Бехк-такхаман гIуллакх долийна ХIинжа-гIалин мэран Амиров Саидан хьокъехь. Ицунна бехке дуьллуш ду, ракетийн гIирсах пайда а оьцуш, теракт кечъеш хилла хиларна.
Цу гIуллакхе озийна ву, Хасу-юртан прокуроран когаметта хилла волу Абдулгалимов Махьамад а, Каспийскан администрацин когаметта хилла волу Джапаров Юсуп а.
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан векало Маркина бинчу хаамца, Дагестанера Iедалан гIуллакххочунна тIелатар дан кечам беш хилла уьш, республикан Iедалан хьукхматийн сацамашна тIеIаткъам бан аьттонаш бохуш.
Тахана полицино лехамаш дIабаьхьна Амиров СаьIидан кIентан, Дагестанан Къоман Гуламан депутатан Амиров Махьамадан хIусамехь. Амиров бехке веш ву, 2011-чу шарахь талламхо вейтарна а. Стигалкъекъа баттахь лаца а лаьцна, Москохарчу набахтина чувоьллира. Ша Амировс шена бехк тIе ца лоцу. ГIуллакх политикан бух болуш лору цо.