Украинина гонаха лаьтта баккхий къийсамаш болуш, Оьрсийчохь арадолучу «Комсомольская правда» газетина ша еллачу интервьюхь Хасбулатов Руслана дIахьедар дина, Севастополь а, ГIирма а 20 шо хьалха Оьрсийчоьнна дIаелла хила езаш яра, аьлла. Иза тIечIагIдеш, ша Оьрсийн Федерацин гIантда волуш тIеэцна сацамаш гайтина цо.
Ша Хасбулатов Руслан реза ца хилира, билггал хIинца и тайпа дIахьедар даран хIун бахьана дара бохучу, Маршо радионан хаттарна жоп дала.
Оьрсийн газетан корреспондентаца шен хиллачу къамелехь, Хасбулатовс дийцинера, 1992-чу шарахь Стигалкъекъа беттан 21-чу дийнахь ГIирман статус хийцаран документ кхолларх а, Севастополь-гIала Украинех дIа а къастийна, Оьрсийчоьнах дIатоха кечъеш хилла хиларх а лаьцна.
1991-чуй, 1993-чуй шерашкахь Оьрсийн Федерацин гIантда волуш тIеэцначу оцу сацамийн копеш хIинца а шегахь латтош ю цо. Уьш бакъ хиларан тоьшалла деш, шен куьг а яздина, «Комсомольская газетина» бакъо елла цо царна зорба тоха.
Хасбулатовс дийцарехь, Iилманан а, дипломатийн а юкъараллаша дехар динера Оьрсийн Федерацин лакхарчу Кхеташоне, «1954-чу шарахь Советан Iедалша ГIирма Украинина дIа а луш, цуьнан статус хийцарна бакъонийн мах хадабе» аьлла.
ХIетахь и гIуллакх чекхдала герга а дара, Йозуш Йоцчу пачхьалкхийн ДоттагIалла кхолладалале. Нагахь санна, Советан пачхьалкхана юкъара а евлла, ДоттагIаллин пачхьалкхаша кхечу, экономикан а, тIеман а, политикан а блокех ца кхеташ, барт ца бохош Iийнехь, и хаттар ша шех къасьтина хир дара, бохуш дийцина Хасбултаов Руслан оьрсийн газете.
ХIетахьлера Украинан президенте а, Лакхарчу Радин гIантдега Плющ Иване а Хасбулатов аьлла хилла, цо дийцарехь, «Советан пачхьалкх а йоьхна, шуна ша-дерриг кхаьчна. ХIинций дуьйна шун кхечу пачхьалкхашца уллера гергарлонаш чIагIдан дуьйлалахь, шуна ГIирмина дола дан бакъо ло берташ керстабан бахьана хир ду шуна.»
ШолгIа документ, 1993-чу шарахь Товбецан беттан 9-чу дийнахь къобалдина ду – Севастополан статусах лаьцна. Амма Оьрсийчоьнан президента Елцина а, арахьарчу гIуллакхийн министро Козырев Андрейс а дIатесира ГIирмица а, Севастополца а доьзна гIуллакх.
Цкъа делахь, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш ца талхо на, шолгIа делахь, масех бутт баьлча, Хасбулатовс урхалла деш хиллачу Лакхарчу Кхеташонан а, Елцинан а дов делира. Лакхара Кхеташо чохь хиллачу гIишлонна тIе яккхий тоьпаш етташ, Москохан урамашкахь цIий Iенаш, Хасбулатов а, кхин берш даржех а бухуш дирзира и дов.
Малхбузе а, Iамерка а ГIирма Оьрсийчоьнах тохаран хьокъехь Путина бинчу сацамна реза бац, амма бакъо оьрсийн президентехьа ю аьлла хета Хасбулатовна. Цигахь дIаяхьа кечъен референдум а нийса йоккхуш гIулч хета цунна.