ГIирма Украинах дIахадорна Оьрсийчоьнна догIу таIзар дустарехь Европаца ю Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ, элира Обама Барака, ша а, Голландин премьер-министра Рютте Марка а Амстердамехь журналисташна хьалха къамел деш.
«Де Воксрант» газетана жоп луш, Обамас бохура, «Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхеташ хила веза ша Украинаца лелаечу харцонан мах Оьрсийчоьнна экономикехь а, политикехь а эшамаш бохьуш юйла, амма Украинана коьрта ду Цхьанатоьхначу Штаташца а, Оьрсийчоьнца а, Европаца а гергарлонаш лардар».
Iамеркана мехала партнер а, дуьненца цо лелаечу юкъаметтигашкахь коьрта накъост а ю Европа, элира Обамас.
Оршоьтан сарахь Китайн лидерца Си Цзинпинца цхьаьана а кхеташ, зарратан кхерамзалла йийцаре ечу ХIааге ваха лерина вара Iаьмеркан Цхъьанатоьхначу Штатийн президент. Цигахь вовшахкехеташ бу G7-пачхьалкхийн куьйгалхой. Церан къамелехь хир ду Оьрсийчоьно ГIирма шех дIатохар а.