Пакистанехь вийна уьссалгIа лор

Пакистанехь бахархой полиомиелитах ларбан вакцинаци еш дакъалоцуш хилла волонтёр велла шена хиллачу чевнех. Иза уьссалгIа лор ву цу пачхьалкхехь кху тIаьхьарчу деношкахь вийна волу. Байинчерах 5 зуда ю.

И тIелатарш дар бахьана долуш Пакистанехь вакцинаци яр сацийна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино. Вакцинаци еш хилла лоьраш байинчу наха дIахьедар дина, Ислам-дино магош дац иза дар аьлла.

Адамаш чолакх дуьйту полиомиелит олу цамгар кху дуьнентIехь уггаре яьржина йолу меттиг ю Пакистан.