Набилна вевзара Авторханов Iабдурахьман

Нохчийн историк, политолог Авторханов Iабдурахьман

Урдунехь веха Iилманча, лингвист, иттех дуьненан мот хууш волу нохчо Бено Набил. Цхьана муьрехь, 1970-чу шерашкахь, Маршо Радиохь болх а бина цо. ХIетахь шен кхечу гоьваьллачу нохчочуьнца, политологца Авторханов Iабдурахьманца лелла гергарло цкъа а ца дицло Набилна.
Мюнхенехь шаьш Авторханов Iабдурахьманца мерза яьккхина зама дагалоьцуш, Набила дийцира мел чIогIа хьаьгна вара шен даймохк, Нохчийчоь, ган дуьненна а вевза диссидент, Советан Iедалан хатI ма-дарра нахана довзуьйтуш хьийза сийлахь нохчо.

ЛадогIа Набилан дагалецаме.

Your browser doesn’t support HTML5

Набилна дагавогIу Авторханов Iадрахьман