Полисхо вуьйш дIаяздина видеокамеро

Нохчийчоь - Полицин белхахо вуьйш дIаязина видеокамеро, Соьлж-ГIала, 22Ман2014

КIирандийнахь белхан меттехь полисхо тапча а тоьхна полисхо вийнарг лохуш дара Iедал ерриг а Соьлж-ГIала а толлуш. Сарахьо бекхам бечуха полицино вийра ши стаг.


Карарчу хенахь Нохчийчохь дийцаре деш дерг цхьаъ ду - Ленинан кIоштехь некъан тIехула тесначу тIай тIехь, видеокамерша чухулу ган а гуш, олуш ма хиллара, тIе юьхьиг а таIийна, кIесалкIаг чу тапча а тоьхна, полисхойн белхо вер.

Шен балха тIехь вийнарг ву Теркйист кIоштан Бена юьртара 39 шо долу Дапаев Ахьмад. Официалан гIардаккхарца низамхочо цо лелочух шек а ваьлла, хIун мила ду хьажа сацийна хилла тIоьрмиг карахь волу жима стаг. Цуьнан тIоьрмиг зуьйш хIара воллуш, вукхо тIаьхьаша тапча а тоьхна, охьавиллина Дапаев Ахьмад, цул тIаьхьа шен тIоьрмиг а кхуьнан тапча а эцна дIавахна.

И зулам дина дукха хан ялале хааме даккхира Iедалдайша 10 миллион ахча диллина хилар куьг бехкениг схьавуьйцург, ткъа и схьалаьцначунна я дуьхьало еш вийначунна махкахь уггар сий-лараме лоруш йолу Кадыров цIарх орден а, кхин мехала совгIат а.

И вер-ваккхар нисделла йоккха юкъ ялале чоьхьарчу гIуллалкхийн министаралло зуламхо схьалацарна тIехьажийна «Вулкан» операциии а кхайкхийна, дIасадаржийна хила Дапаев тIе куьг айинарг ву аьлла шеко йолчуьнан суьрташ.

Ала догIу видеокамеро цуьнан юьхь-сибат вуно дика схьалаьцна хилар. Бахьана и делахь а, я низамхой каде хьовзар делахь а полисхо вийначу 22-чу диннахьехь сарахь герз а детташ Iоттабаккхам нисбелла Хьалха-Мартанан кIоштан Гехи юьрта чувуллучохь. Кехаташ зе дагахь сацийначу такси-машен тIерачу шиннах цхьамма герзаца дуьхьало ян йолийча и вен дезна полисхой боху официалан хьостано.

Къайлавала гIоьртина шолгIаниг, шечух гIуллакх хир доций а хиъна, ша иккхина. И стенна тIехь иккхина а, таксахочух хIун хилла, дийна висна а я вийна хууш дац. Цу кепара герзаца юкъаметтиг къастаяр бахьнехь яй чов йина цхьаъ лазвар доцург, полисхошлахь кхин зераш хилла дац бах чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло.

Байинарш муьлш мичара бу хиъна дийцарехь. Уьшшиъ ву Iалхан юьртара Магамадов Мохьмад а, Усманов Масхьуд а. Кху беттан 22-чу дийнахь де суьйренга лестича Iорабаьккхинчу хаамца цу шинах хьалхарчу вийна Соьлжа-гIалахь Дапаев Мохьмад, Ткъа шолгIаниг нацкъаро цуьнга хьожуш Iаш хилла. ХIун хилла цуьнга цу беса стаг веллал бехке? Цу тIе даьлча коьртах хIума а тоьхна дIа ца вахлора иза цIий а ца Iанош? И а ,кхин а хеттарш диллина дуьсуш ду.

Бакъдерг бакъ хила деза цу тамашеначу вер-ваккхаро дукха адам цецдаьккхарра-м стенна дуьйцуш карзахе ир-кара хIоттийна. Цунна тоьшалла гора Бена-юьртахь вийначу Ахьмадан ден Дапаев Мохьмадан кертахь . Велларг дIаверзийна шолгIа де делахь а чот йоцуш дукха, керта а ца хоьуш адам лаьтташ цу тезетахь. Цигахь дIаяздина хIара доIа-кадамаш бар.

Шен кIоштера вахархо верах шена хетарг довзуьйтуш ву циггахь тезетара нацкъар а ваьккхина ас вистхилар дехна Абзотов Нурди.

Нурди: « Со хилча меттехь цкъа дайна дацара суна оццул Iедалан белхой орца бевлла. Шайн хьаькамашций таттабелла схьабаьхкинера. Дала ял лойла царна.Оцу кепара маьIна доцуш стаг вер доккха хIума ду. балхахь волу стаг ишта вер, сан коьртахь тарлуш дац.

Уггар а Iаткъамениг хIун ду аьлчи- тIаьхьашца герз а тоьхна, бехк боцу стаг вер. Оццул бехк боцу, къинхетам а боцуш стаг вуьйш верг и хIун адам хила деза.цуьнан хIун да-нана хила деза. Шайн доьзал,гергарниш кхаба болх беш бу-кх и кегий нах .церан хIун бехк бу. Цхьана тIам тIехь,цхьана хенахь тIаьхьашка топ а тоьхна вайнехан стаг вуьйш Iедал хилла дац. ХIинцца хьо дIа ахка воьлча и зулам динарг а хир вац-кххьуна нохчо».

Шена схьахетарехь бохура соьца къамел динчу Нурдис тIаьхьий-хьалхий тIехIиттинчу тIемаша мохк хьакълагIе бохуьйтуш хIаллакбарал сов, эхьечу, осалчу, мегар доцчу агIор цхьа хIума хийцина вайнехан гIиллак-амалехь а,дахар тидарехь а.