Москохан уггар боккха сингаттам, Украина эххар а, НАТОн декъашхо хирг хиларца боьзна бу, аьлла Путина

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дIахьедар дина, Украинина тIехула Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш Малхбузенна бумеранган кепехь юхайоьрзур ю, аьлла.

Стигалкъекъа-беттан 23-чу дийнахь Петарбухерчу бизнесан форумехь вистхуьлуш, Европан Берто а, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а дуьненан экономикан кризис йолчунна тIе а талхош ю шайн санкцешца, элира Путина.

Путина критика йира Украинин хIинцалерчу Iедалшна, Украинина йоьхкинчу газах уьш ахча дIадала гуьнахь ца хиларна. Цо Киев бехке йира, Оьрсийчоьно Украинехула Европе тоттучу газах цо пайда оьцу, аьлла.

Ша къамел дина ваьллачул тIаьхьа, Путина дакъа лецира хаттар-жоп олучу сессехь. Цигахь, Стигалкъекъа-беттан 25-чу дийнахь Украинехь дIахьур болчу президентан харжамашкахь Украинин къомо бинчу харжаман ларам бийр бу элира Путина.

Цо бахарехь, Москохан боккха сингаттам, Украина эххар а, НАТОн декъашхо хирг хиларца боьзна бу.