Баханчу баттахь Арктикехь дуьхьалонан акци дIахьош, пираталла лелийна аьлла лаьцна волу Greenpeace тобан 30 стаг хIинца а чувоьллина латтош ву Оьрсийчоьнан къилбаседехь. 15 шарана чубохкарна кхерамна кIел лаьттачу нехан гергарнаш чIогIа саготта бу, церан кхолламах хIун хуьлу ца хууш. Царах цхьаъ, вевзаш волу Москохара суьртийн журналист Синяков Денис ву.
Арктикера оффшоран зонехь маьхкадаьтта даккхарна дуьхьала Greenpeace тобано баханчу баттахь дIаяьхьначу дуьхьалонан акцех лаьцна яздан шен цIийнда новкъа волучу хенахь, чIогIа ца лаара шена иза воьдийла, бохуш дуьйцу Жиганова Аннас. Цунна хаара, иза масех кIиранахь цIа вогIур воцийла. Амма царна цхьаннена а дагахь дацара, и дуьхьалонан акци оццул вуочу агIора йоьрзур юйла. Я ЖигановгIарна а, я вевзаш волчу суьрташ дахкархочунна Синяков Денисна а.
Гезгмашин беттан 19-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Iедалша Greenpeace тобан ша-бохочу хин-кеманна тIехь хилла 30 стаг лецира. Царга пираталлица боьзна бехк кховдийра, Газпроман долахь йолчу маьхкадаьттан платформина тIехь дуьхьалонан акци дIаяхьа гIортарна.
Кхел хиллалц чубоьхкина латтош берш, дукха хьолахь, арахьара пачхьалкхашкара бу. 15 шерашка кхаччалц хенаш тоха мега царна.
Оьрсийчоьнан къилбаседехьа йолчу Мурманскера набахтехь шен цIийндена тIаьхьаяха аьтто баьлла Жиганован. Шена гинчуо, ша чIогIа сингаттаме йожийна бохуш дийцира цо.
Жиганова: "Леккха корта а айъина Iаш-м ву иза. Амма, сайна иза еххачу хенахь вевзаш хиларе терра, суна гуш ду, иза башха дика воцийла."
Мурманскера кхело юхатуьйхира, закъалтана ахча делча, Синяков аравалийта аьлла дина дехар. Иза вадарна кхерам бу аьлла хета кхелана. Талламан изоляторна чуьра видеозIе йинчу хенахь вистхуьлуш, Синяковс кхеле дийцира, ша журналист санна дуьхьалонан акцих лаьцна дийца вахана вара, «зуламхо санна, ша хьесапе эцар, Оьрсийчохь дешан маьршонна тIе жIара хIоттор санна хIума ду», бохуш.
Оццу ладегIаршкахь, Гринписан зорбан-секретар а, лор а закъалтана лучу ахчанах дIахеца аьлла дина дехар а юхатуьйхира кхело.
Lenta.ru олучу оьрсийн вебсайтана суьрташ дохуш а, дуьхьалонан протестах лаьцна дуьйцуш а вара Синяков.
Кхин цхьа возуш воцу журналист Бритиш Наьшионера Брайан Кирон а ву чувоьллина латтош. ХIокху беттан 11-чу дийнахь закъалтана дIахеца аьлла, цо дина дехар а юхатуьйхира кхело.
Iалам цIена хилийта арабевллачу жигархошна дуьхьал кховдийна бехкаш тIех бестийна а бу, цара динчуьнца богIуш а бац аьлла, оьрсийн Iедалша уьш лаьцна латтор шуьйра емалдина дерриг дуьненахь. Гринписан планаца а догIуш, Арктикера Газпроман маьхкадаьтта доккхучу платформина тIе «Артика ма йейша» боху йоза тоха дезаш вара ши жигархо.
Оьрсийчура хIурдан гIарол хIурдан-кеманна тIе а доьссина, экипажана герзаца кхерамаш туьйссуш дара, иза Мурманске дIадигале.
Гринписан тобано бахарехь, платформа дIа а лаьцна, цунна урхалла дан цхьа а план яцара. ХIурдан-кема лаьцначу хенахь, иза дуьненаюкъарчу хишкахь дара боху Гринписан векалша.
Цу тIехь лаьцна волу 30 стаг «эхьан тутмакх» лерина, оьрсийн президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар дехна Greenpeace International организацин куьйгалхочо Найду Кумис.
Суьртийн журналист Синяков чуволларо сингаттам баьккхина Оьрсийчура журналистийн.
Цунна гIортор еш пикеташ, шайн сайташна тIехь Iаьржа йиъкIоврагаш хIиттош, хIума дина цара. 300 сов журналисто куьг яздина, иза дIахецар доьхуш, Мурманске хьажийначу кехатана кIел. Синяков лацаро «хаамийн гIирсийн хьокъехь» долу низам кIоршаме доха до аьлла хета царна. «Акци дIахьучу наха лелочух журналист жоьпаллехь хуьлийла дац» аьлла яздина журналисташа.
Жигановас бахарехь, адвокат набахте ваххалц, цуьнан цIийндена ца хаара, шена гIортор еш журналисташа лелийначух хIумма а.
Жиганова: "Денисана, масала, ца хаара Москох хуьлчух лаьцна - пикетех лаьцна а, газеташ, суьртийн меттана Iаьржа йиъкIоврагаш зорбане йохий. Цунна цхьаъа хIума ца хаара. Юкъараллех ваьккхина ву иза. Иза СИЗОхь ву зуламхошца цхьаьна латтош. Цуьнца цхьаннеца а уьйр яц, адвокат воцчуьнца."
Арахьарчу жигархойн доьзалша а хала лайна, шайн гергарчех дIасакъастар. Швецерчу Литвинов Дмитрийн хIусамнанас Литвинов Анитас бахарехь, шен цIийнда чохь латточу набахте яха дагахь, Оьрсийчу яха бакъо луш йолу виза яларе хьоьжуш ю иза.
ТIаьххьара, Гезгмашин беттан 19-чу дийнахь телефонехула къамел дина цо шен цIийндеца, кIентан 14 шо кхачарца декъал ван иза зIен ваьлча. ХIетахь дуьйна, Оьрсийчура Швецин векалаллехула наггахь хаамаш кхочу цуьнга. Маршо радиога йистхуьлуш, цо элира.
Литвинов: "Суна мел хезначуо со, хаза нехан санна, холча хIоттийна. Сон вуно, вуно боккхачу сингаттамехь ю. Иза шен цIаверзаре чIогIа сатесна ю со.»
Литвинов Анитас билгалдаьккхира, Greenpeace тобан нуьцкъала йоцчу протестийн ехха истори хилар. Баханчу баттахь Газпроман маьхкадаьттан платформина тIехIоттар а, цу моггIара дара, элира цо.
Литвинов: "Суна сайн цIийнда дика вевза. Арктик Санрайзана тIехь хилла кхин цхьацца нах а бевза суна. Дуьне дохлуш хиларна а, хIаваэ кIора-муьста газ кхиссарца йоьзначу проблемина а тIе тидам озон гIерташ бара уьш. Уьш дан гIиртинарг хIинца а, гуттар а, машаре хилла.»
Цхьаболчу хьажархошна хетарехь, гергарчу шерашкахь шен коьртачех маьхкадаьтта а, газ а йоккху меттиг хилийта Iалашо йолчу Арктикехь, кхин дIа йолу дуьхьалонан акцеш ца хилийта гIерташ ду оьрсийн Iедалш. Жигархой кеста мукъабохур болуш бу. Уьш чубохкар къобалдира Путин Владимира. Амма цо ишта элира, уьш пираташ бацара. Набахтехь яха хенаш царна тухург ца хиларх теша лаьа шена, аьлла.
Синяковн хIусамнана дагахь яц, ша шен цIийндегахьа латтон къийсам сацон.
"Сан ишта деган йовха яцахьара, со хьер ер яра"