Сочера Олимпиадина бойкот яре кхойкху Гуьржийчура йозуш йоцчу организацеша

«Къона чкъор Европан кханехьа» цIе йолу, Iедалх йозуш йоцу организаци тахана дуьйна куьйгаш гулдан йолаелла Гуьржийчура Зугдиди-гIалахь, Сочера Iаьнан Олимпан ловзаршна бойкот яре кхойкхуш.

«Путинан Олимпиаде ца хилийтарехьа» аьллачу цIарца дIахьуш кегийрахоша и акци. Куьйгаш гулдан ойла кхоллаечара Гуьржийчоьнан Iедалшка а дехар дина, Сочера Iаьнан Олимпиадехь дакъа ма лаца, аьлла.

Кхул а хьалха, ГIадужу-беттан 8-чу дийнахь кхаа гуьржийн йозуш йоцчу организацино дIахьедар динера, шаьш шайн пачхьалкх Сочера Олимпиаде ца яхийта Iалашонца акцеш йолош ю аьлла.

ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Гуьржийчоьнан Iедало дIахьедар дира, гуьржийн спортхой Сочера Олимпиаде боьлхучара юхабохур бу ша, нагахь санна Оьрсийчоьно иза «политикан тIегIане яккхахь», аьлла.

ДIахьедар даран бахьана дара, 2008-чу шарахь Къилба ХIирийчура тIамехь дакъа лаьцна волчу, оьрсийн ТIеман-ХIаваан Эскарийн майоре Нечаев Иванега Оьрсийчохь Олимпин цIе дIахьуш дакъа лацийтар.
Гуьржийчоьнан Олимпан Комитето хIокху Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь къобалдинера гуьржийн спортхой Сочера Iаьнан Олимпиаде бахийтар.