Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира пресс-конференцехь дIахьедина, Оьрсийчоь шен эскарш Украинина чу гIорто дагахь яц, аьлла. Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира, ша цигара керла Iедал къобал ца до, оьшуш меттиг хилахь оьрсийн эскарш цига хьажо бакъо а шегахь юьту ша аьлла.
„Украинехь конституцица боцу карчам а хилла, нуьцкъала Iедал дIа а лаьцна"- элира шинарий дийнахь шен Ново-Огареворчу резиденцехь, цIеххьана журналисташ схьа а гулбина, пресс-конференци еллачу Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира.
„Украинин халкъана хийцамаш беза, иза цуьнан бакъо ю, со цу лаамах кхета а кхета. Амма конституцица доцу, низамца догIуш доцу леларш къобалдан мегар дац“, - элира цо, Украинехь карарчу хенахь цхьа жоьлгаш вукху жоьлгашца хуьйцуш ю, аьлла, тIе а тухуш.
Амма уггаре а коьртаниг, журналисташна а, шина пачхьалкхенан, Украинин а, Оьрсийчоьнан а юкъараллашна а хаа луушдерг, кхин дара – Оьрсийчоь тIамца Украинина чугIуртур ю я яц, ГIирма ах-гIайре цуо ницкъаца схьайоккхур я яц.
Цу хаттарна Оьрсийчоьнан президента билгал жоп делира: хIан-хIа, Оьрсийчоь Украинерчу хьолана юккъе гIертар яц, ша цу махка эскарш хьажорах йолу планаш хийцина, аьлла. Бакъду, оьшуш хилахь я цигарчу наха орца Оьрсийчоьне доьхуш хилахь, и гIулч яккха бакъо шегахь юьту ша аьлла, тIе а тухуш.
Кхеташ ма-хиллара, доккха цхьа дакъа меттигерачу бахархойн Оьрсийчоьнехьа йолчу ГIирмера цу кепара орцан мохь кхачийта цхьа а тайпа хала Кремлана хир дац. Цу хьаштана шена муьтIахь йолчу ГIирман Радига цхьа официалан кхайкхам байтичхьана, Кремлехь цуо низаме лоруш долу бахьана хир ду, „Украинехь бехаш болу Оьрсийчоьнан бахархой ларбан“ аьлла эскарш чудига.
Ткъа ша ГIирманахь муха тIеэцна бахархоша Оьрсийчоьнан президентан дIахьедарш? Хийцаделлий теша цуо цигахь Оьрсийчоьнан эскарш хир дац аьллачул тIаьхьа цу эскарша дIалаьцначу хьукматашкахь я гIалин урамашкахь долу хьал?
Евзаш йолчу меттигерачу тележурналиста Халил Мавилес дийцарехь, шинари дийнахь боккъал а меттигера Радин а, министрийн кабинетан а гIишлош оьрсийн эскархоша йитина. Амма тIеман объекташ хIинца а дIалаьцна латтош ю.
Халил: „Оьрсийчоьнан президента „меттигера шаьш ларбаран эскархой“ аьлла цIе тиллина болу цуьнан эскархой ГIирмера арабовлуш бу ала цкъачунна йиш яц. ХIунда аьлча цара хьалха санна оккупаци йина латтош ю кхузара тIеман объекташ.
Бакъду, цара паргIат йитина ши гIишло – Лаккхарчу Ралин гIишлой, урхаллин гIишлой. Царна хIинца кхин бина гуо бац, я герзаш долу нах а бац цигахь хIинца. Амма ГIирман тIеман дакъош лаьттачу гIишлошна гуонахьа кхераме хьал лаьтта. Цундела хьал тоделла я тийна ала цкъачунна йиш яц. Цкъачунна хьалха санна кхераме лаьтта кхузара хьал“.
Оьрсийчоьнан президента Путин Владимирс оьрсийн эскарш ГIирманахь дац аьлла дIахьедар дира. Цигахь урамашкахь лелаш болу эскархой, наха оьрсийн лоруш болу, ткъа ма-дарра аьлча, цара шаьш а шаьш оьрсийн эскарера хилар хьулдеш а боцу, Путина меттигера жигархой бу элира, туьканахь тIеман духар а, герз а эцна, шайн мохк ларбала арабевлла болу.
Халил Мавилес и тайпа дIахьедар меттигерачу бахархоша кхардарца а, забаршца тIеэцна бохуш дуьйцу.
Халил:„Цо дина долу дIахьедар, и кхузарниш оьрсийн эскарш дац, уьш цхьа а шаьш ларбан арабевлла жигархой бу бохуш долу, иза кхузахь забаршца тIеэцца наха. ХIунда аьлча дукхахболчара шаьш цу эскархоша шаьш оьрсийн эскарера хилар, масала, Iаьржачу хIурдан флотера шаьш хилар, къайлахьош а дацара.
Иштта Путина аьлла долу дешнаш, муьлхачу а туьканахь духар а эцна, герз а эцна, оьрсийн салтех тарбала йиш ю хьеннан а бохуш долу, беларшца тIеийцира наха, хIунда аьлча, тамаша бу БТР машенаш цхьанна а туьканахь эцалахь-м. Цундела дуккхаъчеран шеконаш кхоллаелира, Путинс иштта аьлча, иза хьанал луьйш вуй теша бохучух“.
Цу юкъана Малхбузера политикаш керла некъаш лоьхуш бу, Оьрсийчоьнан Украиница болу хьежамаш а, леламаш а хийцийта ницкъ болу. Еарий дийнахь Брюсселехь вовшахкхетар болуш бу Евробертан пачхьалкхийн куьйгалхой, Украинера хьал а, Оьрсийчоьнера кхерамаш а бийцаре бан. Керла Украинин урхаллин куьйгалхо Яценюк Арсений а ву цига гIур волуш.
Иштта оршот сарахь Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министарша шайн сихонца дIадаьхьанчу цхьаьнакхетарехь сацам бира, еарий дийнахь дIахьон йолчу саммитехь Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш тIеоьцур ю, нагахь санна цуо шен эскарша ГIирмера юха ца дахахь, аьлла.
Немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмаер Франк Вальтеро, - ала дашна, хIинцалца схьа немцойн урхаллехь уггаре а Оьрсийчоьнгахьа узуш лоруш волчу, - элира цу хьокъехь: „ХIара вайна тIаьхьарчу иттех шарахь гинчарех уггаре а кхераме кризис ю“, - аьлла. - Шеко а яц, Оьрсийчоьно Украинехь лелош дерг цхьанна а кепара магон йиш йолуш хIума дац“, - аьлла тIе а тухуш.
Цу юкъана Iапказал дехьа а, Цхьанатоьхначу Штаташкахь цхьа могIа гIулчаш яьхна, Оьрсийчоьне шен болар хийцийтархьама. Иштта цу пачхьалкхено Оьрсийчоьнца йолу массо а эскарийн а, тIеман а цхьаьнаболхбарш сацийна, ГIирманера шен эскарш Москохано юхадахалца.
Иштта массо а Оьсрийчоьнца долу цхьаьнакхетарш а, саммиташ а, конференцеш а сацийна, лакхарчу хьукматхошна визангаш ялар сацор а, экономикан санкцеш Мосокхана дуьхьал яр а толлуш ду карарчу хенахь Вашингтонехь.