Iамеркерчу «Форбс» журнало зорбане даьккхина ша хIора шарахь кечдеш долу кху дуьнентIерчу уггаре а хьал долчу нехан цIейоза. Цуьнца а догIуш, 2013-чу шарахь кху дуьнентIехь ву 1426 миллиардер. Цу формалан йоцучу уггаре а хьал долчу нехан клубана кху тIаьхьарчу шарахь юкъавахана кхин а 42 пачхьалкхера 210 стаг.
Миллиард ахча долчу 104-ъа зудчунна тIекхетта кхин а 24 зуда. Цу кепара миллиардаш долчу зударийн терахь ду 138. Кху дуьнентIехь уггаре а хьал долу стаг лоруш ву Слим Карлос. Цуьнан ду 73 миллиард доллар. ШолагIчу меттехь ву 67 миллиард доллар долу Iамеркахо Гейтс Билл.