсийчура Iедалийн долу кхачамбацарш аьлла хеташ ву вевзаш волу Оьрсийчура политик, шен хенахь къаьмнашца йоьзна йолчу политикехула Оьрсийчоьнан министр хилла волу Абдулатипов Рамазан.
(ХIара материал эфирехь хилла 26-чу Январехь (Дечкен-баттахь) 2009-чу шарахь)