Хууш ма-хиллара, таханлерачу денна дуккха а хилла болу нохчийн тIемалой бу Нохчийчурча милицехь болх беш. Кестта уьш ша берш а аттестацех чекхбовла безаш бу, керла кхуллуш йолчу полицин белхахойн барзакъ тIедохале. Керлачу низамца а дог1уш полице дIаэца йиш яц нагахь стаг чуьвоьллина хилла валахьа, я цунна дуьхьала бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина хиллаехь.
И бахьана долуш Ичкерин байракхашна къеллахь тIом бина болу а, чубоьхкина хилла болу а милцой йиш йолуш бац полицехь болх бан. ТIкъа уьш дIабахахь цхьаболчу хаамашца 20 сов эзар стагах лаьтташ йолчу Нохчийчурча чоьхьарачу гIуллакхийн министралла болх бан стаг а воцуш йиса мегаш ю.ХIунда аьлча цигахь хиллачу шина тIамехь дакъа лаьцна боцу нах каро дукха хала ду республикехь.
Цундела Нохчийчурча парламенто леррина кхайкхам бина Оьрсийчурча Пачхьалкхан Думе полицех лаьцна долчу керлачу низамна тIехь оьшуш болу хийцамаш бахьара аьлла. Нохчийчурча депутаташ доьхург ду, амнисти йинчу нахана а, талламан гIуллакхаш маслаIат карорна дIачIаьгIна долчу нахана а полицехь болх бан бакъо ялар.
Полицех лаьцна долу низам болх бан доладелла Оьрсийчохь Зазадоккхучу-беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна. Чоьхьарачу гIуллакхийн министраллана реформа йийра йолуш ю. Цуьнца а догIуш, милицех полици хир ю. Полицега дIайохур ю цунна болх бан новкъарло йеш йолу цхьайолу функцеш. ТIкъа милцойн могIарш лахдийра ду 20 процентана.
Къаьсттина Нохчийчурча милцойн сагатдойтуш дерг ду и тIаххьара хаттар. Полицин белхахочуьнан алап тIетухур долуш ду. ТIкъа керла барзакъ а, дика алап догIу белхан меттиг а, тIехула тIе болх беза а ца хилар бахьана долуш полице баха лууш болчу нехан чот яц. Цундела дукха къезиг нах хир бу цигара дIабовла лууш а. Амма, схьагарехь, нохчийн милцоша баш цу агIора сагатдан оьшуш а дац.
Нохчийчурча чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто полковника Петров Владимира республикерачу телевизионехула вист хуьлуш цу хьокъехь элира нохчийн милцойн терахь ша ма-дарра дуьсур ду аьлла.
-Оьрсийчоьнан президенто шен къамелехь элира, Къилбаседа Кавказехь болчу низамаш лардон органийн белхахойх хьакхалур дац милцойн могIарш жимдар аьлла. Амма хийцамаш барх вай чекхдовла дезаш ду кхин йолу Оьрсийчоьнан Федерацин субъекташ санна.
Шена тIе тидам бохуьтйтуш ду полицин белхахочуьнан декхъарш а. Уьш а хьахийра полковника Петров Владимира.
-Уггара хьалха Оьрсийчоьнан Федерацин махкахочунна гIо дар ду. Стагана гIо дар и хьокъехь зулам деш далахь а, я цунна эшам беш балахь а. Полицин белхахо шен хеннахь гIо даккха ван везаш а ву, Оьрсийчоьнан Федерацин махкахочунна говзаллица гIо дан дезаш а ву.
Полицин балхахочуьнан а, бахархойн а бакъонаш а, декхарш дуьйцуш леррина «Памятка» олуш долу тептар арахецна Оьрсийчохь.
Цуьнца а догIуш, цхьа стаг дIалоцуш полицин балхахочуьнан декхар ду шен цIе а яьккхина, дарж а, чин а довзийтина, белхан кехат а гайтина, стаг дIалацаран бахьана а, Iалашо а йийца.