Къепе йолу футбол езахь, Ингалсера масала эца

Оьрсийчоь -- Спарткана, Шинникана юкъара матч девнаца йирзина, Ярославл, ГIадужу-бутт 30, 2013.

Футболаца йоьзначу хулиганизмана а, расизмана а шен ма-хуьллу тIе архаш таса гIерта Оьрсийчоь. Оцу пачхьалкхе Ингалс-мехкан зеделларх пайда эцалур бара. ХIунда аьлча, спортера тобанийн ницкъ а, кхечу къаьмнашка болу цабезам а дIабоккхуш чIогIа кхиаме хилла Ингалс-мехкан Iедалш.

30 шо хьалха дерриг а дуьненахь футболаца йоьзначу хулиганаллица евзаш яра Англи. Цунах «ингалсан цамгар а» олу. ХIетахь дуьйна Англера хьал хийцаделла. Цу пачхьалкхо баккхий кхиамаш баьхна тобанийн ницкъ а, кхечу къаьмнашка болу цабезам а бухабоккхуш. 2018-чу шарахь футболан дуьненан чемпионат тIеэца кечлучу хенахь, шен ма-хуьллу, цу проблемица къийса хьожучу Оьрсийчоьно масала эца мегар дара Ингалс-пачхьалкхан Iедалшкара.

Боккха ницкъ а, цхьабарт ийшира цу махкарчу полицина а, спортан Iедалшна а, кхелашна а, футболан клубашна а, футболах ловзархошна а, футболан фанаташна а ингалсан футбол цIанъеш.

Стадионаш юхайира, жIуганийн тIехьажар аттачу даккха а, къепедацаршца къийсам латтон а. Полици хилла мелла шога а, чолхе а. Низам дохийначаргара жоп доьхуш а, андий гIулчаш яьхна. Юкъараллин къепе йохийнарш, масала, церан футболан тоба цIахь ловзучу хенахь стадионе баха йиш йолуш бацара. Царна еза тоба махкал арахьа ловза йоьдучу хенахь а, царна арабовла бакъо ца лора.

Расизмаца, кхечу къаьмнийн векалшка болчу цабезам долу собар а, доцчунна тIедаьккхира. И низам дохош болчаьргара, бевлла дIабовллалац стадионашка баха йолу бакъо дIайоккху я, прокуратурано къастадо царца дерг.

Повар Пьяра, Лондонехь туп тоьхначу, дискриминацица къуьйсучу машанийн Футбол Европерчу расизмана доьхьал (FARE) бохучу организацин кхочушдаран директор ву. Шога гIулчаш яхаро, цхьана йоцачу хенахь бен ца къастайо проблема, боху цо. Ингалс махкахь динарг уггур маьIне хIума, кхетош-кхиор а, юкъаралла юкъаозор а дара.

Повар: «Тхуна билггал хууш дерг хIун ду аьлча, репрессеш еш, низамаш тIеэцар цкъа а ца хуьлу тоъал дика. И фанатийн тобанаш Iамон а, царца кхетош-кхиоран болх дIабахьа а беза. Футболан фанатийн тобанашца болх бан, дикка ахча долу дика проекташ кховдон еза. Цара и низам алсам дохочарца эвсара болх бан беза.»

Иттаннаш юкъараллийн а, гIо-накъосталлийн а организацеш кхоьллира расизмаца къийса. Спортан Iедалша ахчанаш латтадо царна. Цара дакъа лоцу спортан клубийн белхашкахь. Иштта, юкъаийзабо хьалха хилла а, хIинцалера а футболах ловзархой. Хенан йохалла церан аьтто белира, футболан фанатийн лелар хийца.

Дуьненан Футболан Чемпионат йоьдучу хенахь хулиганалла а, расизм а ца хилийта Iалашонца, Оьрсийчоьно Ингалс-мехкан низамех масалла ийцира, баханчу Мангал-баттахь хулиганаллина доьхьал низамаш къобалдеш.

КарадогIучу шеран Дечкен-баттахь дуьйна болх бан долалур долчу Фанатийн низам цIе йолчу низамца а догIуш, Оьрсийчохь футболан матч йолуш юкъараллехь къепе йохийначу фанатана гIуда тухур ду 15,000 сом барамехь. Къепе йохийначарна тIехь хир ду 160 сохьтехь Iедална белхаш бар а. Стадионе вахар доьхкур ду 7 шарна.

Оьрсийн полици декхар йина аьллар тIера бевллачу футболан фанатийн Iаьржа цIейоза хIоттон. Уьш оьшуш ду, бехкениш билгалбаха видеосистема хIотточу хенахь.

Амма и низамаш болх бан долаланза дара, баханчу баттахь Оьрсийчохь футболан матч дIахьуш.

Европан футболана урхалла деш йолу UEFA хьукхмато баханчу баттахь Оьрсийчура ЦСКАна гIуда туьйхира, Химкерчу Аренехь ЦСКА а, Манчестер а ловзучу хенахь, Манчестеран ловзархой сийсазбеш маьхьарий хьекхначул тIаьхьа.

UEFAно дина таIзар рогIерчу цIера матчехь гур ду ЦСКАна, UEFAн чемпионатан лигин турнирехь. Оцу хиламо Ингалс-махкахь йоккха гIовгIа яьккхира. Iаьржа аматахь болчу футболах ловзархоша UEFAна критика а йина, цунна тIедиллира, ЦСКА Европера къийсамашкара дIаяккхар. Шен агIора, Манчестер Ситера кхечу къаьмнийн векалшка болу цабезам тIех бестийна буьйцу, UEFAно дина таIзар дукха шога а ду бохучунна тIехь лаьтта ЦСКА.

Гребби Джед, Расизмана ЦIиен карта Гайта цIе йолчу, расизмана доьхьал хьоьхучу Британера гIо-накъосталлин организацин кхочушдаран директор ву. Оьрсийн Iедалш хIинца а футболан хулиганалла а, расизм а яц бохучу тIегIанехь ду оьрсийн Iедалш, боху цуо. Дуьненаюкъара футболан юкъараллин алсамболучу тIеIаткъамах хьалхаяла Iалашонца цхьа жимма шогуо низам тIеэцна Оьрсийчоьно.

Греббис бахарехь, Оьрсийчоьнна доьхьал кхоччуш гIулч яккха тарло, иза Дуьненан Футболан Чемпионатана юкъара дIаяккхарна тIекхаччалц. Кхуьуш сингаттам бу, Оьрсийчохь Дуьнена Футболан Чемпионат дIахьучу хенахь, цуьнга хьовса гIур болчу туристийн кхерамазаллин хьокъехь.

Оьрсийчура расизман културано Европерчу Iаьржачу аматера футболах ловзархошка кхайкхамаш бойту, 2018-чу шеран Дуьненан Чемпионатана бойкот йе, бохуш.

Гребби: «Оьрсийчоь санна йолчу пачхьалкхийн хIун гIиллакх ду аьлча, шайн цхьа а проблема йоцу кеп хIоттош гIиллакх ду. Цу агIора хийцамаш байта, цунна кхоччуш дехкарш кхайкхон тарло. Вайна массарна а Оьрсийчура статистика гина. Британера я Европан кхечу пачхьалкхашкара а Iаьржа аматехь болу футболах ловзархой а, фанаташ а, шайн дахар кхерам а лаьтташ, лууш бац Оьрсийчура Дуьненан Футболан Чемпионате баха.»

Ингалс-махкара хьал хийца долийнарг, Белгехь 1985-чу шарахь Хейзел-стадионехь хилларг дара. Цу стадионо тIеэцнера Ингалс-махкара Ливерпул а, Италерчу Ювентусан а Европан Футболан Чемпионат ерзош дIаяьхьна тIаьххьара матч.

Ювентусан 39 фанат велира, кхин а 600 фанатан тайп-тайпана чевнаш йира, Ливерпулан фанаташ Ювентусан фанаташна тIехьаьлхича. Шина агIонан фанаташ боькъуш болу пен охьабуьйжира, тIетаттаелла тоба бахаьнехь. Дукхах болу Ювентусан тобан фанаташ цу пена кIелахь бисира. Вуьйш, тIехула уьдучара хьаьшнера. И ирча хилам бахьанехь Ингалс-мекхан футболан тобанашна пхеа шарна дихкира, Европера къийсамашкахь дакъа лаца.