Узбекистанан Iедалша хьийзабо шайн махкара оппозицин векалш

Узбекистанан Iедалша хьийзош бу шайн махкара адамийн бакъонашларъярхой а, оппозицин жигархой а, журналисташ а. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Human Rights Watch олучу дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашкахула йолчу организацино.


Цу дIахьедаран авторша кхайкхам бина Iамеркан Пачхьалкхан секретаре Керри Джоне кху беттан 12-чу дийнахь Вашингтонехь Узбекистанан арахьарчу гIуллакхийн министрца Комилов IабдулIаьзизца хир долчу цхьаьнакхетарехь и хаттар айъахьара аьлла.

Human Rights Watch билгалдаккхарехь, Узбекистан Iамерко ша критика а ца еш йита лууш ю, Цхьаьнатоьхначу Штатийн ОфхIанистанехь долчу эскаршна оьшург латтош шаьш шайн территорех пайда эцийтарна дуьхьал.