Хиллачу Югославехула йолчу ХIаагерчу дуьненаюкъарчу трибунало 10 шаран тIера 25-а шаре кхаччалц хенаш а тоьхна чуваоьллина эскархо хилла волу ялх Боснера хорват. Царна бехке диллина 1990-чу шерашкахь Боснехь тIом боьдуш тIеман зуламаш дар.
Уьш массо а бехке бина адамаллана дуьхьал зуламаш дарна а, бусулба нах байарна а, уьш хьийзорна а. Уггара дукха хан - 25 шо - тоьхна ша йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначу Герцег-Босна цIе йолчу пачхьалкхан премьер-министрна Прлич Ядранкина. Хорватийн Республика Герцег-Босна, шен коьрта гIала Мостар а йолуш, лаьттира Боснин территори тIехь 1991-чу а , 1994-гIачу а шершна юкъахь.