Нахе чIираш йитийта йоллу Магас

Нохчийчоь --ЧIир юьтуьйтуш, 2013

ГIалгIайчохь Евкуров Юнус-Бекан гоно къастийна махкарчу бахархошна юкъахь еха чIираш юьтуьйту тоба. Амма шек бу гIалгIайн цхьаболу жигархой и болам толамца боьрзур бу бохучух. Царна хетарехь, ша Iедал ду нехан цIий Iенош а, бахархошна юкъа цим туьйсуш а.



Доьзалшна юккъера чIираш дIайохуш ГIалгIайчоьнан Iедал хьийзахь а, цхьаболчу наха бехкедо уьш яржорна ша Iедал.

Тахана юккъахь чIираш йолуш дуккха доьзалш бу махкахь. ТIаьххьарчу тергамашца мел кIезиг а 100 доьзал бу ишттачу хьолехь. Ткъа шо сов хьалха муфтиято леррина маслаIатна кхоьллина комисси ю церан барт беш. Цаьрца хилира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан цхьанакхетар.

Президентан хьехамча волчу Торшхоев ХIарона Маршо Радиога дийцира, махкахь чIираш йолчу доьзалшца хIун болх шаьш бо.

Торшхоев: «ЧIираш дIаяьхна 60 доьзал бу кхузахь. Цхьаболу чIирхой ларамаза стаг вер нисделла а бу. ДIадерзо томехь дерш, некъан бохамехь а, ца хууш а, вовшалетта а, нах байина а - ах со девнаш ду. Цу тIехь къахьоьгуш ю и комисси».

Къам махкахдохийна 70 шо кхочуш кхиа а дуккха а доьзалш бертабалийча гуттар а дика хир дара, аьлла, сацам бина мехкан куьйгалхочуьнца шайн хиллачу цхьаьнкхетарехь оцу комиссин декъашхоша, бохуш, кхин дIа а дуьйцу Торшхоев ХIарона.

Торшхоев: «Дала мукъалахь, Чиллан-беттан 23 де тIекхачале дикка къа а хьоьгур ду девнаш дIадерзош. ДIадерзо йиш йолу девнаш дIа а дохур ду шаьш, боху цара».

МаслаIат Дала а, наха а къобалдеш делахь а, цхьа дов дIадирзича, кхерланаш довлийта бахьанаш махкахь шортта довлу. Манкиев Баматгири ша а цхьана юкъанна министр а, мехкан парламентехь депутат а хилла ву. Цо бахарехь, дуккха а ду и тайпа бахьанаш.

Манкиев: «ЧIираш алсамйовлуш юйла-м хаьа суна кхузахь. Шадерг а... шалхенаш ю-хьуна лелош ерш. Делан дуьхьа аьлла хIума лелош стагга а вац-хьуна. Нахе ма олий кхара, вай имане дахка деза, олий. Имамаш ду шаьш бохуш лела нах толуш ца хилча, толур дуй хьал? И девнаш дукха хилар-м Iедалан бехк буй. Суна хууш дуккха а масалш ду, Iедалан белхахоша нах а бойуш, иза тIемалошна тIе а тоьттуш».

Къаьсттина хьал талхораш Манкиев Баматгирина хета махкара низамхой. Цара нахаца яллочу къизалло латтадо хьал чолхе, боху цо.