Даханачу 2013-чу шарахь Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказехь, Оьрсийчохь, дуьненахь а хиллачу коьрта хиламашна жамI дина Маршо радионо.
2014-чу шеран Iай, Чиллан баттахь Сочехь Iаьнан Олимпан ловзарш дIадахьа кечлуш, Къилбаседа Кавказана тIехь урхалла латтон гIерташ, чуьраяьлла хьийза Кремл. Цу кIоштера ши куьйгалхо хийцина – Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а – Магомедов Мохьмадсалам а, Каноков Арсен а.
Го баьккхина ечу дискриминацин дакъа хилира, Къилбаседа Кавказерчу бахархошкара шайн куьйгалхой харжа йолу бакъо дIаяккхар. Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а парламенташ чекх евлла Конституцехь бинчу хийцамашкахула. ГIебарта-Балкхаройчоь иза дан кечлуш ю.
Тамашийна делахь а, 2013-чу шарахь Нохчийчоь а йоцуш, Дагестан яра газетийн хьалхарчу агIонашна тIехь. Дечкен бутт чекхболуш, эвсара вац аьлла, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Дагестанан урхаллера дIаваьккхира Магомедов Мохьмадсалам. Цуьнан метта, Дагестанан урхаллин декхарш кхочушдан хIоттийра, Гезгмашан баттахь Дагестанера парламенто «массо кепара къобал а вина, тIечIагIвина волу», Оьрсийчоьнан къаьмнийн министр хилла волу Абдулатипов Рамазан.
Абдулатиповс дош делира, нуьцкъала экономикан кланаша республикехь беш болу тIеIаткъам дIабаккха. Цо шен Iалашо ю элира, индустри айъаран программа карлаяккха а, юртбахам кхиор а. Амма масех банк йохаро, схьагарехь, соцунгIа йира цу Iалашонан хьашт йолу инвестицеш.
Кхаьънаш эцарна доьхьал Абдулатиповс болийначу къийсаман уггар къегина масала дара, еххачу хенахь ХIинжа-гIалин мэр хилла волу Амиров СаьIид лацар. Йоккхачу гIар-татанца Мангал бутт болалуш лаца а лаьцна, Москох вигира иза. Карарчу хенахь набахтехь хан йоккхуш ву, шен гIуллакх кхеле даллалц. Амма Амировс шен ма-хуьллу керстабо шега кхийдон бехкаш – стаг вен тIедиллар а; шен мостагIа лору Пенсин Фондан куьйгалхо Муртазалиев Сагид вен Iалашонца кема чудожон гIертар а.
Дийцарехь, цуьнга цу тIехула бехкаш кховдон кечлуш ю бехк буьллу агIо.
Кхин а, шерашна яхъелла проблемаш а яц ерза герга. ХIинжа-гIалин йистера гIумкийн кхаа эвлан бахархой реза бац, гIазгIумкий шайн латтанашна тIе ховшорна. Даханчу шарахь цара керла кампани йолийнера, Дагестанан коьртачу гIалин къилбаседехьа долчу латтанашна тIе ховша бакъо яккхарехьа. Новострой компанино керла бехийла йиллинчу гIазгIумкийн дуьхьалонах Iиттабелира уьш Марсхьокху баттахь.
Дагестанна урхалла дечу Абдулатиповна хетарехь, республикехь машарбаран комиссеш кхолла еза, тIемалой маьршачу дахаре берзоран а, нах керлачу меттигашка дехьабахаран а декхарш кхочушдийр долу.
ГIазгIумкашца йоьзна проблема кхоллаяларан бахьана дара, 1944-чу шарахь нохчий цIерабаьхначул тIаьхьа уьш баха охьаховшийна хилла Аухов-кIошт Хасу-юртахь бехачу нохчаша-аьккхаша юха схьаехар.
Цу кIоштан къилбаседа-малхбалерчу декъехь Новолакийн кIошт кхоьллинера, цIерабаьхначу нохчех йисина меттигаш дIалацийта. Дагестанан лаьмнашкара гIазгIумкий охьаховшийнера цига баха. Ткъа цу кIоштан къилба-малхбалера дакъа луларчу Казбековский кIоштана еллера, Юрт-Аух а, Акташ-Аух а шина юьртаца. Суьйлий ховшийнера цигахь баха. 1957-чу шарахь нохчашна цIабахка магийначул тIаьхьа, реза боццушехь, лахарчу эвланашка охьаховшийра, шайн цIадахийта бохуш, дехарш дина хиллашехь.
Кхин цхьа маьIне проблема а лаьттира кху шара Дагестанехь. Цигахь жигара лийлира тIемалой кхо имам а, виъ федералан а, Лакхарчу кхелан а суьдхой бойъуш. Хьалхарчу 6 баттахь байъинчу нехан терахь 150-нна тIех даьллера. Ерриг Къилбаседа Кавказехь Дечкен баттера Гезгмашин бутт кхаччалц, тIемалошна а, ницкъаллийн структурийн векалшна а юкъахь хиллачу тасадаларшкахь велла 375 стаг. Царах 239 цхьана Дагестанехь. Царах ах, 122 тIемалой санна билгалбаьхна бара.
Байъинчарна юкъахь уггар вевзачех вара, дукха хан йоццуш ГIалгIайчохь вийна волу ГIалгIайчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан куьйгалхо Котиев Ахьмад. Марсхьокху баттахь вийра иза, балха воьдуш.
Дагестанца дуьстича, Нохчийчохь тийналла хIоьттира, ши ваша Гакаев Хьусайн а, Муслим а, иттаннаш шайн тоьллачу тIемалошца байъинчул тIаьхьа.
Товбецан беттан юьххьехь, Умаров Доккас кхайкхам бира Оьрсийчохь мел волчу тIемалочуьнга, шайга мел далург де, 2014-гIа шарахь Сочехь Iаьнан Олимпан ловзарш дIа ца дахьийта, аьлла. Олимпан ловзаршна доьхьало ян Умаровн шен карахь ницкъ бу-бац бохург, доккха хаттар ду. Къаьсттина, Нохчийчура а, ерриг Къилбаседа Кавказера а кегий нах Шемара Iедалца тIом бан дIаоьхуш бу бохург юхьарлаьцча.
Гезгмашин-баттахь Соьлж-кIоштахь а, ГIадужу-баттахь Волгоградехь а вала араваьлла хиллачу шина стага динчу лелхийтарша вийра 7 стаг. Дийцарехь, и эккхийтар динарг яра Дагестанан яхархо 30 шо хилла Аисялова Наида – бусулба дин тIеэцначу, гIазакхийн къомаха волчу Соколов Дмитрийн хIусамнана. ТIаьхьуо, оьрсийн официала Iедалша хаам бира, ша Соколов а Дагестанерчу цхьана хIусамехь го а бина, вийна ву. Валале хьалха, Волгоградехь хиллачунна жоьпалла тIеийцира цо, аьлла.
ГIуран бутт чекхболуш, Волгоградехь кхин цкъа а дира цхьа моггIа лелхийтарш. Цигахь велира, мел лаххара а ткъе итт стаг. Чевнаш хилла 50 сов нахана.
Цул сов, даханчу шарахь керла гIалморзахаллаш гучевлира, шех Кавказ Имаратан лидер дIакхайкхийначу Умаров Доккина а, еххачу хенахь нохчийн командир леллачу Газиев Тарханна а юкъахь. Нохчийчоь йозуш ца хилийта дIахьуш хилла къийсам 2007-чу шарахь керста а бина, тIом динехьа берзош Умаровс динчу дIахьедарна а, сацамна а мах хадабе аьлла, Газиевс дехар чуделла Нохчийн Республикан Ичкерин Динан а, ШарIан а Комитете.
Шен кепара Къилбаседа Кавказех, аьлча а, Нохчийчоьнах а, Дагестанах а хьакхалуш эккхийтар хилира генарчу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь.
Охана-беттан 15-чу дийнахь Бостонехь дIахьучу марафонехь, иза чекхйолучу сизана гергахь ши эккхийтар хилира. Кхо стаг велира. 260 гергга нахана чевнаш йира.
И теракт йина аьлла шеко хилла Царнаев Тамерлан, Iамеркан Iедалша дийцарехь, полицица хиллачу тасадаларехь, герз кхетта, велира. Цигара вада аьтто баьлла хилла ЖовхIар, дукха хан ялале кара а вина, лецира, цхьана нехан доларчу хин-кеманна чохь лечкъина Iаш. Оцу хин-кеманна чуьра ша араваьлла ЖовхIар, жимма тIаьхьа гайтинчу сурташ тIехь, еза чевнаш йина вара.
19 шо долу ЖовхIар карарчу хенахь набахтехь ву, шена тIехь кхел яле хьоьжуш. 30 бехк кховдийна цуьнга. ЖовхIара тIе ца лаьцна царах цхьана цхьаъ. Иза иштта бехке веш ву, шен вешица цхьаьна, Массачусетсера Технологин университетан студентийн гIалахь 26 шо хилла Iамеркан полисхо верна а.
2003-чу шарахь Дагестанера Iамерке дехьабаьлла хиллера ЦарнаевгIеран доьзал. Цул а хьалха, уьш ГIиргIизойчохь баьхнера. Делахь а, Нохчийчоь юха а йийца яьккхира, Оьрсийчохь дIахьучу пропагандица а догIуш, мел доьшуш белахь а, кхиаме белахь а, «дагахь террорахой бу» и нохчий, бохуш. ЖовхIарх лаьцна аьлча, спортехь дика кхиамаш бахарна, Массачусетс университето ши эзар доллар грант елла хиллера цунна деша.
ХIинжа-гIалара схьа телефонехула къамел деш, Царнаев Тамерланан а, ЖовхIаран а дас Анзора элира Маршо радиога, цу терактах лаьцна шена хетачух.
Царнаев Анзор: «Цхьаммо кечдина хIу ду иза. Леррина кечам а бина, дIаяьхьна операци ю иза. Суна хаац иза хьан дина а, хIунда дина, муха дина а, стенгахь дина а, суна стенгара хуур ду иза? Амма суна сайн бераш девза. Иза, ур-атталла, ламаз деш а вацара. ТIаккха муха дийр ду цуо и тайпа хIума? Цкъа а дийр дацара. Цунна гина а дац и эккха молха, цхьа хIума а ца гина. Царна муха гина иза? И массо хIума цхьаммо кечдина дара. И ду-кх ша-дерриг а.»
Царнаева Зубейдата, Царнаев вежарийн нанас дийцира Охана-беттан 19-чу дийнахь Хiинжа-гIалара схьа телефонехула Оьрсийчоьнан Russia Today телевизионе интервью луш, элира.
Царнаева Зубейдат: «Иза вуно чIогIа, чIогIа хала хIума ду и ладогIа а. Со нана хиларе терра, аса хIун эр дара? Сан ала йиш ерг ду, со билггал тешна йолу хIума, со бIе процент тешна ю, и гIуллакх хьалххе дуьйна кечдина хIума хиларх. Сан ши кIант боккъалла а бехке вац. Суна билггал хууш ду, царшимма цкъана цкъа а дуьйцур дацара, (Iамеркахоша) цара дийцина хиллера боху хIуманаш.»
Оьрсийчохь хилла маьIне хиламаш
Дахана шо долалуш, оьрсийн махкахой терахь алсамдоккхуш, Францера актерана Депарьдё Жеранан Оьрсийчоьнан махкалла делира. Депардьё реза вац, шен махкара Iедалша шарахь миллион еврол сов тIе ахча догIучаргара 70% сов процент ял яккха тIеэцначу низамана. Нохчийн Iедалш, аьлча а, Нохчийчоьнан куьйгалхо кхин а гена вахара, Соьлж-гIалин юккъехь уггар лекхарчу гIишлош чохь цунна 5 чоь йолу петар билгал а яьккхина. Ишта а миска воцу Францерчу актеран долара хIусамаш алсамъевлла хIинца.
Депардьё: «Сан оьрсийн паспорт ду, суна мистера Путина делла долу. Со Францин вахархо ву. Амма со воккхавево, сайгахь оьрсийн паспорт хиларх. Монтенегрон паспорт эца йиш а ю сан, сайгахь Францин паспорт а дуьтуш. Я кхиниг схьаэца а йиш ю. Со Белгин паспортана а ойла еш вара, амма оьрсийн паспорт тоьар ду аьлла хета суна. Делахь а, со векал хила а, эшахь, пачхьалкхашна юкъахь цхьацца берташ бан аьтто хила а лууш ву со. Цхьа а сА яккха лелош дац аса иза. Иза чIогIа атта хIума ду, шен мохк безар ду иза.»
Стигалкъекъа баттахь шен даржах велира уггар а вевзачех хилла Iедалан белхахо – Оьрсийчоьнан вице-премьер Сурков Владислав. Оьрсийчоьнан Iедале кхачале цо 10 шарахь сов Кремлехь белхаш бинера лакхара даржашкахь. Цхьана хенахь, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу политикан коьрта политолог лоруш а вара иза.
Гезгмашин баттахь иза юха а Кремле юхавирзира, Абхазица а, Къилба ХIирийчоьнца а йолу юкъаметтигаш кхиоран президентан гIоьнчин даржехь.
Иштта, Стигалкъекъа баттахь болх бан доладелира, Iедалан стоьлан дайшна а, депутаташна а арахьарчу пачхьалкхашкара ахчанаш а, хIусамаш а хилар доьхкуш долу. Парламентан векалшна кхо бутт беллера и тIедиллар кхочушдан я, депутатан мандат охьадилла. И бахьанехь шайн гIанташ дитира цхьа моггIа миллирдашкахь бахамаш болчу депутаташа. Амма царах дукхах болчара цунна кхин, цу низамца доьзна доцу тайп-тайпана бахьанаш далийра.
Цул сов, парламентхошна юкъахь цIеххьаша лакхаделира доьзалш бохар - зудий-майрий хиларан тоьшаллаш меттана, дIасакъастаран тоьшаллаш караийцира дуккха а депутаташа. Бахамаш гойту декларацеш гайта ши бутт бисинчу хенахь 30 депутатийн доьзалш «буьйхира». Цу хьокъехь цецъелира Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ДУМера этикан комисси – иза шекьелира, шайн тIейогIу са а, хIинцале гулбелла бахамаш а хьулбан Iалашонца, дIасакъастаран моттаргIанаш лелийна хиллий те, аьлла.
Цу декъехь дуй хаац, амма, Оьрсийн президент Путин Владимира а, цуьнан хIусамнанас Людмилас а Большой олучу театре дахана долуш дIахьедар дира, шаьшшиг дIакъаьсташ ду, аьлла. Цул хьалха еххачу хенахь дукха дийцинера, Путинца гуш ма яц Людмила, цхьана дац и шиъ, бохуш. Ма-дарра аьлча, нахана хууш дерг тIечIагIдалар бен, керла хIумма ца хилира.
Экономика кхоччуш ластийра даханчу шарахь. Хир ю аьлла хеттачул а ледара гайтира ша экономикано. Оьрсийн экономика «самаяккха» хIун дан деза боху къамелаш шо чекхдаллалц дира. Амма хIара ду аьлла, дина хIума дац.
Цу декъехь дара Пенсин система йийцар а. Эххар а хаьржира, уггар чамбоцу вариант. Урхалла даран компани, кхечу дешнашца «бист ца хилларш» олу царах.
Ма-дарра аьлча, шайн пенсин системехь хийцамаш ца бинарш бу уьш, пенси гулъяран декъах бовлуш бу. Меттах бевлла, оьшучу Iедалан хьукхмает а бахана, шайн пенсинаа бала кхаьчнарш бовлу шайн пенсин гулдечу декъах. Амма 2014-чу шарана. Вуьшта, оцу хьокъехь чIогIа кIезиг къамелаш дира Iедалша, нах ира-кара а хIиттийна, гIовгIанаш ца йовлийта. Амма нах кхета буьйлабелча, тIаьхьа хир ду. ДогIуш ма-хиллара, нахана хьалха низам дуьллур ду – «хIокхуо ишта боху», аьлла. Кхеле буьйлуш, нах лелар бац – деза гIуллакх ду, толам хир бац.
Даханчу шарахь эххар а даржах велира, политике хьаьжжина, арахьа чукхоьхьу нехан махкашкара сурсаташ дехкарца гIараваьлла волу говзанча, Роспотребнадзорана иттех шарахь кубйгалла дина волу Онищенко Геннадий. Уьнашца а, нехан вуочу сакхташца а биллина къийсам латтабора цо. Цу юкъахь яра хьакхий а, олхазарийн а гриппаш. Къаьсттина журналисташна хаза хетара цуьнан къамел даран амал. Бела шортта хIума далара цуьнан хIора а дIахьедарна тIаьххье.
Дуьненахь дукха хIума хилира даханчу шарахь. Шемарчу тIом берзон некъ ца карийра, маьрша адамаш дайъира шортта. Стигалкъекъа баттахь Димашкъана йистехь Шеман Iедалша химин герз а лелийна, цигахь теттина адам дийна аьлла дIахьедар дира Шемарчу оппозицино. Шеман президентан Асад Башаран Iедало ма-хуьллу дIатиттира, и гIуллакх талла бахка луучу дуьненаюкъараллин векалш шайн пачхьалкхех бахкар.
Вуьшта, Шемара хьал жигара дийцира шеран йойхалла. Химин герз дехкаран Дуьненаюкъарчу Организацин Кхочушдаран кхеташоно Лахьанан баттахь билгалъяьккхира, Шемара химин герз хIаллакдаран план. Цу планца а догIуш, 2014-чу шеран Чиллан беттан 5-гIа де тIекхачале химин герз кечдеш хьашт мел долу сурсаташ Шемара аьрадаьхна довла дезаш ду.
Зазадоккху беттан 23-чу дийнахь Лондонехь, шен хIусамехь велира, цхьана хенахь Оьрсийчохь уггар Iаткъаме политик а, хьолада а хилла волу Березовский Борис. ХIинцалера оьрсийн президент Путин Владимир, КГБен векал Оьрсийчоьнан коьрте валор дуьхьал делира Березовскийна. Цу пачхьалкхера ведда, Британехь вехаш вара иза. Березовскийн валар а го баьккхина хаттарш дуьтуш хилира. Иза ша велла, я цхьаммо вийнера боху хаттар, хIинца а жоп даланза дисна.
Iамеркахо Сноуден Эдвард уггар дукха буьйцуш хиллачу нахана юкъахь вара 2013-чу шарахь. Iамеркан Къалйхачу Сервисашна болх беш хиллачу Сноудэна дуккха а къайленаш гIараехира. Iамеркан къайлаха сервисаша ладугIуш хиллера, ур-атталла, европерчу кьуйгалхойн телефонан къамелашка а. И бахьанехь КIайчу ЦIийнан бехказлонаш леха дийзира.
Iамеркера веддачу къона говзанчо гIараяьхна Iамеркан Къайлахчу сервисийн белхийн кепаш. Цу юкъахь ю, PRISM цIе йолу программа. Цо аьтто бо, Google а, Facebook-ан а трафикана тIехьажа. Цу кепара, Iамеркан Къайлахчу сервисийн таро хилла, социалан машанера бIеннаш миллионийн йозанаш деша. Цул сов, гучудаьлла, дерриг дуьненахь йолу бIеннаш миллионаш мобилан телефонаш йолу меттиг къастош хилла оцу агенталло.
Дуьххьара, ХIон-Конгехь онда дIахьедар динчул тIаьхьа, Мангал-беттан 23-чу дийнахь Москох вахара Сноуден. Ваха-м, Латинан Iамерке ваха гIерташ вара иза. Амма, Оьрсийчохь саца дийзира цуьнан, кхерамазаллин хьелаш тидаме а эцна.
2013-чу шарахь дIавелира дуьненахь а вевзаш хилла волу, бакъонашларъяхойн боламан воккха векал, Къилба-Африкан президент лаьттина хилла Нельсон мандела. ЙохIаннесбургехь, шен хIусамехь, гергарнаш уллехь а болуш кхелхира иза, ГIуран беттан 5-чу дийнахь. Цуьнан 95 шо дара.
Кхушара 60 кхечира Маршо радионо Германерчу Мюнхенехь болх болийна.
Кхин цхьа хIума дара, нохчаша даханчу шарахь шайн лерринчу тидамехь латтийна.
Оьрсийчура Голос къийсамехь дакъа лецира нохчийн йишлакхархочо, Дойкур-эвлан вахархочо Умханов Шарипа. Цул а шо хьалха Маршо радионо дийцира цунах лаьцна. Цо елла интервью Маршо радион сайта тIехь ю ладогIа а, еша а йиш йолуш.
Масех баттахь лакхарчу тIегIанехь чекхваьллачу Шарипан дIавахан дийзира цу программера. Финале Волчков Сергей вахара, жюрино, Шарипан эшаран цхьабосса лаккхара мах хадийнашехь, цунна хьажархоша тосуш долу косташ ца тоьира.
Интернетехь цуьнан агIончаша яздира, Оьрсийчура дIа вахана, махкал арахь ирс лаха деза цо, бохуш. Амма, Умхановс ша Лепс Григорийца цхьаьнаболх бан воллу, боху. Ала дашна, Iамерко шен пачхьалкхех вуьтуш вац иза, зуламхойн тобанашца воьзна ву, аьлла.
ХIокху тIехь чекх йолу маршо радионан даханчу шарна жамI ден программа. Даггара декъала до аса шу, тхан хьоме ладогIархой, сайтан ешархой а, Керлачу шарца.