Карарчу хенахь ПАСЕн цIарахь Къилбаседа Кавказера хьал шен тидамехь латтош волу Марти Дик, шен рапорт кечдеш, кху бIаьста хилира Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а. Цо тидаме эцнарш бара адамашна тIехь къизаллаш лелийна, нах байъина, уьш лар йоцуш байъина боху хаамаш. Мартин рапорт дийцаре динчулла тIаьхьа, ПАСЕн декъашхоша резолюци тIеийцира, Оьрсийчоьне терроризмаца къийсам дIабахьар низамашца догIуш дахьара аьлла а, адамийн бакъонаш йохийна болу нах жоьпе озабахьара аьлла а кхайкхам беш.
Бакъонашларярхошна хетарехь, Марти Дика кечдинчу кехаташна тIехь ма-дарра дуьйцуш ду Къилбаседа Кавказера хьал, цундела цаьрна реза ду шаьш элира Маршо радионна интервью луш Оьрсийчурча Мемориал олучу адамийн бакъонашкахула йолчу центран куьйгалхочо Орлов Олега:
«Тхуна хетарехь, цу документаш тIехь Къилбаседа Кавказехь долчу хьолан нийса а, къасташ а, ма барра а мах хадош бу, иза дукха буьрса хадабахь а. Хьал чолхе а ду, хала а ду, ледара а ду. Цундела, ларамаза дац Марти Дика кечдинчу рапорта тIехь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Къилбаседа Кавказехь а, муьлхха а Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхех долчулла а ледара хьал ду, аьлла, яздина хилар. Суна хетарехь, цу хьолана къасташ а, нийса а мах хадийна».
Амма Европан кхеташонан парламентан ассамблейно т1еэцначу резолюцино ша схьаваьккхина аьлча, цхьана а стагана пайда бохьур бу аьлла ца хета, дукхахенахь дуьйна Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а болх беш волчу Мемориалан декъашхочунна Байсаев Iусамина. Мелхо а, цу тайпачу рапорташа а, резолюциша а Нохчийчурча бахархошна зе дина меттигаш а ю бохуш дуьйца цо:
«Кхин башха цунах хилла гучу баьлла пайда бац нахана. Вайн проблема цигахь юйцу ю шолгIа тIом болабелчхьана дуьйна. ХIара шолгIа тIом болабелчулла т1аьхьа хьалхарчу сессишкахь дуьйна дIа уьш вайн цIахь дерг дийца буьйлабелира. Тахана I0 шо дIадаьлла. Гуш ду-кх вайна цунах хIун пайда хилла. Цулсовнаха, цхьадолчу хIумнашна тIехь ПАСЕс тIеэцна болчу сацамаша хьал талхор бен, хIума ца дина аьлла а хета суна. Масала. Гросс Андреас вар-кх цигахь жигаралла гойтуш, нохчийн проблема къасто йеза, бохуш, хьалха ваьлла лелаш, горга стол ян йеза, дагадовларш дIадахьа деза, бохуш. И хIума доладелчулла тIаьхьа, вайна хууш ду иза, дукха хан ялале нохчийн президент Масхадов Аслан вийра. Нохчийчохь «чеченизация» олуш йолу политика а йолийра. Нохчийн а, оьрсийн а бу аьлла хеташ болу тIом, нохчашна шайна юкъахь баккъаран процесс яра иза. Мелла а ПАСЕс гIо дира оьрсишна цу тIехь, оцу тIе иза далош. Тахана вайна гуш ду-кх цуьнан жамIаш».
Амма 2003 шарахь Марти Дикалла а, хьалха рапортер Биндиг Рудольф волуш ПАСЕ тIетаьIнера Оьрсийчоьнна, нагахь Нохчийчура хьал хийца ца лахь, дуьненаюкъара трибунал кхолла йеза цигахь зуламаш деш болчу нахана кхел ян, аьлла. Цуьнан дикачу агIора мах хада бо Байсаев Iусмас:
«ПАСЕс тIеэцна йолу резолюциш, цхьа йерш, дика яра. Масала, 2003 шарахь Марти Дика меттехь Биндиг Рудольф вара. Цо чIогIа, юха ца волуш, тIелацийтина сацам бара, нагахь Нохчийчохь долу хьал оьрсаша тон ца дахь, нах хьийзор саца ца дахь, кхолла йеза дуьненаюкъара трибунал, аьлла. И резолюци, вайна ма гарра, кхин баш тIаьхье йоцуш йисира».
Байсаев Iусамас ма-аллара, ПАСЕ-н аьтто бац шен резолюцеш ницкъаца чекхяха. Цу гIуллакхан кеп иштта юйцу Мемориалан куьйгалхочо Орлов Олега:
«Цхьана а кепара иза кхочуш дайта оьшуш йолу механизм ПАСЕн йоцуш ю. ТIе оьцу резолюци. Цу резолюци тIехь рекомендациш, я билламаш бу цхьана пачхьалкхе кховдийна болу. ЦултIаьхьа, цхьа хан яьлча, парламентан ассамблейно юха а дийцаре до и хаттар, шен рекомендацеш а, билламаш а муха кхочуш бина хьожуш. Кхин дIа, юха а дийцаре до и хаттар. Юха а ло рекомендацеш. Иштта, иза политикан механизм ю-кх, цхьана пачхьалкхана тIеIатIкъам баран».
Амма цхьа а пайда боцуш дуьсур дац Шинарийн дийнахь ПАСЕхь Къилбаседа Кавказера хьал дийцаре дар, элира бакъонашларярхочо Байсаев Iусамас:
«Цуьнан цхьа пайда хир бу, нагахь иза пайда лара мегар далахь. Нохчийчохь дерг дIадаьлла, Къилбаседа Кавказехь дерриг дика ду, аьлла, тIе куьг а хьаькхна, массо а хIума мегаш ду, аьлла, дIа ца дайъийтар. Цигахь проблема хилар хаийтар. И пайда а бен кхин пайда хир бац, аьлла, хета суна. Нахана цуьнах цхьана а агIора аьтто бера бац, соьга хаьттича, баьлла а бац хIинццалц».
ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь адамаш хьийзош а, дойъуш а, лечIкъош а хIума нисделча, берриг а бехк Кадыров Рамзана бу бохаш дуьйца массо а зорбанан гIирсаша. Иззза чIагIдеш хуьла бакъонашларярхой а, политикан жигархой а. Амма иза нийса дац, элира, Мемориалан белхахочо Байсаев Iусмас. Цуьнан бахьана иштта дийцира цо:
«Цхьана хенахь дуьйна тхан бакъонашларярхоша а, цу тайпачу юкъараллашкахь болчу наха а берриг а шайн тидам Кадыровна тIеберзийнера. Иза нийса дац, аьлла, хета суна. Тахана а Нохчийчохь зуламаш деш верг Кадыров вац. Кадыров оьрсийн пачхьалкхан векал ву. Иза хIоттийна ма ву цара. Нагахь санна, цуьнан ю бохучу структураша, схьаоьцур вай «Юг» батальон, батальон «Север» ... уьш цуьнан ма яц. Уьш 46 дивизин, чоьхьарачу гIуллакхийн министраллин, уьш церан нах ма бу. Цара луш ма ду цаьрна омра. Вайн, нохчийн, Iедал ма дац д1акъаьстина Оьрсийчоьнах. Цулсовнаха, цу структурашна оьрсийн Iедалан структураш ма ю тIейехкина. Цундела, суна хетарехь, Нохчийчурча Iедало зуламаш леладо бохуш, иза билгал а доккхуш, дийцар, цхьа Iалашо йолуш ду. Иза чIогIа оьшуш ду Москох болчерна. ХIунда ду? Нохчийчохь латтачу хьолана бехке веш верг Путин а вац, Медведев а вац, цара иза дойтуш доллушехь. Иццехь цара хIоттийна стаг ву цигахь. Ша дерриг а дуьцуш дерг цуьнан кочахь дуьсуш ду, ткъа хIорш цIена буьсаш бу. Суна хетарехь, иза гIалат дара. И гIалат бахьана долуш, нохчийн тема масийтта шо ду хьалха санна юйцуш йоцу, оццу ПАСЕно а, ОБСЕно а, кхечара а юкъара а яьккхина. Цара хIун дуьйцур ду, шаьш нохчаша и зулмаш деш хилча, бохаш».
ТIкъа Шинарийн дийнахь ПАСЕно тIеэцна йолчу резолюцина дуьхьала бацара Оьрсийчоьнан делегацин векалш. Масала, цу делегацин куьйгалхочо Косачев Константина элира, и рапорт тоъала бакъ ду, цу тIехь дац Къилбаседа Кавказехь долу хьал то дан хIара кеп лело йеза, бохуш, Оьрсийчоь тIетеIо гIертар, аьлла. Цхьаболчара цу кепара оьрсийн позици хилар дуза, Оьрсийчоьнан куьйгалхой Евробертаца шайн юкъаметтигаш тоян лууш хиларца. Амма, ма-дарра долу бахьана кхин ду, аьлла, хета Байсаев Iусамина. Мартис кечдинчу рапортах дукха къезиг хIума дисина хир ду, ПАСЕ дIакхаьчначулла тIаьхьа, аьлла, хета цунна:
«Слуцкий Леонид а ву, Косачев бохуш а ву Оьрсийчоьнан пачхьалкхан цигахь болу векалш бу уьш. Цара дуьйцучуьнга ладоьгIчи, цара бах шаьш и резолюци тIелоцур ю. Цкъа а Оьрсийчоьно атта тIелоцуш яцара и резолюциш, царна тIехь Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а бехаш болчу нахана пайдехьа долу хIума хилча. Цара иза тIелоцур ю бахахь, цигахь, оцу Марти Дика кечдинчу рапортах, къезиг хIума дисина, аьлла, хета суна».