Евробертаца гергарло дезачийн гуламаш лаьтта Киевехь


Киеверчу Майдан Незалежности тIехь (Цадазаран Майда) масситта эзар вахархо гулвелира шоьтан дийнахь Iедале цо Европах херлуш тIеэцна сацам юхаэцар доьхуш. ПIераскан сарахь а вара Киевехь гулвелла 3 эзар стаг. Гуламхой реза бац парламенто, Европаца интерграци а лохуш, низам тIецаэцарна. Оппозицин лидеро Кличко Виталийс дIахьедира гуламашкахь, халкъана Европаца цхьана даха лаьа, аьлла.

ТIедогIучу кIиранах Вильнюсерчу Европан саммитехь дийцаре дийр ду Украина ЕвроБертано шена гергаозар. И кхочуш хилийта Украино шен набахтехь кхобу премьер-министр лаьттина Тимошенко Юлия яхийта еза Германи дарба дан, аьлла тIедожийнера Европано. Амма еарийн дийнахь гулбеллачу Украинан Радин депутатийн барт ца хилла оцу хьокъехь низам арахеца.