2009 Шарахь Кху ДуьнентIехь Машар Хилар Кхин а Лахделла.

ЦКЪВ -- Цхьаьнакхетначу къаьмнийн вовшахтохараллан Инарла-Ассаблейб Нью-Йорк, 09 НОЯБ (ЛАХЬ)2009

Кху дуьнентIера пачхьалкхаш машар безаш хилар гойтуш терахьаш довзийтина «Vision of Humanity» «Адамаллин хьажар» олучу организацино. Цу талламца а догIуш I49 пачхьалкхана юкъахь, машар безарца, I43-чу меттехь ю Оьрсийчоь.


Цулла а девне Израил а, Пакистан а, кхин а карарчу хенахь тIемаш доьлхуш йолу йиъ пачхьалкх бен ца лаьрра «Адамаллин хьажаран» рапорто.

«Адамаллин хьажар» цIе йолчу вовшахтохаралло теллинарг дара, муха лаьтташ ду кху дуьнентIехь адамашна тIехь ницIкъ бар а, зуламаш дар а, терроран тIелетарш дан мегар аьлла долу хьал а, тIкъа иштта лулахошца йолу юкъаметтигаш а.

Говзанчаш и таллам беш пайда эцна Цхьаьнакхетначу къаьмнийн организацино а, «Дуьненаюкъарчу амнистино» а, кхин йолчу адамийн бакъонашларйон организациша а гулбинчу хаамех.

«Vision of Humanity» олучу вовшахтохаралло бинчу талламашна IатIкъам бинарш яра тIаьхьарчу хенахь хилла йолу а, хIинца а дIайоьлхуш йолу а конфликташ. Иштта, Оьрсийчоь а, Гуьржийчоь а уггара машар ца безачу пачхьалкхашна юккъехь юйцуш ю. Оьрсийчоь ю I43-чу меттехь. 2008-чу шарахь иза яра I36-чу меттехь. Гуьржийчоьно дIалаьцна I42-гIа меттиг. Цхьа меттиг лакхахь ю иза Оьрсийчоьналла.

Цаьршинналла а лахахь Иракъ хилар, кхеташ ду. Цигахь, дIабоьдуш тIом хилар бахьана долуш, бала хьогуш бу меттигера маьрша бахархой. Пакистан I45-чу меттехь ю. Цуьнан машар безаран индекс лахйелла кху тIаьхьарчу шарахь.


Цу кепара Оьрсийн пачхьалкхалла а къезиг машар безаш ю Израил а, Пакистан а, Судан а, ОвхIан-пачхьалк а, Сомали а, Иракъ а. Казахстан 95-чу меттехь ю. Iамерки Цхьанатоьхначу Штаташа дIалаьцна 85-гIа меттиг.

Уггара машаран пачхьалкх ю Керлан Зеланди. Цу гайтамехь иза хьалхара меттиг боккхуш йолу шолгIа шо ду. Цунна тIаьхьа йогIуш ю Исланди а, Япони а. Бинчу талламо гучудаьккхина машар безаш хилар Китай а, Куба а, Сьерра-Леоне а санна йолу пачхьалкхаш.

Талламан авторша билгалдаккхарехь, экономикан кризис бахьана долуш, дукхах йолу пачхьалкхаш машар къезиг безаран новкъа йевлла. Цу хеннахь, цара дийцарехь, глобалан кепара пачхьалкхаш вовше дуьхь-дуьхьала латтар лахлуш ду.