Хьал ца хуучарна, бахархой шаьш, шайн лаамехь дIагулло а моьттуш, эзарнаш нах хуьлу Нохчийчохь дIахучу муьлххачу а гулам-синкъерамашкахь, цигахь Iедалан дай белахь-м, муххале а. Амма и сурт бакъдолчунна гена хилар дика го, Нохчийчохь Iар-дахар нисделлачу бахархошна.
Тахана Нохчийчохь къахьоьгуш мел болчарна, лоьраш, хьехархой биста кхаччалц – массо тIегIан белхошна, цкъа а цкъа спортаца бала кхаьчна боцчарна а дика хаьа, тIебогIучу бIаьстенан хьалхарчу баттахь буьрканах ловзуш йолчу «Терек» тобано шен цIахь, Соьлжа-гIалин Ахьмад стадионехь, хьаьнца, маса матч дIахьур ю. Ма-дарра аьлчи царна иза хаар тIедожийна Iедалдайша.
Цу Iалашонца массо Iедалан белхан меттигаш мел йолчу хьукхмат-урхаллашкахь хьаькамаша-куьйгалхоша дIаехьна , белхой кхетош-кхио гулам-цхьаьнакхетарш. Вуьшта аьлчи., «хIан-хIа» ала йиш а йоцуш, царна тIедиллина карабогIучу зазан баттахь кхузза Соьлжа-гIалахь футболе хьовсар.
Белхан меттигашкахь къинхьегамхойн дукха-кIезгалле хьаьжжина, эцар тIе а дожош, дIасадоькъуш ду билеташ а. Масала юьртабахаман директоран я коьртачу лоьран куьйга кIел 50 белхо велахь иза декхаре вина 10 билет эца а, шен чоьтахь и нах Соьлжа-гIалин стадионе кхачо а. Цунна и ахча мичара, муха дала деза бохург тидаме оьцуш дан а дац.
Футбол йоцуш, Iедалан балхахь мел болу бахархой декхарийла беш бу кхушара концерташка а оьхуш синмехаллаш йовза а. Билггал хаа а хууш, лоьрашна а, хьехархошна а, берийн цIийнашкахь а, кхечу меттигашкахь а болчу белхошна тIехь ду кхана-лама билетана 200 сом охьа а дуьллуш, дог дагIахь а, ца дагIахь а концерташка хьовса.
Тамашениг ду цхьана дена – белхахошна цига бахар тIедожочу хьаькамашна а, я цигахь хила безачу хьовсархошна а хууш дац цу концертехь иллиалархо мила хир ву я, хир ю. Бертаза хьажар тIедиллинчу футболах а, цу концертех а соьга дуьйцуш ю Соьлжа-гIалара белхо Разет.
Разет: «Футболан сезон йолалуш ю. КарабогIучу баттахь цIахь кхузза ловзур ю «Терек». Цига баха лаахь а,ца лаахь а, таро елахь а яцахь а цигахь хIоккхул нах хила беза аьлла, тIедожийна ду-кх Iедало. Нуьцкъала тIедожийна ду-кх . Шаьш билеташ а оьцуш. И ду-кх и таро елахь а, яцахь а бохург. Хьаькамаш цо билеташна ахча охьадилла дезаш а ду, цига баха нах лаха безаш а бу. ДIакхачо а беза.»
Маршо радио: Бертахь а, бертаза адам дIаозар еккъа цхьана футболе хилла Iай?
Разет: «Футболе эхийтана а ца Iа адамаш. Iай, шийлачу хенахь цирк еънера, Москвара. Лаахь а. ца лаахь хила беза аьлла билетан 200 сом а доккхуш бераш дигира цирке а. ХIан концерташка а кхуьйлу белхой церан лааме хьаьжжа а доцуш. Билет схьаоьцу хьан цига ваха йиш яцахьа, ахь хаьйан мета корта хилийта беза-кх».
Маршо радио: ХIан кхана Соьлжа гIала Оргтехника олучу гIишло чохь концерт ю боху. Шу а цигахь хила деза. Цига богIуш берш шуна муьлаш бу хаьий?
Разет: «Иза къайле ю. Хууш дац. Суна-м ца хаьа, масала. Бакъду, сайна дош хеташ, даго тIеоьцуш волчу иллиалархочуьнга ладогIа со-м гIур яра, хаза а хеташ. Ишта нуьцкъала тIедожош хилча, дуьхьало ян дог догIу.»
Соьца къамел динчу Разета дийцарехь, цхьа хьулам а ца беш Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь болчу хьаькамашка Iедалдайша дIахаийтина кхушара «Терек» тоба ловзучу массо «Ахьмад» стадион юьззина хьовсархой хила безаш хилар.
ТIедожоран кепехь и лакхара охьабаийтина омра-биллам бахьнехь догазаллаш а, резадацарш а хааделла тахана дуккха а Iедалан белхан меттигашкахь.
Масала цхьаболчу лоьраша а, Iедалан гIуллакххоша а, хьехархоша а хьаькамашка дIахаийтина, шайн ахчанаш чу а сецадойтуш цу кепарчу синкъерамашка шаьш лестар дац , шайн алапех кА а ца етташ, шайн болх бе, Iедалдайн тIедахкарш дIакхехьа лара ца лахь, даржаш охьа а дахкий, мукъадовла аьлла.
Шайн куьйга кIел болчу къинхьегамхошкара ахчанаш гул а ца деш,ларалур берш бу бац хаац, амма къастам боллуш ала ду, хIора а хьаькамо бан беза токхамаш кхин кIезиг а бац.