Украинехь йоьрзучу кхаьчна Путин Владимир, Оьрсийчоьнан куьйгалхо, вен араваьлла хилла бохуш жоьпе ийзочу нохчочун, шелахочун Осмаев Адаман кхел.
Талламчел башха, нийсонехьа къасталуш йоцчух тера ду кхел а – цо беша болийначу сацамо бакъдо иза вуьззина бехкехилар.
Одессерчу Приморски кΙоштан кхело Осмаев Адам террорхойн тобан декъашхо а, цигарчу Тирасполан урамехь дахначу шеран Чиллан-баттахь эккхийтар дарна бехке а хиларх болу шен сацам дIабеша болийна.
ХΙетахь оцу бохамах велира 26 шо долу нохчо Мадаев Руслан, чевнаш хилира Казахстанера схьаваьллачу Пьянзин Ильяна – иза хΙеттехь лецира меттигерчу кхерамзаллин урхаллан. Бутт гергга хан яьлча лецира Осмаев а.
Цул тΙаьхьа ницкъахоша дΙакхайкхийра, шаьш а, оьрсийн коллегаша а Путин Владимир - оцу хенахь Оьрсийчоьнан премьер-министр а, президенталле кандидат а вара иза - вен араяьлла тоба Ιораяьккхина аьлла.
Теракт ян кечлуш вара ши нохчо а, оьрсий а бохург тΙечΙагΙдеш бу хΙинца кхело дΙабеша болийна сацам а.
Иза 73 агΙонах лаьтта. Сацам боьшуш сахьт сов хан яьлча, прокурора Зайцева Аннас, суьдхо къадъелла-бодъелла хилар а гина, дийхира кхел цхьана ханна юкъахъяккхар. Оцунна резахиллачу суьдхочо тΙебогΙучу беттан 4-гΙачу дийне дΙатеттина кхелан белхан рогΙера де.
Амма хΙинцале кхело довзийтинчу сацаман декъо гойту Осмаевна нехан бахам талхорал а, оьккху коьчал лелорал а совнаха бехкаш а буйла тΙехьарчош.
Сацаман кийсиг: «2011-чу шеран ГΙуран-бутт бовш Осмаевца скайпехула зΙенебевлла бевзаш боцу Кавказ Имаратан Туркойчохь беха векалш, цара цунна тΙедожийна Одессехь петар лаца а, цига вогΙуш волу ши стаг тΙеэца а – Мадаеввий, Пьянзинний. Цара Оьрсийчохь лелхийта езаш хилла массех экономикехь башха йолу меттигаш. И ши стаг лелхарш дан Ιамон декхаре вина хилла Осмаев. Мадаевс Осмаев а, Пьянзин а резавина Оьрсийчоьнан Ιедалан куьйгалхо Путин Владимир воьш терроран акт ян».
Бехкбилларан дехкарш ду, аптекашкахь а, туьканашкахь а бухкучу муьлхачу гΙирсах, молханах бохкура Осмаев а, цуьнан накъостий а эккхийтар дан дуьйцуш. Ондда оьккхург а кечйина, иза мобилан телефонца оьшшучу меттехь, оьшшучу сохьтехь эккхийта бахкара уьш, боху сацамо.
Осмаев Адаман цΙийннана Окуева Амина тешна ю кхелан дайша кхоьллинарг туьйра бен а дацарх.
Окуева: «И сацам цхьана декъазчу детективан дийцарх тера бу. Кхерамзаллин урхалла, йозанан экспертизаш а еш, Осмаевца цхьаьна Пьянзин а левечу меттана – ткъа иза дина а дац – Ιаьнан суьйренашкахь и аьшпаш кхуллуш Ιийча санна хетало».
Осмаев Адаман адвокат Черток Ольга кхеташ яц оццул дукха галморзахе хΙуманаш стенна ду девнан дуьхехь. Иза, масала, цецъюьйлу, тешийн могΙара дΙа стенна ваьккхина яьгначу чоьнаш чохь массо а пенаш тΙехь цхьабосса цΙеран ларш яра баьхна цΙеяйъархо – оцу тешо гойтура, боху адвоката, петар чохь эккхийтар ца динийла. Кхелан сацамо Осмаев во оьккху коьчал яр хьехнарг а. Ткъа Черток Ольгас, графологаша билгалдаьккхина бомба муха йо яздинарг Пьянзин вуйла, боху.
Черток: « Стагна тΙехь мел гΙело ян еза, хьовсийша, цо ша ца динарг а шена тΙеэццал»
ВорхΙ бутт бу ша а, кхечара а Осмаевна теΙхь низамо магош йоцу гΙело йо бохуш, орца доху, амма теллина а дац тхан аьрзнаш, тΙаьххьара кехат ас оцу хьокъехь пачхьалкхан прокуроре кху деношкахь а яздина, бохура адвоката Черток Ольгас.
Суьдхо къадъялар коьрте а эцна, юкъахбаьлла болх кхело дΙахьор бу Чиллан-беттан 4-гΙачу дийнахь.