Иза кхеташ а ду. Цу стага дайтина лоруш дара Евкуровна иза вен дагахь дина долу кIоршаме тIелатар. Оьрсийчурча телевизионашна интервью луш, иза дика кхаъ бу бохуш дийцира Евкуров Юнус-Бека:
«Тамехьа хаам бу иза. Тамехьа, дика леррина операци ю иза. Лаккхарчу тIегIантехь. Даггара баркалла ала лаьа суна цу лерринчу операцехь дакъа лоцуш хиллачерна, иза дIальацначерна, шайн дахарна кхерам баьккхинчерна, цу тайпа доккхачу асарех цхьа асар бух даккхарна».
Магас дийна д1алацар, иза мухха а хиллехь а, ФСБ-н кхиам бу, аьлла, хета Оьрсийчурчу къайлахчу сервисашкахула волчу говзанчина, аналистана Солдатов Андрейна:
«Мухха а далахь а, иза кхиам бу, хIунда аьлча, шаьш тIемалоша а алара, Магас Кавказан Имаратан тIеман эмир ву, олий. Иза шолгIа стаг вара цу боламехь, шен мехала хиларца, Умаров Докка дIаваьккхича. Кхин гIуллкх ду, иза даиман а цхьана куьйгалхочунна куьйга къеллахь хилла хилар. Амма мухха а далахь а, иза шолгIа стаг ву цу структурехь. Цундела, иза пайденна хила мега, цигахь хуьлуш долчунна тIаьхьа кхиа оьшуш йолу информаци цуьнгара яккха».
Эмир Магас дIалацаро коьрта хаттар хIоттадо, муха IатIкъам бийра бу иза Оьрсийн ФСБ-н кара вахаро, Къилбаседа Кавказехь, ша аьлча ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а хуьлчунна, аьлла. Солдатов Андрейна хетарехь, Магас вуно чIогIа мехала тIеман куьйгалхо вара 2004-чу а, 2005-чу а, 2006 чу а шерашкахь. Цу хенахь иза шолгIа стаг вара, Басаев дIаваьккхича.
Магаса дакъа а лоцуш, дIаьяьхьна лоруш ю, цу шерашкахь цигахь хилла йолу, масийтта шуьйра тIеман операци. Иштта 2004 шарахь, масала, тIемалоша цхьана буьйсина дIалецира ша-йерриг а ГIалгIайчоь, дуккха а милицин а, прокуратурин а, ФСБ-н а белхахой а бойъуш. Оццула шуьйра операциш вовшахтоха аьтто болуш вара Магас цу хенахь.
Амма, хIинца Дуьхьалонан боламан тактика хийца йелла. ХIинца цара, коьртачу декъана, деш дерг ду милцошна тIелетарш. Цундела, Магас дIалацаро цигарчу хьолана баш IатIкъам бийра бац аьлла хеташ ву аналист Солдатов Андрей:
«Суна ца хета цу гIулкхо цхьа а мехала рол ловзор ю аьлла, аса дуьйцург, цо хуьйцура дац Къилбаседа Кавказехь терроризмаца къийсам дIабахьар бохург ду. ХIунда аьлча, тактика хIинца хийцайелла. Ткъа иза коьрта фигура яц дуьхьалонан боламехь. Амма, цуьнцана цхьана, иза, шеко а йоцуш, кхиам бу лерринчу сервисийн».
Кхин ойла йолуш ву цу хьокъехь Кавказехь хуьлуш дерг шен тидамехь латтош а, цигара хьал дика доьвзуш а волу Маршо радион аналист Бабицкий Андрей:
«Юххера тIейогIура йолчу хенах лаьцна аьлча, цо IатIкъам бийра бу. Иштта, муьлххачу а агIора бина а, IатIкъам бира къайлах лелачу тIемалойн тобанашна, халонаш хьега дийзира цера, Басаев Шемил а, Масхадов Аслан а санна болу тIемалойн лидерш дIабевлча. Цундела, "хIаъ" олу аса цу хаттарна. Иза вуно боккха эшам бу йерриг а тIемалойн тIеман структурина».
Амма генна ойла йича, Магаса а, цуьнан накъосташа а юхьарлаьцна долчу хIуманна иза дIалацаро къезг Iаткъам бийра бу бах Бабицкийс, хIунда аьлча адамаш дIадоьлху, амма идеяш юьсу:
«Массо а стаг вен а аьтто хир бу, амма идея лийра яц. Идея, хIуъъа а хилчи а, ойланашкахь йехар ю. ТIкъа хьалха, я тIаьхьа оьшуш долу хьелаш нисделча, цо юха а кхуллур ю тIаманна юкъагIура йолу керла тIеман тобанаш».
ХIинццалц мел лакхара тIемалойн куьйгалхо шайна хаа велча, иза вуьш Iедал дара Оьрсийчоьнан ницкъаллийн структурийн. ТIкъа Магас дийна дIалаьцна. Иза муха нисделла? Цу тайпа омра хилла-те ФСБ-н белхахошна делла, аьлла, шега хаьттича, Оьрсийчоьнан къайлахчу структурашкахула волчу говзанчо Солдатов Андрейс элира, иза ларамаза хилла хIума ду, аьлла, хета шена, аьлла:
«Цхьа а шеко а йоцуш, нагахь иза вийнехь а Бортниковс, хIинца санна, Кремле а вахана, дIахьедар дийра дара, шаьш Iаламат хаза леррина операци дIаяхьна, шаьш хьалха иттаннаш цу тайпа операцеш дIаьяхьна ма-хиллара, аьлла. Хьалха санна, иза хаста а вийра вара, орденш а йоькъур яра. Вуьшта аьлча, кхузахь, цхьана юккъерачу тIегIантIехь, хIинца а говза хиларан билгалонаш юсуш ю цхьадолчу ФСБ-н дакъошна юкъахь. Цундела, и тайпа, тIемалой схьалуьйцуш йолу, операциш дIаяхьало цаьрга».
Амма Солдатов а, Бабицкий а цхьа ойла йолуш ву, цхьана хIуманна тIехь. Магас йийсаре лацарх мелла а алсам пайда эца гIоьртур ду Оьрсийчоьнан Iедалш. Цара хIинцале а дIайолийна шайн пропагандин кампани.
Магас дIалаьцна масийтта сахьт а далале, цо хаам а бина, Нохчийчохь Ведан-кIоштIахь 10 тIемалочух лаьтташ йолу тIемалойн тоба хIаллак йина шаьш, аьлла, хаамаш баржийра Оьрсийчура ницIкъаллийн структурийн векалша.
Цхьаболчу хаамашца, масала, цунах лаьцна дIахьедар дина Кадыров Рамзана, цу нахана юкъахь ву дуккха хенахь дуьйна Нохчийчохь тIом беш волу эмир Амарат Ясир. Официала кепара и хаам тIечIагIбина бац.
Кхузахь тIетоха деза. ГIалгIайчурча тIемалоша, шайн ХIунафа олучу интернет-агIонна тIехь, бакъ дина хилар, эмир Магас каравахар.