Дахначу шеран Охан-беттан I5-чохь IамеркарчуБостон-гIаларчу марафонехь ши эккхийтар хилира. 3 стаг вала а леш, ши бIе ах бIе сов нахана чевнаш йира. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедал тешна ду, и терроран тIелатар динарш ши ваша ЦарнаевгIар хиларх. Амма шо даьллачул тIаьхьа а цу шиммо и теракт йина хиларх ца тешарш а бу дукха бу.
26 шо долу Царнаев Тамерланий, цу хенахь I9 шо хилла цуьнан жимах волу ваша Джохарий – и шиъ вара Цхьанатоьхначу Штатийн Iедалхоша Бостонерчу терактана бехке леринарг. И шиъ вара, доллу дуьне теш а долуш, Голливудерчу кинофилмашкахь бен ца хуьлучу кепара, масех дийнахь, лайф эфирехь хаддаза дийцаре а деш, гIаланашкахула полицин бIеннаш белхахой тIаьхьа бевлла а болуш, эккхийна хилларг а.
Эххар а царех цхьаъ, воккхахволу Тамерлан, веллалца. Ткъа жимахволу Джохар лаццалц. Ткъа цуьнан лацар мел шеконечу хьелашкахь дара бохург а диц дан хала ду. Цкъа хьалха хаамийн гIирсаш коста даржийра, иза Iедалхошца герз дIасатохарехь вийна, аьлла.
ТIаккха хаам хилира, цуо ша шена юхьтIе герз тоьхна аьлла, иза леш ву, амма дийна виссахь а, иза мотт ца луьйш хир ву, аьлла.
ТIаккха даьржира, Царнаев Джохар цхьана жимачу катерчура араволуш гойтуш долу сурт, цкъа а цхьа а, мел турпал верг а, стаг, нагахь санна цуо ша шена юхь тIе герз тоьхнехь, вала йиш йоцучу кепара, цу катеран йиста тIехула леккха айбина ког а боккхуш, я цхьацца жим-тIом йолу махкаргаш ца йийчица, кхин хIара аьлла юхь тIехь чов а йоцуш.
Доцца аьлча, и ши ваша бехке кхайкхор а, царех цхьаъ вер а, важа лацар а цхьа тамашийначу шоу хьесапехь дIадаьхьна, дуккхаъчу гаррехьчу харцдерг дийцарца доьзна нисделира. Цундела а ду, и шиъ боккъаллаъ цу Бостонерчу зуламна нагахь санна бехке хиллехь а, дуккха а адам Iедалийн официалан версех ца тешар.
Официала версех ца тешачарех ву политолог Асхабов Хьамзат а, Бостонера терроран тIелатарх лаьцна хийла Малхбузерачу а, Оьрсийчуьрчу а хаамийн гIирсашна лаьцна яздина волу а, и хилам шен тергонехь латтош волу а.
Асхабов: „Бевдда боьлхуш болу нах лелхийтар – иза цхьанна а кепара Iедална я пачхьалкхана зе ца хуьлуш хIума ду. Хьо боккъаллаъ цхьана хIуманна резавоцуш я бекхамна араваьлла велахь, ахьа цхьана агIор хьайн мостагIа билгалаваьккхина я цуьнан салоццучу тоьхна хIума дийр ма дуй. Ткъа хIара я объект я субъект йоцуш хIума дара. И саннадолчу хIумнех дуьсуш дерг – иза политикашна политикан хьал шайна луучу агIор карзахъяккха аьтто хилар я шаьш кхиндолу хIума дечу хенахь, иза нахана дицдалийтар а, цунна тIера ойла нехан дIаяккхар а хуьлу. Ишттачех тера хьал кхузахь дерг а ду“.
ЦарнаевгIара и зулам ца динехь а, юкъера и шиъ къайлахчу сервисашна цу зуламна бехке харжар вуно говза, гIалат вала йиш йоцуш, дина хIума лору политолога Асхабов Хьамзата, хIунда аьлча, ма-дарра дийцича, я Нохчийчоь мичахь ю а, я иза муха ю а ца хууш, амма телевизионехула кест-кеста Нохчийчохь я нохчаша терроран акташ йина бохург хезаш болу нах и Бостонера зулам а нохчаша дина бохчух тешон атта хир ду.
Асхабов: „И шиъ харжар цара, шайн Iалашонашка диллича, нийса дина аьлла хета суна, ямартлоне ойланаш тидаме вай эцча. Оьрсаша нохчашна хIеттаъ-ветаъ и цIе кхоьллина яьлла ю – вуон хIума а, зулам а дийр долуш бу аьлла. Цундела и цIе кийча вайна тIехь йолуш а хилча, тIаккха и зулам а нохчаша дина бохучух нах тешон атта хир дара царна“.
Мотт ца луьйш висина аьлла кхайкхина волу Царнаев Джохар ша лаьцна дукха хан ялале вист хила а волавелира, цуо ша бехке хилар дацаре а дира. Шена дуьхьал теттинчу 30 бехбаран пунктаца хIара шо долалуш дIайолаеллачу кхелехь Джохара цхьанна а пунктана ша бехке вац элира. ХIетте а прокуратурано цунна дан йиш йолчех лаккхара таIзар – верца кхел яр – кхайкхадайта Iалашо ю шен аьлла дIахьедина.“
ЦарнаевгIера гIуллакхехь билгал I00 процентана и шиъ бехке вац аьлла чIагIдан йиш яцахь а, -официала версех цатешарий, цу версин гIийла агIонаш серлоне яхарий бен, - бакъдерг талламхошний бен ца хаарна, амма нагахь санна и гIуллакх таллар цхьажимма мукъане а юкъараллийна довзуьйтуш, схьадиллинчу хьесапехь Iамеркерачу Iедалхоша дIахьош делахь, тIаккха хIоранна а аьтто хир бара, бехке мила ву-вац ган, аьлла хета политологна Асхабов Хьамзатна. Спекуляцешна я хетар-моттаршна меттиг а ца буьсуш. Амма Цхьанатоьхначу Штаташкарчу Iедалхоша шайн таллам къайленехь латторо нехан шеконаш кхин а алсам йоху.
Асхабов: „Цара иза боккъаллаъ дина хиллехь, тIаккха ши бер схьа а лаьцна, уьш байъа ца бойъуш, я царех лаьцнаверг а нахана дIа а гойтуш, шаьш беш болу таллам нахана ган а беша а таро а луш хIума дийр дара аьлла хета суна. Амма церан дIагайта и таллам бац. Шеко йоцу таллам а, шеко йоцу тоьшаллаш а дац церан.
Цара иза деш хилча а, шаьш тIе а лаьцна, шайга цхьанна а кепара бохуш хIума а доцуш, я шаьшна еш гIело а новкъарло а йоцуш, шайга деша а доьшуьйтуш, шайна массо а агIор гIо а деш, я Iедало шаьш хьийзош а боцуш болу нах нехан барт чIагIбеш йолчу марафоне а бахана, цхьанна хIуманна бехк-гуьнахь а боцу нах лелхийтина, церан кхочушхила цхьа а Iалашо ца го суна“.
Бостонерчу эккхийтаршна бехкевечу Царнаев Джохарна еш йолу кхел дIаерза хIинца а гена ду. Амма цуьнан жамIаш довзаллалц цхьанна а низамца иза цу зуламна бехке ву аьлла чIагIдан йиш яц. Юкъаралло а, хаамийн гIирсаша а иза бехке хилар тIечIагIдина даьлча санна дийцаре дахь а.
Ткъа цу юкъана Бостонехь дIайолаелла кхушарахьлера марафон – теракт хиллачул тIаьхьа дуьхьарниг. Цигахь гIалийн дайша а, марафонехь дакъалацархоша а шо хьалха байъинарш а, лазийнарш а дагалоцур бу. Лерина цу Iалашонца Бостоне веана ву Цхьанатоьханчу Штатийн вице-президент Байден Джозеф.