Могашалла дика стенгахь Iалашъйо: Нохчийчохь я Дагестанехь?

Shutterstock - лоьран сурт


24 шо долу Соьлжа-гIалара ИбрахIим, мера чуьра чохчам дIаяьккха, леррина Дгестанерчу Хинжа-гIала вахнера. И операци ша, башха яьккхийчарах лоруш яцахь а, цунна цIерачу лоьрашка шен мерах куьйгаш Iиттийта ца лиънера. Цкъа операци а ейтина цIа веъча а , цхьа ах шо даьлча юха а вахнера иза цига, чов юхахь а яьлла. Шена цигара лоьраш гIоле хета, элира цо Маршо радиога, нохчийн а, дагестанхойн а лоьрийн говзаллан мах хадош.

ИбрахIим: «Кхузахь и операци йина болу нах, Дагестане баьхкина бара. Суна сайна а воьвзу массийта стаг. Хинжа-гIалахь дика дарбан хIусам ю аьлла хезна вахнера со цига.суна цигахь гIоле а хилира. Цигахь лоьраш кхузахьчулла дуккха а гIоле хьовсу. Хьалха операци йинчулла тIаьхьа, хIора 10-15 минот моссуза йолу чу вогIура лор».

Тахана, Нохчийчохь, кхин хилча ца маггала дукха дарбан хIусамаш ю, тайп-тайпан агIонаш а йолуш. Керла гIишлош ю, чохь уггаре а тIаьхь баьллачух гIирс а болуш. Шерашкахь чоьнаш чохь дIахIоттонза а болуш гIирс лаьтта, оцу дарбан хIусамашкахь, цу тIехь болх бан хууш говзанчаш боцун дела.

Нохчийчохь а, я Дагестанехь а, лоьраш гIоле муьлша бу олийла дац, аьлла хета Хасав-юьртахь вехачу Салавди цIе йолчу нохчочуьнна. Наха, шай аьтто берг до, дукхачу хьолехь вах-вана атта долчу боьлху, я ХIинжа-гIала, я уллерачу Гуьмс-гIала. Амма, хьалхалера къена лоьраш дIабоьвлачхьан, дарба даран гIуллакх нахан хала ду, аьлла тидам бира цо.

Салавди: «1990 шераш дуьйладелчхьана, хIета дешна болу студенташ ма буй хIинца балхахь берш. Хьалхалера лоьраш болчу хенахь, медицина гIоле яра.хIинца къона лоьраш болуш иза ишшта яц аьлла хета суна. ХIума хууш бац уьш Дагестанехь-м. Ахча доккху, маьнгех. Меттиг яц олий шина кIирнахь а стаг латтаво. Гуьмсе дарбан хIусмаме боьлхуш а хуьлу, Нохчийчуьра Хасав-юьрта богIуш а хуьлу. Дагестанехь гIоле а ца хуьлий, Нохчийчу бахана меттигаш а ю».

Дагестанерчу журналистан Раджабов Рамазанан а, ца хета, шаьш долчохь медицинан ша мел йолу агIо дика ю аьлла. Амма, цхьа башхалла хааелла цунна- Iедалан дарбан хIусамашкахь лоьраш цомгушчаьрга дика ца хьовсу, цхьаннахь долахь йолчу лоьрийн центрашкахь чулла.

Раджабов Рамазан: «Iедалан дарбан хIусамаш, поликлиникаш а, кхиерш а , чIогIа ледар болх беш ю. Яьккхий рагIанаш хуьлу цу чохь. Яьрташкахь а, ледар гIуллакх ду. Цигахь хIума шайна кхеташ дацахь, Хинжа-гIала хьовсабо. Ткъа, кхузахь, Iедалан поликлиникашкахь рагIанаш хуьлу. Дукха хан йоцуш, цхьа шо хила мега, кхузахь долахь йолу поликлиникаш болх бан юьйлаелла. «Дарбхо» цIе ю цуьнан. Дуккха аннах лешла цига.

Цигахь а рагIанаш ю. Оцу меттигехь болх беш, Iедалан поликлиникашкахь болх беш берш бу. Суна сайна гина, цигахь а, цигахь а болх беш волчу цхьана лоьро нах тIе муха оьцуц. Iедалан поликлиникехь тергал ца во цо стаг, цуьнга хьежа веза. Ткъа, долахь йолчу поликлиникехь, цо чIогIа кIеда-мерза тIеийцира, чай а доьттира».

Дагестанехь цомгуш болу нах, цIахь дарба лоху дукхачу хьолехь. Амма, Раджабов Рамазана бахарехь, дозаналла арабовла уьш, нагахь санна, вуон цамгар, каьнсер олуш дерг ду аьлла шеко хилча.

Раджабов Рамазан: Дукхачу хьолехь арабовлуш хуьлу онкологийца бала хьоьгуш хилча. Тхо долчохъ онкологийн дарбан хIусам а ю хьуна. Кесст-кесста боьлху Ростов-гIала. Цуьнан бахьан хила мега, кхузахь царна и цамгар гучудаьлла аьлла хезча, иза гIалат хиларе сатуьйсар. Тхо долчохь, бIаьргашна дарба деш йолу поликлиникаш а, дарбан хIусамаш а ю. И лоьраш дика лоруш бу кхузахь»

ХIора стага, ша шен цIахь дерг хьастадо. Нохчийн лоьрийн говзаллах а, цара дечу дарбанах а, теша ИмIела цIе йолу хIара стаг. Цо тидам а бира, цхьана хIуманна- Нохчийчохь амал хилла дIахуттуш ду, кхечу мехкашкара, лаккхара говзалла йолу лоьраш ханна болх бан бахкор. Иза дика хIума ду аьлла, хета цунна.

ИмIела: «Вай цIера лоьраш гIоле бу аьлла хета суна. Дика мел волу лор схьавалош-м ву кхара. Дагестанехь дарбан хIусамехь со ца хилла, амма, вай цIахь чулла гIоле хира ду аьлла ца хета суна. Ставрополе а, Ростове а лела вай нохчий. Аарар лоьраш чу бахкабо, кхузара берш цига дIабохуьйту. Ишшта, уьйранаш ю-кх церан».

Нохчийн лоьрашна, йоккха башхалла ца хета, шайний, дагестанехь болчарна юккъахь. ХIора регионехь, болчу лоьрашна зеделларг хуьлу, аьлла хета Соьлжа-гIаларчу дарбан хIусамехь болх бечу Зайнап цIе йолчу лоьран. Нохчийн лоьрийн, медицинийн цхьана агIонехъ куьг дIадоьлла ду, элира цо.

Зайнап: «Медицинан цхьацца йолу агIо Дагестанехь гIоле ю. Цхьа ерг вай долчохь дика ю. Сихаллийн деш долу гIо,хирургаш а, травматологаш а вай дика бу. ТIом болчу хенахь, аьтто балахь а, бацахь а, Iаьмма вай нохчий. И агIо дика ю вай. Ткъа, Дагестанехь, массара а дуьйцуш ду, офтальмологи кхиаме ю. Кардиологи а ю церан дика. Вай а ю кардиологи дика».

Лоьрийн дарба, оьшурш тахана Нохчийчохь дукха нах бу. И дарб ца карийна хийла стеган, дахар хаьдда меттигаш ю. Къоначу лоьрашна юккъахь цхьаберш хуьлу, и дахаран некъ, шай лаамца хаьржина боцуш. Нохчийн дукха хьалха дуьйна олуш ду, лор валахь, цунна цкъа а къелла хIун ю хуура дац. И хIума йоьхьар а лоций, хийла дас-нанас, беран ца луушехь харж а еш, иза лоьрийн Iилма деша дIахIоттабо, оцу гIулчана тIаьхьалонех ойла а ца еш.