Террорхойн гергарнаш хьийзабе боху Путина


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Пачхьалкхан думе кховдийна шатайпа низаман проект. Президента доьху низам кхуллучаьрга ,террорхоша лелхийтарш а деш дохьу зе оцу террорхойн гергарчаьрга токхуш хилийтар. Оцу низаман проектца а догΙуш, Ιедалан ахка таро ю террор динчу нехан гергарчийн банкашкара хьал а, кхийолу дахарера таронаш а.

Гергарчарна тухучу гΙуданийн барамаш хир бу, Путинан проект чекхъялахь, миллионаш соьмашкахь.

«Кавказехь гΙаттамхойн хΙусамаш ягор, жоьпалла церан гергарчарна тΙедожор лела-м ю дуккха а хан. Ткъа Путина иза низаман далош дац хΙинцца бен», - яздо проектан хьокъехь «Кавказан Узел» цΙе йолчу интернет-газето.