Москох мэр хIотта веъна Навальный



Киров-ГΙалара Москох веъначу оьрсийн оппозицин лидера Навальный Алексейс ша схьакхаьчначу цΙерпоштан социйлехь вистхуьлуш, ша шен мэран харжамийн штабе воьду, ворхΙ кΙиранах тΙетаьIΙина болх бан беза, вай тоьлур ду, элира гулбеллачу нахе. Ярославан вокзалехь алссам дара цунна доьхьалдаьхкина адамаш, цара маьхьарий беттара: «Навальныйга ло мэран дарж!», - бохуш.

Навальный Алексейна пхи шо хан набахтехь такха тоьхначу Кироврчу кхело, цкъа дΙа а лаьцна, цо чуделлачу аьрзнех дерг къастадаллалц, ханна дΙахецна иза. Навальный Москох кхочучу юкъанна, шайга цΙерпошта чу бомба йиллина аьлла хаам бина, бохуш, гулбелла алссам полицин белхахой бара вокзалехь, тΙаьхьо дΙакхайкхийра цара, цΙерпошта чохь бомба ца карийна, аьлла.