Цхьанатоьхначу Iаьрбийн эмираташка вахана волуш Ноххчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIадаьхьначу цхьанакхетаршкахь бина сацам бу Соьлж-ГIалахь керла авиакомпании кхоллар. Бахрейнан эмирца хила и барт.
Карара бутт бовш СаIудийн Iаьрбийн «Ара» авиакомпанера говзанчаш бу махка бахка безаш. Цара кхузахь дIахIоттор бу навигацин керла гIирс, иза лелон Iамор бу меттигера белхахой , Соьлж-ГIаларчу аэропортан белхахойн говзалла лакхаяьккха хьовсор бу ханна дозаналла арахьа а.
Керла авиакомпани кхоллахь, керла рейсаш елла а аьтто бер бу Iаьрбийн эмираташка а, Бахрейне е, СаIудийн Iаьрбийчу а, Индонезе а, ишшта цхьамоггIа Евоперчу пачхьалкхашка а. Авиацин эксперташна хетарехь, и Iалашонаш ма-бохху кхочуш хилахь, Нохчийчоьно шен меттиг дIалоцур ю дуьненан авиакомпанийн могIанашкахь.
Нохчийчоьнан бахархой сатесна Iа хийцамаш хиларе.. Бизнесхо волчу Рустама бахарехь, Соьлжа-гIалара стенгга а ваха-ван аьтто хилар боккха кхиам бу. Шо шаре мел долу Оьрсийчоьнан аэропорташкахула дIасалела хала хуьлу кавказхошна.
Рустам: «Турци бен ца лела тхо гIалара. Авиакомпани схьа а йиллиина, Эмираташка а, кхечанхь а даха йиш хилча дика хир дара. Цул совнаха, дика хир ду кеман хьалагIатта а, охьахаа а меттигаш йича. Тахана Китай Москохара лела тхо. Ахча а дукха долу, хан а йолу. Москох цу тIе хьийза а бо вайн нах. Верриг ма ваций шера мотт болуш а, оьрсийн мотт хууш а, низамаш девзаш а. Иза ца хаьий а хууш, нах хьийзабо, хьо бакъ велахь а, харц гIуданаш детташ. Ткъа ГIалахь дIабуьйцучу маттах а кхета, хьоьга ларам а хуьлу белхахойн».
Карарчу хенахь Соьлжа-гIалин аэропортера Москох шозза доьду хIаваъкема. Ишшта кIиранах цкъа рейсаш йо Екатеринбурге а, Алматы а, Астана а, Актау а, Киеве а, кхечу массех гIала а. Москох дIаяьлча, уггаре а чIогIа адамаш дIасалела Казахстане, хIунда аьлча, цигахь беха шортта нохчий . Бизнесхочо Рустама бахарехь, и санна болчу нахана аьтто хилла а ца Iаш, керла авиакомпании кхоллахь, цо мехкан экономикана бохьур бу пайла.
Рустам: «Леррина Москох воьдучул, меллаша кхузахь кеманна тIе а хиина дIавахча, суна гIуллаккх дара-кх иза. Ас тIаккха болх алсам бийра бара, юхкучу хIуманна мах а лахбийр бара. Сан санна, 10-15 эзар стеган гIуллакх а хир дара. Массо а агIора дика хир дара иза».
Хьалхара тIом балале Соьлжа-гIаларчу аэропортехь масийтта хIаваъкема дара. Уьш Москох а, кхечу гIаланашка а лелара. ТIом болабелча, аэропорт а, кеманаш а дагийра тIеман авиацино тIелатар а дина. 2006-чу шарахь Соьлж-ГIалара аэропорт меттахIоттийра, ткъа 2009 шарахь цунна дуьненаюкъара статус елира. Дукха хан йоццуш Кадыров Рамзана омра дина, Сухой-SuperJet олу бархI кема эца аьлла. Оцу контрактан мах хир бу 100 сов миллион доллар.