ХIинжа-гIалахь лаьцна цу гIалин мэр волуш, Iедалша бехк кховдийна, Москох лаьцначу Амиров СаьIидехьа вовшахтоьхначу митинган декъашхой. Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бечу хаамца, юкъараллин къепе йохорна бекхе а бина, полицин декъе кхачийна уьш. Лаьцнарг 22 стаг ву.
Лаьцначарна юкъахь ву «Новое дело» газетан корреспондент Юсупов Идрис а. Маршо радионан корреспонденташа бечу хаамца, митингехь дакъа лаьцна 500 стага. Митинге гулбелларш гIалин урамаш лаца гIерташ хиллера.
Даханчу шеран Мангал-баттахь лаьцна ву ХIинжа-гIалин мэр а, цу республикехь уггар Iаткъамечух политик а хилла волу Амиров СаьIид. Цуьнга бехк кховдийна, цо талламхо верна урхалла деш хилла хиларна а, теракт ян гIерташ хиларна а. Дон тIерачу Ростовехь цунна тIехь кхел йолор ю оршот дийнахь.