«Доза доцу репортераш» шех олучу юкъараллоно ша шарахь цкъа арахоьцучу рапорта тIехь билгалдоккху Советан Iедал доьхча кхиайоьллачу пачхьалкхашкахь хан хене мел йолу дешан бакъо лекъаш хиларх лаьцна. Оцу документо 148-гIа меттиг кхачабо Оьрсийчуьрчу дешан маршонна. Казахстан ю 161-чу меттехь, ткъа цул лакхахь – Азербайджан.
Мелла а дош даржо паргIат бу гIиргIазой, гуьржий, эрмалой. Оьрсийчоьнал а лахахь ю дешан маршонца Узбекистанний, Туркменистанний. Дешан маршонца 20 позицина Оьрсийчоьнал а лакхахь ю тIемашкахь еха ОвхIанистан.
13-гIа меттиг ло «Доза доцчу репортераша» Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташна. Даима а санна, массарел а маьрша ву хетарг ала а, даржо а Скандинавера вахархо.