Оьрсийчурча бакъонашларярхочо Ганнушкина Светланас кхайкхам бина Евроберте нохчийн мухIажаршна политикан тховкIело ялар аттачу даккхар Iалашонца шайн низамашкахь хийцамаш бахьара аьлла. Маршо радионна интервью луш уггара йоьвзаш йолчу Оьрсийчурча адамийн бакъонашкахула йолчу Мемориал цIе йолчу вовшахтохараллан жигархочо Ганнушкинас элира Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь политикан тховкIело йоьхуш болу нохчий тIеIиттало къинхетам боцучу бюрократина аьлла. Цо дийцарехь, и бахьана долуш дуккха а нохчий цIахьежош бу, шайна кхераме долчу махка.
Ткъа хIун проблемаш ю нохчийн Европехь, аьлла, шега хаьттича, Ганнушкина Светланас элира, коьрта нохчийн проблема цаьрна Европерачу пачхьалкхашкахь баха а, болх бан а оьшуш долу кехаташ ца далар ю аьлла.
-Коьрта проблема маьршаваларца йоьзна ю. Царна мухIажарийн статус ца ло. Царна цхьана а кепара уьш ларбар Iалашонца деш гIо дац. Болх бан бакъо йолуш а бац уьш. Ткъа цу гIулкхо яккхийн халонаш кхуллу цу нахана. Цулсовнаха, царна мухIажаран статус луш хилча а, иза дукха йеха процедура ю, юх-юха дехарш а деш дIаяьхьа йезаш йолу. Цо йеххачу хенахь бала латтабо цу нахехь.
Ганнушкина а, Европера адамийнбакхоншкахула а, махках баьхначу нахехула а йолу кхеташо а, Брюсселехь туп тоьхна йолу адвокатийн тоба а цхьацца некъаш лоьхуш бу Евробертан низамаш хийцийта гIерташ, политикан тховкIело йоьхуш болчу мухIажарех хьакхалуш долу. Уьш къаьсттина реза бац Дублинан конверци олучу низамана. Цуьнца а догIуш, мухIажаран гIуллакхах лаьцна сацам бан дезаш ю иза дуьххьара дIакхаьчна йолу Евробертана юкъайогIуш йолу пачхьалкх. Критикаш дийцарехь, цу низмо яккхийн халонаш хIитта йо политикан тхов къело лоьхуш болчу нахана, хIунда аьлча дозанехь йолчу пачхьалкхаша уьш юхахьежабо, я кхечу пачхьалкхе дIабохуьйту церан гIуллакх чекх ца доккхуш.
2003-чу шарахь дуьйна Евробертан территори тIехь Оьрсийчура къелхьара бовла гIерташ болчу нехан терахь кхолагIчу меттехь лаьтташ ду. Церах кхолагIа дакъа нохчий бу. Церах дукхах берш кхочу Евробертан территорина тIе Польшехула.
Критикаш дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь Польшо сацам бина политикан тховкIело лоьхуш болу дукхах болу нохчий цIа хьовсо, царна цIахь болу кхерам гIелбелла аьлла.
Амма Ганнушкина реза яц Польшин Iедалша дуьйцучунна. Цо чIагIдарехь тахана а Нохчийчохь дуьсуш ду адамаш лечкъор а, уьш хьийзор а, лар йоцуш дар а.
-Нохчийчохь лаьттаерг кху кепара хьал ду: хIоранна а тIехь кхерам лаьтташ бу, нагахь иза системина къелтIаьIаш вацахь. Ткъа и тоталитаран юкъаралла лан чогIа хала ду дуккха а хенахь Европехь баьхначу нахана. Каьсттина кегийрачу нахана. Нагахь жимастаг, масала, I2 долуш кхуза веанехь, цу хьелашка, суна хетарехь, юхаверзалур вац иза. Суна бевза цIа а бахана чура ара а ца бовлуш Iаш болу нах. ЦIераш яха аьтто бац сан цера, халахеташ далахь а. ХIунда аьлча, тхоьга официалан кепара гIо ца доьху цара. Цара гIо доьху шаьш Малхбузерачу Европе юхабаьхкича. Амма хIинца аса церан цIераш яхахь, уьш кхерамехь бу.
Европерачу мухIажаршкахула а, махках баьхначу нахехула а йолчу кхеташонехь Оьрсийчура бевдда болу нах шен тидамехь латтош ю Риммер Клэйр. Евробертан территорина тIехь политикан тховкIело йоьхуш болчу нохчаша яккхийн халонаш хьоьгур ю уьш нуьцкъала цIа бахийтахь, аьлла, хеташ ю иза.
-Iедалша дуьйцу, хьал гIоьрина ду Нохчийчохь, амма дIанислуш ду бохуш. Цара дуьйцу шайн цIахь а церан аьттонаш бу маьрша баха бохуш. Иза ду церан аьтто бу Оьрсийчохь шайна луучу меттехь баха а, массанхьа а Iедалша ларбеш а бу уьш бохург.Амма оха къуьйса царца цара цу кепара дуьйцург.
Европерачу мухIажаршкахула а, махках баьхначу нахехула а йолчу кхеташоно критика йина Цхьанакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан МухIажарийн ГIуллакхашкахула волчу Лаккхарчу Комиссарана цо Къилбаседа Кавказерачу мухIажаршна гIо-накъосталла деш хилла йолу шайн Буру-гIалара офис дIачIагIарна. И бахьана долуш Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхаша кхечу хьостанех пайда эцна нохчийн мухIажарш цIа хьовсо сацам беш. Цу хьосташна юкъахь яра Iедалша латтoш йолу, теша хала долу адамийн бакъонашкахула йолу вовшахтохараллаш.