Украина тIеерзош хьалхара гIулч яьккхина Оьрсийчоьно

Оьрсийчоьно дIахьедар дина, шинарин дийнахь Украинина $3 млрд доллар лур ду, еврооблигаци оьцуш, аьлла. Оршот дийнахь Москох хиллачу конференцехь дира и дIахьедар, Оьрсийчоьнан финансийн министро Силуанов Антона.

Даханчу кIиранахь Оьрсийчоьно а, Украино а бинчу бертан цхьана декъаца а догIуш луш ду, Киево, Оьрсийчоьнна Украинин Iедалан облигацеш яларна доьхьал. $ 10 млрд доллар оьшу Украинина, шен экономикина гIортор ян.

Даханчу кIирнахь Оьрсийчоьно и гIо а кховдийра, ша юхкучу газан мах хкаа декъана лах а бира. Оьрсийчоьно яьккхина и гIулч, Украина шен куьйга кIелара дIа ца ялийта а, Европан Бертана нацкъара латтон а Iалашонца яьккхина го Махбузенна.

Оццу хенахь, Оьрсийчоьнан хьалхара вице-премьеро Шувалов Игора элира оршот дийнахь, Украине муьлххачу а хенахь декхар схьалон ала йиш ю Москохан, аьлла.