WikiLeaks цIе йолу интернет сайт кху тIаьхьарчу шина дийнахь уггара евзаш йолчерах цхьаъ а хилла дIахIоьттина. ХIинццалц баш ю аьлла хаалуш а йоцу и интрнет агIо схьайоьллу иттаннаш эзарнаш Iамерки тIеман къайленаш йовза луучу наха. Цу тIехь деша аьтто бу 9I эзар сов документ.
WikiLeaks олучу интрнет сайте уьш дIаделла, шен цIе яккха ца луучу цхьана стага. WikiLeaks сайто цу кехатийн копиш дIахьажийна Iамеркерачу Нью-Йорк Таймс а, Британерачу Гардиан а газеташка а, тIкъа иштта Германерачу Шпигель журнале а.
Iамерки Iедалан векалша дIахьедар дина шаьш саготта ду цу тайпа къайлах йолу материалаш зобане яхарна, цу гIулкхо ОфхIанехь а, Пакистанехь а Талибан олучу боламанна а, Аль-Кхайдийна а дуьхьа къийсам латттош болчу нахана зе дан магара аьлла.
Кроули Филлип Iамерки Пачхьалкхан департаментан зорбанан секретар ву. Къайлах йолу информаци массерна а йовзийтар йемал до шаьш бах цо:
«Пачхьалкхан Департаменто а, К1айчу Ц1еноно а, Т1еман Министралло а йемал до «Уиккиликсо» къайлах йолу информаци гучу яккхар. Бакъ ду, дукхачу хьолахь цу документашна т1ехь дерг ду масийтта шарахь вай синтем боцуш латтош дерг. Цу г1улкхо кхемарм тосу вайн къоман кхерамазаллина».
Iамерки Армин куьйгалло дIахьедар дина шаьш бехк-такхаман гуллакх схьадиллина и къайлах долу документаш журналисташка дIаделла волу стаг лахар Iалашонца аьлла.
Wikileaks сайтана гIо деш бIаьннаш мехаза болх беш болу нах бу кху дуьнентIехь массо а маьIIехь. Цундела, лиъчи а и сайт сацо а, дIачIагIа а аьтто бац цхьанне а.
Эссандж Джулиан ву и сайт кхоьллина волу журналист. Маршо радионна ша йеллачу интервюхь цо дийцира, ша шегахь йолу информаци Нью-Йорк Таймсе а, Гардиане а, Шпигеле а дIаяларан бахьана дара уьш Iамеркехь а, Британехь а, Германехь а уггара лоруш а, ницIкъ болу а зорбанан г1ирсаш хилар бохуш.
Эссанджа дийцарехь, къайлах долу документаш зорбане а даьхна, цуьнан Iалашо яра деш долу зуламаш куьйгалхоша хьулдеш йолу система хийца гIортар:
«Тхан долу хьажар керла х1ума дац. Муьлхха а оьшуш болу сацам бан, хаа деза баккъалла а хуьлуш дерг х1у ду. Муьлхха а нийса сацам бан кхета веза х1у харцонаш ю, я харцонаш лело дагахь планаш ю. Тхенологиш тхайна йевзан дела, тхуна гуш ду къорггера реформаш ян аьтто болаш хилар, нагахь юкъараллина а, сацамаш беш болчу нахана а баккъалла а хуьлуш дерг хууш хилча».
Эссанджа билгалдаьккхира, шайгахь долу къайлах долу документаш кхеча зорбанан гIирсашка дIалуш шаьш лардина хилар уьш деллачу стеган цIе йоккхур яц аьлла шаьш делла долу дош:
«Оха дош ло тхайн хьостанашна. Оха ч1аг1о йеш долчерах цхьаъ ду, оха тхаьшка далург ша-дерриг а дийра ду уьш ларбан бохург. Шолг1а. Оха ч1аг1о йо оха мелла а алсам пайда оьцур бу цара тхайга деллачу документех олий. Тхуна хетарехь, тхайгахь йолу материалаш кечаьрга д1аялар, цу кепара, церах мелла а алссам пайда эца г1ортар дара».
Андерсон Крис Нью Америка Фоундейшинан Iилманан белхахо ву. Цунна хетарехь, WikiLeaks динарг журналистикехь керла эра схьайоьллуш долу хIума хила мега, цу кепара сайташ таллам бечу журналисташка оьшуш йолу информаци дIакхачош юкъарло лелош а йолуш. Амма и юкъарло лелош долу хьостанаш тешаме хила деза бохуш варе до Андерсона.
Цо чIагIдарехь, керла технологиш аьтто бо къайлах йолу информаци гIаряккха, и динарг мила ву а хьулдеш. Амма даиман а хилла йолу ламастан журналистика юсур ю бах цо.
Афтергуд Стивен Iамерки Iилманчийн Федерацин пачхьалкхан къайленаш ларярехьа йолчу проектан куьйгалхо ву. Цунна хетарехь, карарчу хенахь йолу ламастан журналистака оьшуш ю WikiLeaks санна йолчу тобанаша гучу йоккхуш йолу информаци бакъ ю-яц къастош таллам бан а, иза оьшучу кепехь зорбане кечян а.
Эссанджа а бах ОвхIанерачу тIамера рапорташ доьшуш хIора а стага ойла ян йеза, мелла тешаме хьост ду и информаци йелларг бохучунна, къаьсттина хаам бинчу наха дуьйцучунна тIе а тоьвжина хIиттийна долу, Iамерки эскархойн рапорташ доьшуш:
«Вай цу хаамашка ларлуш хьовса деза. Цигахь дукха материалаш ю. 91 эзар рапорт ду цигахь, шайна юкъахь меттигерачу эскарийн тобанийн а, Овх1ан-пачхьалкх хьокъехь векалаллаш яздинарг а, талламхойн а, информаторийн а рапорташ а долуш. Информаци латтош болчу наха шайн рапорташ яздина ахчан дуьхьа. Цаьрна алап луш дерш ду мехала сацамаш бан дезаш долу 1амерки 1едалш. Цу наха рапорташ яздеш хилла, шайн конкуренташ д1абахар 1алашонца, я шайна ца везаш волу лулахо, я шайн доьзалан мостаг1 х1аллак ван а 1алашо йолуш. Амма наггахь цара рапорташ кечдеш хилла баккъалла а дерг а гойтуш».
Эссандж хаам бира Маршо радиога шена цхьаммо а кхерамаш а ца тийсина суьде озор ву бохуш, я цхьана а кепара тIеIатIкъам а ца бина шена ОвхIан-пачхьалкхехь боьдуш болчу тIамах лаьцна долу кехаташ зорбане даьхна аьлла.
Аттанасио Джон Iамеркера Бакъонан Университетехь профессор ву. Цунна хетарехь, WikiLeaks-на цхьана кепара бехк билла гIоьртар дац Iамерки Iедал и рапорташ бахьана долуш. Амма дуккха а шерашна къийсамаш дIабахьарна гIо дийра ду цу гIулкхо аьлла хета цунна:
«Нагахь цуьнах лаьцна а, цу тайпа журналистика х1ун ю бохучунна а гонаха дебаташ ян лууш нах балахь а, суна хетарехь журналисташа дийцаре дан деза и г1уллакх. Амма суна хета, блогаш язйар берриг а дуьнент1ехь бехаш болчу нехан юкъара г1уллакх хиларна, иза алсам дуьцур ду цара, 1амерки низамамин системехь дуьцур долчулла а».
Вайн цIа вай юхадирзича, ойла кхоллало, цхьа а стаг ца ваьлла-кх Нохчийчохь Оьрсийчоьнан эскархоша лелийнарг дуьйцуш рапорташ нахала даха, олий. Амма цу тайпа адамалла долу къонах ваьллехь а, нахала яккха информаци цунна карор яцара бохуш дуьйца Оьрсийчурча вевзуш волчу тIеман эксперто Гольц Александара.
«Со вуно ч1ог1а тешна ву Нохчийчохь дина долу зуламаш, уггара лахарчу т1ег1ант1ера дуьйна д1а, хьулдеш дара бохучух. Цундела «Уиккиликс» ц1е йолчу сайт т1ехь зорбане даьхнарш санна мехала документаш Оьрсийчохь а ду аьлла ца хета суна. Муьлхха а Оьрсийчура куьйгалхой лууш хир бу и истореш ца хиллача санна лаьттах йохка, иза шаьш сиха мел дин а, г1оле а хеташ».