Iамеркан юстицин министралло рапорт кечдина Тодашев ИбрехIим вер хьокъехь

Iамеркан юстицин министралло цкъачунна аьлла рапорт кечдина Нохчийчура вахархо Тодашев ИбрехIим вер хьокъехь. И документ дIакхачийна Флорида-г1алан прокуратуре. Цуьнах лаьцна журналисташка хаам бина цу г1алин прокуроро Эштон Джефа.

Цкъачунна билггала цу рапортана тIехь дуьйцург хIун ду хууш дац. Карарчу хенахь Iамеркехь волу Тодашев ИбрехIиман да Тодашев Iабдулбакъи дагахь ву, меттигерчу адвокаташа накъосталла а деш, Федералан талламан бюрона дуьхьал латкъам чубала.

26 шо долу Тодашев ИбрехIим вийна Федералан талламан бюрон белхахочо кху шеран Стигалкъекъа-беттан 22-чу дийнахь. "Ассошейтед Пресс", агенталло бинчу хаамца, карарчу хенахь шега кхаьчна рапорт доьшуш ву прокурор Эштон Джефф.